Туркойчуьрчу нохчаша Полшин Iедалхошка воьху Абдурахманов Тумсо
Полшин Сейман депутатан Качиньский Ярославан цIарах нохчийн блогер Абдурахманов Тумсона тIехIуттуш кехат дахьийтина Туркойчуьрчу нохчийн диаспоро. Цу тIехь яздо, байначу беттан 20-чохь Полшарчу миграцин хьукмато нохчийн политикан мухIажире Абдурахманов Тумсога цунна дуьхьал гIуллакх а доьллуш, иза Оьрсийчоьне дIавалар дуьйцуш хиларх хаамбарх. "Лараме Качиньский Ярослав! Карарчу муьрехь нохчийн къам шен исторехь а чолхе мур ловш схьайогIуш ю. БIеннашкахь эзарнаш маьрша нах бойуш, оьрсийн федералан эскаршца хилла тIемаш бахьана долуш... Читать дальше...