2018-чу шарахь дуьненчохь 94 журналист вийна
2017-чу шарахь вийра шайн профессионалан декхарш кхочушдаран бахьанашца 82 журналист.
Дахначу шарахь хаамийн гIирсашна болх бан уггар а кхераме ю аьлла билгалъяьккхинчу ОвхIанистанехь 16 журналист вийна.
Тептарехь шолгIачу могIарехь ю Мексика – 11 вийна цигахь. 3-гIа Йемен ю – цу пачхьалкхехь тIе куьгдаьхьна 9-нна.
Кабулехь динчу терактехь кху бIаьста вийра 9 журналист- царлахь Маршо Радион ши корреспондент а вара.
Кхераме лоручу итт пачхьалкхашлахь 6-чу могIаре язйина ю Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ. 2018-чу шарахь прессан 5 белхахо вийра цигахь. Iамеркан Мэриленд штатерчу Аннаполис гIалахь Capital Gazette хьостан редакцехь герзаш диттинера цхьана зуламхочо.
