Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Январь
2019

Новости за 30.01.2019

ДаIишхойх яьккхинчу видео тIехь зудчо ша Казахстанера ю боху (Видео)

Radiomarsho.com 

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан векалш ду шаьш бохучу наха Шемахь зударий-джихIадхой кIелхьарабохуш яьккхина видео гайтина шинаридийнахь Францин France 24 телеканало. Хьиджаб тиллина, карахь бер долчу зудчо ша Казахстанера ю олу. Цул совнах, тIеман барзакъ доьхначу стага зударшна паспорташ дIасалуш гойтуш ду видео тIехь. "ГIиргIазойчоь" аьлла, къаьсташ тIехь яздина паспорт (ID-card) ду гойтуш документашлахь. И зуда дуьненчу яьлла шо а ду гойтуш: 1989 шо. Репортажан авторша къамел до Францера Шема яхначу цхьана зудчуьнца. Читать дальше...

Дин цхьаъ ду, амма гIиллакхаш цхьаьна ца догIу

Radiomarsho.com 

Мисарарчу аль-Азхар университетан студент ву Нохчийчуьра вахархо Iийса (цIе хийцина ю). Цуьнца цхьаьна цигахь доьшуш бу Къилбаседа Кавказера кхин а иттаннаш студенташ. Шен юьхь а ца гойтуш, бакъйолу цIе а ца юьйцуш, интервью яла реза хилира Iийса "Кавказ.Реалиина".



Миллион гергга соьмана курхалла дарна шеконашкахь ву гIалгIайн полисхо

Radiomarsho.com 

Харц хаамаш язбеш, документаш кечдина, пачхьалкхера 951 495 сом ахча даккхарна бехкево ГIалгIайчохь полисхойн декъехь болх бина вахархо, хаамбина талламчаша. Йолчу информацица, 2014-чу шеран бIаьста ницкъаллийн структурашкахь болх беш хиллачу цо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хIусаман комиссига документаш делла хилла, шена пачхьалкхан хIусаман сертификат доьхуш. Шен доьзалх хIоттийначу тептаре хIеттахь хIусам схьаэцна йиша а язйина хилла цо. 2014-чу шеран аьхка сертификат схьаэцнера цо. Ткъа талламбича къаьстина... Читать дальше...

Сунжа гIалин мэр хаьржина Албаков Мохьмад

Radiomarsho.com 

ГIалин мэр Албаков Мохьмад хаьржина Сунжа гIаларчу кхеташонан депутаташа шинаридийнахь. "Кавказский узел" агенталло яздинера, гIалин мэр хила шайн лаам хиларх кхаа кандидато дIахаийтарх. Евлоев Рашид а, Албаков Мохьмад а, Тумгоев Зеламха а вара царлахь. Сунжа кIоштан советан депутат, хьалхо "Ингушводоканалан" куьйгаллехь вара. Байначу беттан 29-чохь мэр лаьттинчу Цичоев Тимура шен лаамехь дарж охьадилличхьана, гIалин администраторан декхарш кхочушдеш вара Албаков.

Тоьхна хан яккха Нижний Тагилерчу набахте дIакхачийна Хамхоев Тимур

Radiomarsho.com 

Къизаллаш лелорна набахтехь даккха 7 шо хан тоьхна экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ) хьалхо хилла куьйгалхо Хамхоев Тимур Нижний Тагил гIаларчу колони кхачийна. Маршо Радионо яздира, Товбеца-баттахь Нальчикерчу кхело Хамхоевна а, цуьнца цхьана болх беш хиллачарна а хенаш кхайкхорах, лецначарна тIехь ницкъбарна. ЦПЭ-н куьйгалхочунна Хамхоев Тимурна 7 шо хан туьйхира, Центран декъан куьйгалхочунна Безносюк Андрейна 6 шо кхайкхийра. Хамхоевн гIовсна Хандогин Сергейна арахь даккха 3 шо делира... Читать дальше...

"Яндекс": Нохчийчуьрчу бахархойн гIенашкахь – Путин

Radiomarsho.com 

"Яндекс" компанино бинчу талламашца, Нохчийчуьрчу бахархошна дукха хьолахь гIенах Путин го. Бахархоша шайна гуш долу гIенаш толлуш, Яндексехула лоьхучу жоьпашна тIехь хIоттийна статистика ю иза. Цу бух тIехь зийна Яндексан говзанчаша, кеп-кепарчу регионашкарчу бахархошна гIенаш гар. Челябинскан кIоштарчу нахана метеориташ го, Курскан, Липецкан, Орловн, Рязанан а кIошташкахь динах гIенаш го. ГIирмерчу бахархошна хIорд, тулгIенаш, дельфинаш го, Ставрополехь бехачарна боча бIараш, туьркаш го, Москохан бахархошна метро... Читать дальше...

Оьрсийчуьра 46 урам Кадыров Ахьмадан цIарца бу

Radiomarsho.com 

"Яндексан" говзанчаша талламбина Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь а, ярташкахь а, хьенан цIераш лелайо цигарчу урамаша зуьйш. Мониторинган жамIашца, коьртачу декъанна урамаша лелайо пачхьалкхан юкъаралхойн, яздархойн, художникийн, Iилманчийн, революционерийн а цIераш. Дукхахдолу урамаш къастийна Ленинан, Гагаринан, Кировн, Пушкинан, Калининан, Горькийн, Чапаевн, Мичуринан, Марксан, Чкаловн цIераш лелош хиларца. Ишта "Яндексо" билгалдаьккхина, Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан цIарах пачхьалкхехь 46 урам хилар а. Читать дальше...

Бертаза Куьрчала цIанъян декхаре бина Нохчийчуьра бахархой

Radiomarsho.com 

Веданан кIоштарчу Куьрчалара бахархошна керла хьалайинчу хIусамашкахь белхаш берзо ши кIира делла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Бюджетан организацийн белхахоша латкъамаш бина, балхара дIадохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш, бертаза субботникашка ийзадо шаьш бохуш, яздо "Кавказский узел" агенталло. Шайн хIусамаш меттахIиттаяр а дехна, тIаьхьа цига цIа а бирзина, баха дуьхьал хиллачу махкахошкара кху беттан 24-чохь бехк баьккхира Кадыровс. Доккхачу декъанна юьйцург яра Веданан кIоштара Куьрчала. Читать дальше...

Бераш кхиош зударша чохь йоккху зама белхан хан ларар хьоьху Москальковас

Radiomarsho.com 

Балха араяла аьтто бойцуш, шен берашца чохь яьккхина зама белхан хан санна дIаязъяр хьехна Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас. ТАСС агенталло бина и хаам. "Бераш кхиош цIахь къахьегар зудчун белхан юкъара хан санна дIалара еза аьлла хета суна", - дIахьедо Москальковас. Ишта цо хьоьху зударшна генара болхбан магийтар а, нагахь доьзалан хьелашца доьзна и делахь. Белхан жамIаш хIуммаъ лах ца до оцу хьелаша боху Москальковас. Оьрсийчоьнан къинхьегаман министраллехь хьалхо хааме даьккхинера... Читать дальше...

Нохчийчуьра кхерамаш тийсина Кочетковна

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу вахархочо Басханов Iелас  "Оьрсийчоьнан ЛГБТ машан" куьйгалхочунна Кочетков Игорна кхерамаш туьйсуш видео шайн сайте яьккхина организацино. Видео тIехь тIеман барзакъ доьхначу, шен юьхь цахьулъечу стага боху Кочетковга, нагахь Нохчийчу хьо вагIахь, и хьан "тIаьххьара социйла" хир ю. ЛГБТ-н лидер "яккха цIе а йоцуш, дийца тайпа а доцуш боьха хIума ю" боху Басхановс. Хилла инцидент Iораяккха еза аьлла хета организацина. Хьалхо Кочетковс дIахьедар дира Оьрсийчоьнан Талламан комитете... Читать дальше...

МакГрегоран фанаташца латарна дисквалификаци йина Нурмагомедовна

Radiomarsho.com 

Лас-Вегасехь МакГрегор Конорца леттачул тIаьхьа хьовсархошлахь тасаваларна Невада штатерчу атлетикан комиссино исс баттана латарш юкъара ваьккхина Дагестанера UFC-н чемпион Нурмагомедов Хьабиб. Иштта декхаре вина иза 500 эзар доллар гIуда такха а. 50 эзар долларна гIуда а хьарчош, эхашарна дисквалификаци йина МакГрегорна а. Нурмагомедовн менеджеро Абделазиз Iелас нийсо яц аьлла, цу шинна тоьхначу гIуданийн башхалла. Делахь а комиссин сацамна латкъамбан дагахь яц Нурмагомедовн команда. Дахначу... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Вокруг парка на электромобиле: что будет доступно напрокат в Москве


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Полина Михайлова

Россиянка Полина Михайлова стала чемпионкой Франции по настольному теннису


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Экологические итоги недели: Миллиарды цикад покроют Америку





Путин в России и мире
Москва

Президент России Владимир Путин подтвердил проведение XVI Международного военно-музыкального фестиваля «Спасская башня»


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

«Набей им морду, покажи им, что ты настоящий белорус». Лукашенко о поездке спортсменов на Олимпиаду




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Цинизм зашкалил: Елена Зеленская повеселилась в Киеве с герцогиней Эдинбургской


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Концерт

Концерт «Стихи войны и мира. Баллада о своих»



Москва

112: певцу Денису Майданову диагностировали отек Квинке

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net