Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Январь
2019

Новости за 14.01.2019

Бутт карабеачхьана герз дийлина конфликташлахь виъ вийна, 2 лазийна

Radiomarsho.com 

Шо карадеачхьана кху беттан 9-чу дийнера 13-че кхаччалц Къилбаседа Кавказехь герзаш дийлина 4 стаг вийна, 2 чевнаш йина. "Кавказан узел" агенталло шайн материалаш а, кхечу йиллинчу хьостийн артиклаш а листина бинчу талламан зераш ишта ду. Байинчарлахь ву Дагестанера гIаттамхой хилла аьлла, билгалваьккхина кхоъ, важа ГIалгIайчоьнан полицин белхахо хилла. ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а полисхошна тIелатар Дахначу пIераскандийнахь Дагестанан некъан полисхойн постна тIелеттера машенахь воьду кхо стаг... Читать дальше...

Пийсиг хьокхуш хинкеманца къийсалучу спортхоша кечамаш бийр бу Къоьзан-IамтIехь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Олимпикан пийсиг хьоькхуш хинкеманца къийсалун спортхой 35 шо даьллачул тIаьхьа дуьххьара гуллуш бу Нохчийчуьрчу Къоьзан-Iам тIехь. ТАСС агенталле бина цунах хаам курортан директоро Успанов Юнис. "Оьрсийчоьнан 50 спортхочо хIинцале а дIайолийна тренировкаш тхан курортан декъа тIехь. КарабогIучу беттан 4-чу кхаччалц тоба вовшахкхетар ю. Пийсиг хьоькхуш хинкеманца къийсалучу спортхошна лерина йина яра "Къоьзан-Iам" база. Ткъа хIинца 35 шо даьллачул тIаьхьа, ала мегар ду, уьш шайн цIа баьхкина", - аьлла, Успановс. Читать дальше...

36 керла маьждиг схьадиллина 2018-чу шарахь Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Карарчу заманчохь Нохчийчохь дерриг а 1101 маьждиг ду. Мехкан муфтиятан зерашца, 200 гергга маьждиг керла дина ду, я юхаметтахIоттийна регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан чоьтах. Кху шарахь кхин а кхо маьждиг дIахIоттийна фондан ахчанах. Иштта Нохчийчохь болх беш ду 130 зиярат, шен лицензи а йолуш 14 хьуьжар, хафизийн 6 школа а, 599 бусулбачийн кешнаш а. Хьалхо хааме даьккхинера, дахначу шеран ГIадужу-бутт бовш Соьлжа-ГIала чувуллучохь керла маьждиг дан долийна аьлла. Дийцарехь, 5 эзар стаг чутарлуш хир долуш ду иза.



Юха а премьер-министр хIоьттина Пашинян Никол

Radiomarsho.com 

Эрмалойчоьнан президентан Саркисян Арменан омраца пачхьалкхан премьер-министран даржехь чIагIвина "Мой шаг" блокан лидер Пашинян Никол Пашинян. Министрийн кабинет дIахецначул тIаьхьа премьер-министран декхарш кхочушдеш вара иза. Президентан официалан сайтехь зорбане яьккхина омран текст.

Германига тховкIело йоьхучийн терахь лахделла догIу

Radiomarsho.com 

Германига политикан тховкIело йоьхучийн терахь лахделла гойту кхоалгIа шо а ду. Дахначу шарахь миграцин, мухIажирийн Федералан хьукмате тховкIело йийхира 186 эзар кхечу пачхьалкхийн бахархоша. 2017-чу шарца дуьстича, 16, 5 процентна кIезиг ду терахь, хаамбо кIирандийнахь немцойн Bild am Sonntag хьостано. Германин арахьарчу гIуллакхийн пачхьалкхан секретарна Тайхман Хельмутна хетарехь, миграцин хаттарехь хийцамаш билгалбевлла. "2015-чу шарахь Iаламат дукха бара чуоьху мигранташ, ткъа тахана гучу суьртаца... Читать дальше...

"Кадыровн Нохчийчоь – Путина кхоьллина бер"

Radiomarsho.com 

Закаев Ахьмад: федералех нохчий къелхьарбаьхна волчу Кадыровца гома бу оьрсий БIеннаш эзарнаш нохчий а санна, шина харц тIамо эшамбиначех ву ша Кадыров Рамзан а, боху "Кавказ.Реалиина" ша еллачу интервьюхь Ичкерин дозанал арахь куп тоьхначу Iедалан премьер-министро Закаев Ахьмада. Политик тешна ву, Кадыровна, иза шен халкъехьа латтар ца ловш, хаамийн гIирсаш дуьхьалбаьхна хьийзарш Оьрсийчоьнан инарлаш хиларх. КадыровгIарна - Нохчийчоь, цаьргара - муьтIахьалла – Ахьмад, Соьлжа-ГIалина штурм йина 24 шо кхаьчна. Читать дальше...

Туркойчоьнна дихкина Трампа Шемарчу курдашна тIелатар

Radiomarsho.com 

Твиттерерчу шен агIонехь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда хаамбина, Шемара пачхьалкхан эскарш арадаха долорах. Ишта цо билгалдаьккхина, оцу юкъанна Шемахь йисинчу "Исламан пачхьалкх" шех олчу тобанийн позицешна тIе тохарш дийр ду аьлла. Трампа шога ларло аьлла Туркойчоьне, Шеман Къилба Малхбалерчу кIошташна тIехь контрол латточу, джихIадхошца къийсам латторехь шайн агIончаш болчу Шеман курдашна тIелатарх. Туркойчоьно дукхахйолу курдойн организацеш террорхойн санна лору. "Дукха хенахь дуьйнна дийца долийна... Читать дальше...

Туркменистанан президент телевизионан хаамашкахь масазза хьахийна дагардина

Radiomarsho.com 

Туркменистанан президент Бердымухамедов Гурбангулы меттигерчу телевизионан коьрта ньюсмейкер хилла ца Iа. Дикачу агIор бен ца йоккху Аркадаган (урхалхочун) цIе. Президентан балхах, я Iедалхойн гIуллакхех лаьцна сюжет яцахь а, Бердымухамедов ца хьахош йоьрзуш яц меттигера эфир.



ГIажарийчохь кема доьхна, велла 15 стаг

Radiomarsho.com 

Оршотдийнахь киранан кема доьхна ГIажарийчохь. ТIаьххаьрчу хаамашца, 15 стаг велла, цу кеманчохь хиллачу 16. ГIажаройн "Фарс" агенатллан информацица, пачхьалкхан тIеман ницкъийн кема дара иза. ГIиргIазойчоьнан коьртачу шахьарера Бишкекера жижиг дIахьош доьдуш хилла и "Боинг-707" кема. ГIажаройн Фатх аэропортехь охьадусучу заманчохь доьхна и. Дийцарехь, дохк хIоьттина хиларна аэродромехь тиллачу летчикаша луларчу аэропортехь охьадосина хилла шайн кема. Шен асанел а дехьа а хахкаделла, цхьана дуьхьалонех а кхетта, иккхина кема. Читать дальше...

Iедалан куьйгаллехь болчарна реза бац Оьрсийчуьра 53 процент бахархой

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан ах сов бахархоша (53%) Iедалхойн куьйгалла хийца лаам хиларх дIахаийтина, ткъа 40 процент реза бу цунна. "Левада-центро" байначу баттахь бинчу талламан жамIаш ишта ду. 2016-чу шеран гурахь министрийн кабинет дIасахеца реза ду шаьш аьллера бахархошлахь кхоалгIачу декъо. 57 процент бахархошна хетарехь, Iедалхой гунахь бац мехаш тIекхетаран а, бахархойн алапаш лахдаларан а проблемаш листа. Ткъа 46 % тешна бу, бахархошна белхан меттигаш латто ницкъ ца тоьа церан аьлла. 43 проценто дIахьедина... Читать дальше...

Университетан студентийн кисана шаьш ца кхийда аьлла доьшийлан проректоро

Radiomarsho.com 

Нохчийн пачхьалкхан университетан куьйгалло жоп делла, шайн студенташкара ахчанаш чусецадо аьлла, дехкинчу бехкашна. "Чечня Сегодня" агенталлан корреспонденташа къамел дина доьшийлан хьалхарчу проректорца а, студентийн профкоман куьйгалхочуьнца а, студенташца шайца а, яздо меттигерчу хьосто. Ши де хьалха Интернетан машанехь керла хаам баьржира- нохчийн студенташ меттигерчу Iедалша коррупцин системи юкъаийзабо аьлла. Нохчийн пачхьалкхан университетан хьалхарчу проректоро Киндаров Заура дIахьедина агенталле... Читать дальше...

Гриппан ун даьлла мандаринаш чукхоьхьу бохург бакъ ца дина Роспотребнадзоро

Radiomarsho.com 

Гриппан вирус хьакхаелла мандаринаш ю чукхоьхьуш аьлла, цхьа могIа регионашкарчу социалан машанашкахула а, мессенджершкахула а яьржина информаци бакъ яц аьлла, дIахьедина Роспотребнадзоро. Ларамазечу хьостийн информацех теша мегар дац аьлла санитаран урхаллан говзанчаша. Йохка-эцархоша яржочу продукцех нагахь шеконаш кхоллалахь, меттигерчу Роспотребнадзоре хаамбе аьлла. Шагахьара урхалло планехь а, планехь доцуш а талламаш дIахьо туьканашкахь а, базарашкахь а духкучу стоьмийн. Ишта хьоьху санитаран... Читать дальше...

Регионехь юха а ЛГБТ-н векалшна ницкъбо бохург бакъ ца дина Каримовс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан пресс-секретаро Каримов Iаьлвис "дезинформаци" ю аьлла, регионехь ЛГБТ-н векалш хьийзош бу бохуш, "Новая газетано" керла Iораяьккхина информаци. РБК агенталлана еллачу интервьюхь дина Каримовс цунах дIахьедар. "Литературан маттахь аьлча, и дерриге а бакъ дац, и дезинформаци ю. ТаIзар кхочушдаран федералан урхаллан (ФСИН) системана юкъахь йоцу набахтеш Нохчийчохь яц", - аьлла Каримовс. Кардалоккху, карарчу беттан 11-чохь "Новая газетано" хаамбира, Нохчийчохь... Читать дальше...

Кхелехь харц тоьшаллаш дарна жоьпе озийна Нохчийчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу Ленинск кIоштан Талламан комитетан декъо бехктакхаман гIуллакх айдина меттигерчу 56 шо долчу вахархочунна дуьхьал. Иза бехкево, ша дой а хуушшехь, харц тоьшаллаш далорна. Талламчаша чIагIдарехь, чохь бехаш нах боцчу гIишлон долахо къастош, Ленинск кIоштан кхело теше санна хеттарш дан валийначу цо кийтарлонаш лелийна хилла. Хеттарш дан буьйлабалале, кхелахоша дIахьедина а хиллера цуьнга, нагахь харц тоьшалла дахь, бехкзуламан жоьпалла тIедожор ду аьлла.

ГIалгIайчуьра полисхойн батальон Шема хьажийна

Radiomarsho.com 

Шоьтадийнахь ГIалгIайчуьра тIеман полицин батальон Шема яха новкъаяьлла. Лерина декхарш тIе а дехкина, хIинца 4-гIа хьажийна полисхой тIеман конфликт лаьттачу оцу пачхьалкхе, хаамбина регионан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Ишта цо билгалдаьккхина, ГIалгIайчуьра эскархой Шеман пачхьалкхо даим а хестош ша дозалла деш хилар а, цара гIоьналлин миссешкахь дакъалоцучу репортажашка ша хьежар а, уьш даймахка юхабогIучу заманчохь дозаллица ша тIеэцар а.   Оппозицин "Шеман демократин ницкъийн" векалша кIирандийнахь дIахьедина... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Вокруг парка на электромобиле: что будет доступно напрокат в Москве


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Полина Михайлова

Россиянка Михайлова стала чемпионкой Франции по настольному теннису


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Ключевой аспект успеха: как построить долгие и хорошие отношения с клиентом





Путин в России и мире
Москва

Президент России Владимир Путин подтвердил проведение XVI Международного военно-музыкального фестиваля «Спасская башня»


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Мэр Киева Кличко рассказал о попытках встретиться с Зеленским лично


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Валерий Гергиев

Оркестр Мариинского театра под управлением Валерия Гергиева выступил в Нижнем Новгороде



Москва

В ОАЭ появились горящие туры для россиян по низким ценам: можно дёшево отдохнуть с вылетом в ближайшие дни

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net