Соьлж-ГIала доьду кема юхадерзийна "Внуково" аэропорте
Нохчийчоьнан коьртачу гIала Соьлж-ГIала доьду некъахойн кема юхадеана Москох "Внуково" аэропорте. Бахьана ду техникан кхачамбацарш хилар, хаам бо РЕН ТВ телеканало.
Инцидент хилла «Ютэйр» компанин лайнерца, тахана, Дечкен-беттан 27-чохь. Болчу хаамца, болх бечура сецна хилла кеманан электросистема.
"Внковохь" кема охьахиина, мехкадаьтта дагийначул тIаьхьа. Некъахой Соьлж-ГIала дIакхачийна кхечу кеманца.