Дозанаш къасторан бахьанаш дийцина Кадыровс
- Кхузаманахь, 21-чу бIешарехь пачхьалкхан куьйгалло сацам бина дозанаш билгалдаха, буьззинчу барамехь территореш къасто. Нагахь тIеман хаьл кхайкхо оьшуш меттиг нислахь 100 процентана координаташ хаийта. ХIора регионна оьшуш ду иза. И хаттар сихонца дIедерзар регионашна гIоле ду, - аьлла Кадыровс Нохчийчоьнан парламентан гIантдеца Даудов Мохьмадца шен хиллачу кхеташонехь.
Цу цхьаьнакхетарх лаьцна видоматериал гайтина «Грозный» телевизионо шен эфирехь.
