Украинан президент хила гIерта шоумен Зеленский
Оршотдийнахь официалехь йолаелла Украинан президентан харжаман кампани. Украинан президент хоржур ву Зазадоккхучу-беттан 31-чохь.
Бинчу социалан хаттамца, президентан харжамийн кандидаташлахь хьалха ю "Батькивщина" партин лидер Тимошенко Юлия. ШолгIа меттиг дIалоцу Зеленскийс. Рейтингехь кхоалгIачу могIарехь дIатарвелла Порошенко.
