Иракъера цIадалийна бераш шайн гергарчарех дIатоьхна
Гергарчу Малхбалера Оьрсийчу далийна бераш Москохарчу медицинан центрехь лоьрех чекхдаьхначул тIаьхьа, церан гергарчу нахе дIадигийтина аьлла, хаамбина Оьрсийчоьнан берийн омбудсмено Кузнецова Аннас. Нохчийчоьнан урхалхочун аппаратехь дIахьединера, оцу берашна психологан гIо оьшу аьлла.
Маршо Радионо яздира, шайн наношца Иракъерчу набахтешкахь латтийна Оьрсийчуьра 4 шарера 15 шаре кхаччалц долу 30 бер Москох кхачорах. Кеманчохь цаьрца цхьана хиллера берийн омбудсмен Хирахматов Хьамзат а, Оьрсийчохь берийн бакъонаш ларъян векал йина Кузнецова Анна а, Сербскийн цIарахчу Институтан директоран гIовс Козлов Александр а.
Нохчийчуьрчу СПЧ-н декъахочо Саратова Хедас хаамбарца, царех 24 бер Дагестанера ду, 3 Нохчийчуьра, кхин а 3 Москохара а, Пензера а.