ГIалгIайн муфтий Хамхоев шайн кхеташонна юкъарваьккхина Къилбаседа Кавказерчу республикийн муфтийш
Пятигорскехь цхьаьнакхеттачу бусалба диндайшна хетарехь, ГIалгIайчоьнан бахархой республикан куьйгалхочунна дуьхьал баха гIерташ ву Хамхоев. И бахьана долуш, хIинца дуьйна Хамхоев шайн кхеташонан юкъахь хилар сацош ду Къилбаседа Кавказерчу бусалбанийн уьйр хилийтаран кхеташоно, гIалгIайн муфтиятан куьйгалхой шарIца а, Iадаташца а лело дезачунна тIе юхаберззалц, аьлла ду цу дIахьедарехь.
