Цхьана шарахь 10 эзар стаг тIекхетта Нохчийчохь
Росстато далочу терахьаша гойтург ду гIаланашкахь бехачу нехан терахь алсамдаьлла хилар 4 125 стагана. Дечкен-беттан 1-чу дийнахь лаьрча Нохчийчуьрчу гIаланийн бахархойн терахь ду 509 эзар 429 стаг. Эвланашкахь бехачу нехан терахь тIекхетта 6 585 стагана.
2019-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь лаьрча Оьрсийчоьнан бахархойн терахь лахделла 86 эзар стагана. Карарчу хенахь иза ду 146 миллион 794 эзар стаг.
