Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Январь
2019

Бекхаме сатуьйсу БелхороевгIара

0
Вийначу Белхороев ИбрехIиман гергарнаш а, суфийн шейхан Белхороевн тIаьхье а шайн лидер вийнарг схьалаха дагахь бу.


Байначу беттан тIаьххьарчу буса ша вехачу хIусамна гена доццуш герз тоьхна вийра гоьваьлла юкъаралхо Белхороев ИбрехIим. Иза чохь волчу машенна тIе масийттазза герзаш диттинера. Йинчу чевнех хьалха ца велира 46 шо долу Белхороев, ткъа иза дIасалелош хилла 28 шо долу Аушев Або дарбан цIийне кхачийнера.


ГIалгIайчоьнан я прокуратуран а, я чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а сайташкахь бина цхьа а хаам бац хиллачу зуламах.


Делахь а, гIуллакх таллар тесна дуьтур ду олийла дац, хIунда аьлча, меттигерчу Талламан комитетан куьйгалхочун хьалхара гIовс БелхороевгIеран цIийнах ву – юстицин инарла-майор Белхороев Iусман.


Вийначун гергарчара видеокхайкхам бина меттигерчу бахархошка, шайн стаг а вуьйш, цуьнан шофер лаза а веш зуламдинчех нагахь цхьа информаци тусалахь, айкхдовлар доьхуш.


Шаьш шайггара талламбира боху цара оцу гIуллакхан, амма шайн стаг вен бахьана ца карийра, чIагIдо цара. ХIетте а шаьш кийча ду, дIахьедо гергарчара, "хIара даьллера шун стагера" аьлла, хаамбан луучу хIоранга а ладогIа.


Нагахь цхьа бух болуш иза вийнехь, гечдан кийча а ду шаьш боху БелхороевгIара. Ткъа дIахьедан дацахь, шайн тайпан стаг вийнарш схьалохуш гIо доьху БелхороевгIара. 30 миллион сом кхайкхийна цара айкхваьллачунна.




Ша ву куьйгбехкениг аьлла, тамаш бу цхьа а гучувалахь, хIунда аьлча, БелхороевгIеран тукхамо ца дуьту шайна динарг.


Белхороев ИбрехIим вийначу шолгIачу дийнахь, цуьнан цIийнах болу нах Аушев Мохьмад вен гIоьртинера. Ша Аушев ву бохуш, Iораяьккхинчу аудио тIехь цхьана стага чIагIдора, Белхороев ИбрехIим ша вийна аьлла, шеконаш кхоллаеллачу цуьнан гергарчу нахера кхерам кхаьчна шега бохуш. Ишта цо доьхура АушевгIеран некъе, шена тIехIиттар а.


2016-чу шарахь вийначунна кIелойина аьлла, бехкевинчу Аушевс ши шо даьккхинера набахтехь, амма бехк тIе ца лецира цо.


Шайн вежараллина юкъахь динан лидер ца хиллехь а, шен да Белхороев Султан кхелхинчул тIаьхьа, нуьцкъалчу гIалгIайн БатIал-Хьаьжин тIаьхьенан хьалханча хилира вийначу ИбрехIимах.


Барт болуш, шайн интересаш Iедална хьалха а, къоман ламасташкахула а ларъеш бу бохуш, репутаци ю БелхороевгIеран вежараллан.


Къадирин тIарикъатан дуьххьара а, ша цхьаъ бен а доцу гIалгIайн суфийн вежаралла вовшахтоьхнарг Белхороев БатIал-Хьаьжа ву (1821-1914). Нохчийн шейхан Кишиев Кунта-Хьаьжин лархо хилла а ву иза.


Белхороев БатIал-Хьаьжа веллачул тIаьхьа, церан вежараллан тобан куьйгалла латтадо шейхан тIаьхьалоно.


Кхечу тайпанашкара зуда а ца ялайо цара, я шайниг цаьрга дIа а ца йохуьйту.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net