Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Январь
2019

Новости за 29.01.2019

Президентан харжамашкахь дакъалаца дагахь ву ша аьлла Порошенкос

Radiomarsho.com 

Юха а президентан харжамашкахь ша дакъалаца лерина хиларх официалехь дIахаийтина шинаридийнахь Украинан президенто Порошенко Петрос. "От Крута до Брюсселя. Мы идем своим путем" аьллачу форумехь вистхуьлуш дина и дIахьедар президенто. Буьйцург бу 101 шо хьалха, 1918-чу шеран Дечкен-беттан 29-чохь, большевикашна дуьхьал Крута олучу эвлахь украинхойн тобнаша бина тIом. Нагахь ша президент харжахь, официалан кехат-дехар дийр ду ша аьлла Порошенкос, Украина Евросоюза юкъа яхийта аьлла.

Минаш ю ехкина аьлла, Оьрсийчоьнан 12 регионашка харц хаамаш кхаьчна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан 12 регионашкарчу 70 гергга объекташкахь минаш ю ехкина аьлла, хаам хилла шинаридийнахь, яздо оьрсийн информацин агеталлаша, ницкъаллийн структурашкарчу шайн хьостанашна тIе а тевжаш. Цхьа хаам бух болуш ца карийна аьлла, дIахьедо полисхойн дакъошкахь. ЦIарца боцу хаамаш кхечира Самаран, Оренбурган, Перман кIошташкарчу а, Удмуртерчу а, Башкирерчу а, кхечу регионашкарчу а административан хIусамашка а, школашка а, йохка-эцаран центрашка а, хаамбо зорбанаша. Оьккхуьйтурш ю ехкина аьлла... Читать дальше...

Бельтоевн дакъа дIалуш дац

Radiomarsho.com 

Шоьтан буса Аьрга-Хишкан йистехь Малгобекан кIоштара вахархо Бельтоев Мансур вийна карорах информаци тIечIагIйина билтойн тайпан Украинерчу векало, хаамбо "Кавказ.Реалии" портало. "Латархо вара иза, спортхо вара. ЦIеххьана вайра иза. Лехамашка веллера иза. Хьуьнчохь хилла хила а тарло, я "вайина" хила а мега. Дакъа схьалуш дац цуьнан", - аьлла къамел динчо. Иштта цо дийцина, стохка къайлахчу сервисаша Мансуран жимахволу ваша вийна хиларх а, ткъа церан йиша гIаттамхошна гIо латтийна ю бохуш, изолятор чохь латтош ю аьлла а. Читать дальше...



Титиевн адвокаташна жоп дала хан ехна прокуроро

Radiomarsho.com 

Талламан версица, бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан машенчуьра баьккхина боху наркотикаш чохь хилла тIоьрмиг тоьшаллаш тIеяздинчу тептарера дIабаккха аьлла, тIедожийначу Титиев Аюбан адвокаташна жоьпаш кечдан хан ехна шинаридийнахь прокуроро. Маршо Радионо яздира, Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочун гIуллакх стохка Товбеца-баттахь дуьйнна Шеларчу кхелехь луьстуш хиларх. Видеокамерийн техникан экспертиза а еш, Титиевгара марихуана йоккхуш хиллачух талламан эксперимент дIаяхьар доьхуш, адвокаташа... Читать дальше...

Тоьках даккхий декхарш гулделлачаьргара бахам а, машенаш а схьайохур ю аьлла нохчийн пурстоьпаша

Radiomarsho.com 

Дахначу шеран жамIашца а догIуш, Нохчийчуьрчу кхелан пурстоьпийн хаамашца, тоьках бахархоша тIехьарчийна декхар 142 миллион 560 эзар сом ду. "Нохчийн кхелан пурстоьпаша декхар гулделлачу 155  вахархочун хIусамашкара йийбар дIалаьцна, Оьрсийчуьра аравала дихкина 514 стагна, декхархойн машенашна регистраци яр сацийна", - хаамбо "Чеченэнерго" компанино. Цул совнах, 371 декхар волчун алапех хIора баттахь чусецош ахчанаш ду. Говзанчаша дIехьедо, гергарчу хенахь даккхий ахчанаш тIехьерчийначаьргара декхарна дуьхьал схьайохур ю церан машенаш... Читать дальше...

Башкирерчу кхелахоша таIзар дина Нохчийчуьрчу вахархочунна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу 21 шо долчу вахархочун дов хаьттинчул тIаьхьа шайн сацам бовзийтина Башкортостанерчу Баймакан кIоштан кхелахоша. Карладоккху, ГIадужу-баттахь  Нохчийчуьрчу бахархойн дов иккхинера Башкирехь Баймакан кIоштарчу Темясово эвлахь. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан меттигерчу урхалло бинчу хаамца, хилларг могIарера дар-дацар дара. Ткъа кхечу версица, дов доладелла хилла шаурма юхкучу кхачанан хIусамехь. Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша, вовшашна тIе а тевжаш, яздо цу чу хIума... Читать дальше...

Кадыровс кхерамаш туьйсу Украинерчу депутатна, ткъа цо ша кхоьруш вац аьлла Оьрсийчоьнан политикех

Radiomarsho.com 

Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн (ПАСЕ) делегацин декъахо, Украинан депутат Береза Борислав юкъахь волуш хиллачу скандале инцидентах лаьцна комментари йитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Карладоккху, дуьненаюкъарчу организацин хIусамехь Березас оьрсийн журналист Скабеева Ольга дIа а тоттуш, юьхьIаьржахIоттийнера. Телеграм-каналерчу шен агIон тIехь Кадыровс дIахьедина, Скабеева Ольга шена къинтIера яккха еза депутато, ца хуьлчу далахь, миччахь а цхьа бакъ волу къонахчо цуьнгара жоп доьхург хилар дIа а хьедеш. Читать дальше...

Дагестанехь лачкъийна вигинчу стагах 5 миллион дехна

Radiomarsho.com 

Дагестанехь лачкъийна вигинчу меттигерчу вахархочух пхи миллион сом дехна, иза дIахоьцург. Веа стага вигина ХIинжа-ГIалара вахархо аьлла, полицига дIахаийтина цуьнан гергарчара. Доьхучу ахчан цхьа дакъа дIалучу юкъанна ницкъаллийн структурийн белхахошна каравеана ахча даккха гIиртина шиъ. Цаьрца декъахь хилларш лоьхуш бу аьлла, хаамбо регионерчу Талламан комитето. Бехкзуламан гIуллакх долийна, амма лачкъийна вигинчун кхолламах хууш дац цкъачунна.

Москохара патриарх Кирилл Нохчийчохь хила лууш ву

Radiomarsho.com 

Нохчийчу а, ГIалгIайчу а, ишта Оьрсийчуьрчу ша цкъа а хилла воцчу кхечу регионашка а кхача Iалашо ю Москохарчу патриархан Кириллан. Ортодоксан килсан пресс-секретаро Волков Александра бина и хаам. "Оьрсийчоьнан ворхI регионехь цкъа а хилла вац патриарх. Цигахь а хила лууш ву иза. Ю царлахь Къилбаседанера регионаш а, масала, Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, ХIирийчоь, ишта Забайкалан кIошт а, Пермь а", - аьлла Волковс, "Россия сегодня" агенталлехь хиллачу пресс-конференцехь. Динан дайшца а, меттигерчу бахархошца а цхьанакхета лаам бу патриархан... Читать дальше...

Сунжа-кIоштахь дина тIелатар дуьххьара ду шо доладелчхьана

Radiomarsho.com 

Сунжа-кIоштарчу полисхойн постехь ши ницкъахо а лазош, тIелеттарг вуьйш хилла инцидент шо доладелчхьана дуьххьара ю Нохчийчохь. Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло оршотдийнахь хаамбира, шоьтан буса полисхошна динчу тIелатарх. Дийцарехь, Аьрга-хишкан (Серноводск) йистехь лаьттачу постна автомат йиттина, чевнаш йира шина ницкъахочунна, тIелеттарг тIаьхьо вийна карийра хьуьнчохь. ГIалгIайчуьра Бельтоев Мансур ву иза аьлла, зорбанашкахь йовзийтина цуьнан цIе.

Спорт в России и мире
Москва

Вокруг парка на электромобиле: что будет доступно напрокат в Москве


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Свёнтек разгромила Кырстю и вышла в 1/8 финала турнира WTA-1000 в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Москвичам рассказали, какие усадьбы столицы можно посетить для пикника





Путин в России и мире
Москва

Пашинян подготовил "подарок" Путину к его инаугурации. Запад будет доволен


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко заявил о желании построить в Белоруссии вторую АЭС




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Генсек НАТО прибыл в Киев: главные заявления Столтенберга и Зеленского


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Сергей Брановицкий

Кабинет Артиста – подключение и настройка на различных музыкальных стримингах.



Москва

Жителей столицы в воскресенье ожидает переменная облачность

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net