Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Январь
2019

Новости за 03.01.2019

Магнитогорскехь динарг теракт ду бохуш, чIагIдо зорбанашкахь

Radiomarsho.com 

ТIехаьрцинчу цIийнан бухахь бисина нах хьалабохуш йолийна операци йоьрзуш ю Магнитогорскехь. ТIаьххьара хиллачух официалан верси хIинца а кхайкхонза ю. Ишта Оьрсийчоьнан талламан комитето цхьана а кепара луш комментари яц,  кхо стаг а леш, "Газель" машен эккхийтарх а. Znak.com гIирсо, шайн ницкъаллийн структурашкарчу хьосташна тIе а тевжаш яздарехь, гIали чохь хилла ши инцидент цхьаьна юзу. Делахь а, официалехь информаци тIечIагIйина яцахь а, Znak.com  гIирсан къайлахчу сервисашлахь долчу хьосташа бакъйо динарг теракт хилла боху верси.

Некъан низамаш талхочаьргара дохучу гIуданех некъаш тодийр ду

Radiomarsho.com 

Шо карадеачхьана Оьрсийчохь некъан низамаш дохочу машенлелорхоша токху гIуданаш регионерчу некъан фондашка дIа а кхачош, некъаш тодан а, керланаш дахка а хьажор долуш ду. Пачхьалкхан Думан транспортан а, гIишлошъяран а комитетан декъехь волчу Афонский Владимира бина и хаам. Цо бахарехь, регионера некъан фондаш дIаюза а, доьхна некъаш юхаметтахIиттон а Iалашонца юкъадоккхуш ду и низам.

СаIуда Iаьрбийчохь листа долийна Хашогги веран гIуллакх

Radiomarsho.com 

Журналист Хашогги Джамал вер талла долийна СаIуда Iаьрбийчохь. Бехкевен 11 стаг а, церан адвокаташ а бара ладегIаршкахь. Царех пхеанна бойуш кхел кхайкхор дехна. Туркойчуьрчу шайн белхан накъосташкара уликаш а, тоьшаллаш а кхачаре хьоьжуш бу СаIудера талламчаш. Шеконашца лецначаьрга бартхаттар ду дIахьош, яздо Bloomberg агенталло. The Washington Post газетан колумнист Хашогги Джамал вийра ГIадужу-беттан юьххьехь Истанбулерчу консулаллехь. ТIаьххьарчу шерашкахь Эр-Риядан Iедалхошна шога критика йора цо. Читать дальше...

Парижерчу Лувран рекорд: 10 миллион стаг хилла музейхь дахначу шарахь

Radiomarsho.com 

Дахначу шарахь Парижерчу Лувр музейс рекорд хIоттийна. 10 миллион стаг чекхваьлла цуьнан хIусамашкахула. 25 процент лакхара ду гойту терахь, 2017-чу шарца дуьстича. Лувран директора Мартинез Жан-Люка динчу дIахьедарца, дуьненчуьрчу цхьана музейн дац цу кепара жамIаш. Доккхачу декъанна музей чохь хилларш кхечу пачхьалкхашкара нах бу – Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкара а, Китайра а. Лувро кхул хьалха хIоттийра рекорд 2012-чу шарахь.  9,7 миллион стаг хилира цуьнан гIишло чохь. ХIетахь музейхь Исламан искусствон дакъа а диллина... Читать дальше...

Манчестерехь тIелеттарг ша цхьаъ хилла аьлла полицино

Radiomarsho.com 

Керлачу шеран буса Манчестерехь уьрсаца кхаа стагна чевнаш йина зуламхо ша цхьаъ хилла аьлла, Iорадаьккхина Британин полицино. Делахь а, Reuters агенталло хаамбарехь, полисхоша толлуш ду, хьаьнца уьйрашкахь хилла тIелеттарг. Официалехь терроран акт санна толлуш ду Манчестерехь дина тIелатар. ДIалаьцна ша зуламхо а. 25 шо долу жимстаг хилла иза. Психикаца проблемаш йолуш хила тарло тIелеттарг аьллера полицино. Могушаллина талламбан дарбан хIусаме хьажийна иза. ЦIерпоштан станцехь урс даьккхина... Читать дальше...

Москох лаьцначу "шпионна" тIевитина Iамеркан векал

Radiomarsho.com 

Шпионалла лелош хилла аьлла, оьрсийн Iедалша дIалаьцна, "Лефортово" олучу изолятор чохь латточу Уилан Полна тIевитина Iамеркан Оьрсийчуьра векал Хантсман Джон. Iамеркан пачхьалкхан департаментан пресс-секретаро бина и хаам.  Пачхьалкхан секретаро Помпео Майка кхааридийнахь дIахьедира, катоххий Уилан маьрша а ваккхий, иза лацаран бахьанаш шайна довзийта аьлла, Iамерко Оьрсийчоьнан Iедалшна тIедожорах. Байначу беттан 28-чохь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша лаьцна Уилан. "Шпионаж" аьллачу артиклца бехктакхаман гIуллакх долийна цунна дуьхьал. Читать дальше...

Магнитогорскехь охьахаьрцинчу цIийнан бухара 37 дакъа хьаладаьккхина

Radiomarsho.com 

Магнитогорскехь чухаьрцинчу цIийнан херцаршлара 37 дакъа хьаладаьккхина. Царех 22-ннан чалхаш евзина церан гергарчарна. Челябинскан кIоштан орцан министраллан пресс-гIуллакххоша бина и хаам. Деллачу 6 берах кхоъ бен девзина дац. Орцанхоша белхаш кхи дIахьош бу. Дийцарехь, оцу петар чохь эккхийтар хуьлучу заманчохь кхин а диъ адам.  Орцан министраллан белхахоша чIагIдарца, херцарш луьстуш, нах лоьху болх еа рожехь дIахьош бу. Леринчу техникаца йовхо латтош ю херцаршна бухахь. Буьйсанна 20 градус шело лаьттар йолуш ю Магнитогорскехь. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Легионер "Локомотива" Ньямси: в Москве жизнь дешевле, чем в Париже


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Названы победительницы матчей Рыбакиной и Путинцевой за четвертьфинал турнира в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Ключевой аспект успеха: как построить долгие и хорошие отношения с клиентом





Путин в России и мире
Москва

Собянин: к 2030 году на долю Москвы придется 35–40% туристов в России


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

«Набей им морду, покажи им, что ты настоящий белорус». Лукашенко о поездке спортсменов на Олимпиаду




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Генсек НАТО прибыл в Киев: главные заявления Столтенберга и Зеленского


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Майкл Джексон

Ему сделали 9 операций! Вот Мюрат Джексон



Москва

Экс-агент Джонсон: РФ унизила Запад, выставив расстрелянную технику НАТО в Москве

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net