Бейдер Райана 34 секундехь охьавожийна Емельяненко Федор
Оьрсийчуьра ММА латархо Емельяненко Федор эшийна "Гран-при Bellator" турнирехь Iамеркхочо Бейдер Райана. Емельяненкос дита мегаш ду кхин дIа а латаран турнирашкахь дакъалацар. Латар хилла кIиранан буса Лос-Анджелесехь. Байдера хьалхарчу раундехь 34 секундехь хенал хьалха толам баьккхина. Iамеркахочо, буй тоьхна Емельяненко оха а вожийна, буйнаш беттар юкъахдаьккхина реферис. Оьрсийчуьрчу спортхочунна лоьрийн гIо эшна латар чекхдаьлча. РИА Новости агенталло бинчу хаамца, Емельяненко меттавеана, цуьнан проблемаш яц могашаллица.