Минаш ю ехкина аьлла, Оьрсийчоьнан 12 регионашка харц хаамаш кхаьчна
ЦIарца боцу хаамаш кхечира Самаран, Оренбурган, Перман кIошташкарчу а, Удмуртерчу а, Башкирерчу а, кхечу регионашкарчу а административан хIусамашка а, школашка а, йохка-эцаран центрашка а, хаамбо зорбанаша.
Оьккхуьйтурш ю ехкина аьлла, анонимехь телефонаш йиттира дахначу а, карарчу а кIиранчохь иттаннашка школашка а, берийн бошмашка а, дарбан хIусамашка а, нах бехачу цIеношка а, йохка-эцаран туьканашка а. Амма цхьанхьа а кхерам хаабелла бац.
Социалан объектийн электронан почтехула а, полицин дакъошка хьийзийначу анониман горгалица а дIакхачош хилла информаци. Низамца а догIуш, хIора хаам зен безаш бара полисхоша.
