Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Январь
2019

Новости за 18.01.2019

Iамеркан пачхьалкхан департаменто Оьрсийчоьне кхайкхамбина, Титиев дIахеца аьлла

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департамент сингаттамехь ю, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешарна. Оьрсийоьне тидамбе аьлла, кхайкхабина цо, ЛГБТ-н векалшна Iедалхойн тIаьхьабовларна а, ишта тIедожадо Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхо Титиев Аюб маьршаваккхар а. "Оха тIедожжийна дехар до Оьрсийчоьне массо а бакъонашларъярхойн бакъонаш Iалашъяр а, харцонца лаьцна латтош мел верг, Титиев Аюб а цхьана, дIахецар а", - аьлла ду Iамеркан департаментан дIахьедарехь. Цкъачунна... Читать дальше...

Бахархой декхарх мукъабахар "нийсонца бина" сацам бу аьлла Каримов Iаьлвис

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь бахархоша газах тIехьерчийна шира декхарш дIадайарх вистхилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретар Каримов Iаьлви. "Тахана долчу хьелашка а, объективе хаамашка а хьаьжна, нийсонца тIеэцна сацам бу и", - аьллачу Каримовн дешнаш далийна "Новости" агенталло. Цо дийцарехь, хьесапаш дечу заманчохь тидаме эцна, и декхар тIехьарчаран бахьанаш. Маршо Радионо яздира, халкъ дуьхьал гIаттарна кхоьруш, Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело "Газпром межрегионгаз Грозный" организаци декхаре... Читать дальше...

Меттанаш лакъорна тIера расизман биста кхаччалц

Radiomarsho.com 

Алпаут Рамазан Оьрсийчуьрчу хьолах лаьцна хаам арахецна кегий къаьмнаш Iалашдарх йолчу дуьненаюкъарчу конвенцин консультативан кхеташоно. Оьрсийчоьнан Iедало 2016-чу шарахь еллачу информацин а, Кхеташоно 2017-чу шарахь Москох, Мурманскехь, Тюменехь, ГIезалойчохь, Краснодарехь бинчу талламийн а буха тIехь хIоттийна иза. "Idel.Реалиин" корреспонденто толлу Кхеташоно бинчу белхан жамIаш. Доккхачу декъанна документо довзуьйту Кхеташоно Оьрсийчуьра меттанийн политикаца доьзна дина зераш. Авторша... Читать дальше...



Нохчийчохь Мухьаммад Пайхамаран цIарах музей йоьллур ю

Radiomarsho.com 

СаIуда Iаьрбийчоьнан Паччахьаллехь цхьанакхетар хилла Нохчийчоьнан муфтин Межиев Салахьан Мухьаммад Пайхамаран цIарахчу музейн директорца Аз-Захраний Насирца. "Шина агIонан бартхилла бIаьста Нохчийчохь Мухьаммад Пайхамаран цIарахчу музейн филиал схьаелла", - хаамбо махкарчу Динан урхалло. ТIебогIучу заманчохь Рабби-уль -Авваль баттана лерина Соьлжа-ГIаларчу "Нохчийчоьнан Дог" маьждигехь хIиттор йолуш ю йоллу экспонаташ.

Австрера нохчий: Iедалхойн аьшпаш а, бакъдолу терахьаш а

Radiomarsho.com 

Австрино махкахбаха, гезбан болийна мухIажирш, шайлахь нохчий а болуш. Деношкахь нохчашна дуьхьал Iедало йолийна кампани бакъьеш Iедалан коьртачу координатро ХIофер Норберта элира, шайн пачхьалкхо еккъа цхьана Венехь кхобу 30 эзар нохчо. Долучул 30-за дестина довзийтир цо долу хьал. Социал оьцуш вац Венерчу 18000 нохчочух 2 эзар а.

Евкуров куьйгаллера дIаваккхар доьхуш Москох баьхкина гIалгIай

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран администраци баьхкина ГIалгIайчоьнан векалш - къано Барахоев Ахьмад а, бакъонашларъярхо Муцольгов Мохьмад а, Москох веха адвокат Ахильгов Калой а. Республикерчу 50 эзар вахархочо куьйгъяздина президенте кехат дохьуш баьхкина уьш. ГIалгIайн къаноша яздинчу кехат тIехь дуьйцу махкарчу ледарчу социалан-экономикан хьелех а, яьржинчу коррупцех а, низамаш талхош хиларх а. ГIалгIаша доьху: 1) нохчийн-гIалгIайн дозанаш хуьйцуш бина сацам юхабаккхар; 2) Евкуров... Читать дальше...

Красноярскерчу бахархойн декхарш а тIерадаха деза аьлла меттигерчу депутато

Radiomarsho.com 

Красноярскерчу депутато Притуляк Дениса шен Фейсбукерчу агIон тIехь пост хIоттийна, Красноярскан кIоштарчу бахархошна тIехь мел долу декхар дIадайар доьхуш. Нохчийчуьра бахархой протесте бовларна кхоьруш коммуналан декхар тIерадоккхуш ду Нохчийчохь аьлла, хаам баьржинчул тIаьхьа дина депутато и дIахьедар. "Вайн пачхьалкхерчу бахархоша дукха шераш ду хих, тоьках, газах, кхийолчу комманалах даккхий ахчанаш охьадохку. Кхи тIе а вай боккха пайда бохьу пачхьалкхана, дIалун кредитийн лакхара проценташ а цхьана. Читать дальше...

Нохчийчуьрчу Росгвардина телхина картолаш яр толлуш ду

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалахь куп тоьхначу Росгвардин эскархойн 46-чу бригадана "Дружба народов" комбинатера 30 тонн телхина картолаш ярна гIуллакх долийна Талламан комитето. РБК агенталло бина и хаам. Шен бакъонел а совваьлла, зулам дарна бехкевина Росгвардин  "Авангард" спецназан командиран гIовс Кондратьев Олег. Талламчийн версица, иза ву шен бакъо йоцушшехь, 30 тонн картол схьаэца аьлла, омра делларг. Цунна дуьхьал даьккхинчу гIуллакхан материалехь билгалдаьккхина, схьакхачийна картолаш телхина юйла цунна хууш дара аьлла. Читать дальше...

Японин хIорда тIехула вовшахкхетта ши кема

Radiomarsho.com 

Японин хIорда тIехула вовшахкхетта Су-34 тIеман ши кема. "Интерфакс" агенталло яздо цунах, тIеман министраллан официалерчу хаамна тIе а тевжаш. ПIераскан Iуьйранна радарашкара къайладевллера кеманаш. Шиннах цхьа Су-34 тIеттIакхеттачул тIаьхьа хIорда чу доьжнера. ШолгIачун, дийцарехь, ницкъ тоьъна охьахаа. Комсомольск-на Амур гIалина 17 километар генарчу Хурба аэропортехь гIуьттуш, шайн планаца а догIуш, дIасахехкалуш хиллера и кеманаш. Кеманхой дийна бисина.

Халкъ протесте даларна кхоьруш коммуналан декхар тIерадоккхуш ду Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Халкъ дуьхьал гIаттарна кхоьруш, Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело "Газпром межрегионгаз Грозный" организаци декхаре йина махкахошна тIера коммуналан йолах долу 9 миллиард сом тIерадаккха.  "Шуьйрра дIа а кхайкхош, декхар охьадилла дезашверг жоьпалле ийзоро иза дан амал дацарна холчахIоттаво. Оцу бахьаница ерриг юкъаралла сингаттаме кхачайо. Ткъа оцу хьоло сахьт дац бахархой протесте баха а", - боху терго ечу хьукматан пресс-гIуллакххочо. 2017- чу шарахь дуьйна буьйлабелира Соьлжа-ГIалахь газ дIахедо декхаршна дуьхьал. Читать дальше...

Магнитогорскера лелхийтарш шайна тIелаьцна даIишо

Radiomarsho.com 

Магнитогорскерчу цIа чохь а, такси чохь а динчу лелхийтарх жоьпалла шайна тIелаьцна Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано. Iарбойн Al Naba газетан информацех пайда а эцна, Iорабаьккхина и хаам террорхойн тобанийн жигараллана тIехь терго латточу SITE Intelligence Group организацино. Directorate 4 телеграм-канало и хаам тIечIагIбеш, зорбане яьккхина Al Naba газет тIера артиклан текст. Цу тIехь бакъдо, даIишхойн агIончаша оцу цIа чу йиллина хила тарло оьккхуьйтург аьлла. Теракт динчеран кхерамзалла... Читать дальше...

Мохьаммад Iелин цIе тиллина Iамеркарчу аэропортна

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкарчу Кентукки штатехь хилла Луисвилл аэропортна Мохьаммад Iелин цIе тиллина. Аэропортан куьйгалло а, гIалин мэрино а тIечIагIбина и сацам. Еаридийнахь 77 шо кхочур дара гоьваллачу боксеран. Иза дуьххьара вара дуьненан чемпион цIе кхузза яьккхинарг. Ша къона волуш дуьйна а расизм емалъеш а, Вьетнамерчу тIамна а дуьхьал вара иза. Шен спортан оьмарехь дуккха а политикашца, дуьненан лидершца гергарлонаш лелийна, Iамеркан Штатийн муьлххачу а гIалахь а, юьртахь вевзаш стаг а вара иза. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о строительстве спортивных объектов


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Новак Джокович

Шикарный и практичный стиль Елены Джокович из базовых вещей


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Экологические итоги недели: Миллиарды цикад покроют Америку





Путин в России и мире
Москва

Дугин в интервью Такеру Карлсону: "Путин — это традиционный лидер"


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

«Набей им морду, покажи им, что ты настоящий белорус». Лукашенко о поездке спортсменов на Олимпиаду




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Цинизм зашкалил: Елена Зеленская повеселилась в Киеве с герцогиней Эдинбургской


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Николай Басков

Басков рассказал, что предпочитает гостевой брак и девушек не моложе 28 лет



Москва

Житель Узбекистана осужден на пять лет за оскорбление президента страны Мирзиеева из-за участия в параде Победы в Москве

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net