Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Январь
2020

Новости за 30.01.2020

Коронавирусах Китайхь велларг - 170 стаг

Radiomarsho.com 

Китайра Ухань гIалара шайн-шайн пачхьалкхашка цIаберзийначу нахана, вирус ца яржийтархьама, изоляци еш ю. Таханалерачу информацица – 170 ву Китайхь коронавирусах велларг. Китайрчу массо а регионашкахь яьржина керла коронавирус. Еаридийнахь Тибетехь а цхьана стагана цуьнан ун далар тIечIагIдина. Могушалла Iалашъярна тIехь терго латточу Китайн хьукматаша билгалдаккхарца, 7700 стаг ву и цамгар хьакхаелла. Байначу баттахь дуьххьара, Хубэй провинцин административан центр лоручу Уханерчу дийнаташ духкучу базарахь гучуяьлла и вирус аьлла, шеконаш ю.

Ша кема оьккхуьйтур ду аьлла салон чохь йолчу зудчо

Radiomarsho.com 

Аннекси йинчу ГIирмера Москварчу Домодедово аэропорте догIучу S7 авиакомпанин кеман чохь йолчу пассажиро-зудчо дIахьедина, охьадосийначул тIаьхьа ша кема оьккхуьйтур ду аьлла. Аэропортан пресс-гIуллакххоша бинчу хаамна тIехь яздина "Интерфакс" агенталло цунах лаьцна. Пассажираш дIасалела юкъ дIа а лаьцна, харцахьа лелаш ю и зуда, агенталлан хьосташа дийцарехь. Шена тIе ца буьту цо экипажан декъашхой а, я пассажираш а. "Интерфаксе" дийцарехь, къаьркъа мелла ю иза. Юьстах охьахаийна кема. Flightradar сервисан трекеран информацица... Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (30.01.2020)

Radiomarsho.com 

Нохчийн тIемало лацар, дайн таIзар дина полисхой, кIоштийн цIераш хийца гIерта Кадыров (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).



Стенгара яьлла "коронавирус"?

Radiomarsho.com 

Китайхь гучудаьлла "коронавирусан" ун даржарх, иза дуьххьара муха хаало, цуьнан билгалонаш, кепаш йовзуьйту кху ролико.

Iамерко керла санкцеш дуьхьалъяьхна Оьрсийчоьно ГIирмана аннекси ярна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно ГIирмана йинчу аннексина тIехула Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцеш тоьхна ворхI стагна а, Москварчу доларчу аьчганекъан компанина а. Дозанаш тоьхначарлахь нисвелла Оьрсийчоьнан президенто ханна Севастополан губерантор хIоттийна Развожаев Михаил а, ГIирман премьер-министр Гоцанюк Юрий а, Севастополан парламентан керла куьйгалхо Немцев Владимир а, Федерацин Кхеташонан декъашхо Албатаева Екатерина а, харжамийн комиссийн кхо куьйгалхо а. Цхьа де хьалха санкцеш тоьхна царна Евросоюзо а. Читать дальше...

Кадыровх тардина сурт бахьанехь лецнарш.

Radiomarsho.com 

ДIадаханчу пIераскана 25 стаг лецира Нохчийчохь. Царех цхьамма мехкан куьйгалхочунна, иза килсарчу мозгIарх тарвеш, коллаж йина, вукхара иза яржийна, бохура. ТаIзар авторна дина ца Iаш, дина и сурт интернетехула дIасахьийсийначарна а, схьаэцначарна а.

Ивановерчу набахтехь хан токху нохчо летта тутмакхах

Radiomarsho.com 

Ивановерчу набахтехь хан токхуш хилла Нохчийчуьра схьаваьлла вахархо колонехь тутмакх вен гIоьртина. ГIуда тухучу ШИЗО олучу изолятор чу ша воьллинчу заманчохьдина цо зулам. Шена тIаьхьара колонин белхахочо неI ца къовларан бахьанашца ка яьлла хилла цуьнан кхечу хан токхучу тутмакхах лата. И шиъ вовшахваккхале аьтто баьлла нохчочун пхоьазза тоьхна, тутмакхна чевнаш ян. ТIаьхьо къастарца, цу шинна юкъахь дов лаьтташ хилла. Стаг верна хан токхуш хилла нохчо. Кхи цхьаъ а "вен Iалашонца тIелатар" аьлла... Читать дальше...

Къоладарна лаца кхайкхийна жимстаг каравеана полисхошна

Radiomarsho.com 

Къоладарна лехамашкахь хилла жимстаг дIалаьцна полисхоша Нохчийчохь. КПП олучу постех дехьаволучу заманчохь цуьнан машенах хьовсуш гучуваьлла 32 шо долу жимстаг Нохчийчохь гIуллакх дечу Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн белхахошна. Соьлжа-гIалахь цо дина къола бахьанехь лоьхуш, амма хIинццалц кара ца вогIуш хиллера иза. Лаьцнарг а, цуьнан хьокъехь вовшахтоьхна материал а Октябрскан кIоштан лоьмар 2 йолчу полицин декъе дIакхачийна гIуллакх кхи дIа таллийта.



"Мемориал": Дукха тIехбевлла нохчийн Iедалхой. Москва юьхьIаьржа хIиттайо цара

Radiomarsho.com 

Кху беттан 28-чохь Страсбургехь дийцина Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх. Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн (ПАСЕ) бакъонашкахула йолчу Комитетехь шайца Нохчийчохь лелийначу харцонех далхийна кхаа нохчочо. ПАСЕ-хь бакъонашларъяран организацийн цIарах дакъалаьцна "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" а, "Къизаллашна дуьхьало латторан Комитето" а, "Правовая инициатива", Humans Rights Watch организацеша а. "Мемориалан" кхеташонан куьйгалхо Орлов Олег вистхилла цигахь. Тайп-тайпана ситуацеш... Читать дальше...

Нохчийн тутмакхна йиттинчарна "кIеда" таIзар дина

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу тутмакхна Муртазалиев Хасдина йиттинчу колонин шина белхахочунна арахь яккха диъ-диъ шераш хенаш кхайкхийна Ярославлерчу кхелахоша. Царна дина таIзар кIеда ду аьлла, тешна ву Муртазалиев. "Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара, бакъоларъечу "Юкъараллин вердикт" хьукмато видео яржийра тутмакхашна Ярославлерчу набахтехь 2016-чу шарахь етташ. ТаIзаре берзийначу нахах цхьаъ вара, кху беттан 20-чохь хан яьккхина а ваьлла, маьршаваьккхина Нохчийчуьра вахархо Муртазалиев. Иза араволучу юкъанна... Читать дальше...

Соьлжа-гIаларчу кIоштийн цIераш хийца ойла хилла Кадыровн

Radiomarsho.com 

Соьлжа-гIаларчу Ленинскан, Октябрьскан, Старопромыслан, Заводской кIоштийн а, шахьарарчу гIалийн кепехь йолчу яртийн а цIераш хийцар хьехна гIалин мэрана Закриев Якъубна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Вайн исторехь къегина лар йитинчу нохчийн къоман яхь йолчу кIентийн цIарах хила еза кIошташ. Бахархошна хетарг тидаме а эцна, гIалин думаца юкъахь сацамбан беза", - боху Кадыровс. Стохка Соьлжа-гIалара 35-гIа а, 36-гIа а дакъош цхьана а тоьхна, кхоьллинчу юьртана, оьрсашкахьа тIемаш бина нохчо... Читать дальше...

Шемахь кхо бутт баьккхина Нохчийчу юхайирзина полицин батальон

Radiomarsho.com 

ТIеман полицин батальон Шемара Нохчийчу юхаеана аьлла, хаамбина ТАСС агенталло, Къилбан тIеман гонийн пресс-гIуллакххойн информацина тIе а тевжина. Кхо бутт а хилера машаран миссица уьш Шемахь хан йоккхуш болу: "оьрсийн эскарийн тобанийн гIишлошна ха а деш, маьршачу нехан къепе а, маршо а Iалашъеш" аьлла, билгалдаьккхина зорбанхоша. ТIеман полицин куьйгалло баркалла аьлла царна, даймахкал арахьа шайн декхар майраллица, лаккхарчу говзаллица кхочушдарна. Верриг а юхавирзинарг ву 300 эскархо.

Басаевн хилла тIемало кхеле хIоттийна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхелехь дов хоттур ду Шелковск кIоштарчу вахархочун. Иза бехкево, тIеман буьйранчийн Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанна юкъахь зуламаш лелийна аьлла, яздо REGNUM агенталло, Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуран хаамна тIетевжина. Талламчийн версица, 1999-чу шеран аьхка дIакхетта хилла кхеле хIоттийнарг гIаттамхойх. Оццу шеран гурахь тIелатар дина хилла цо шен накъосташца Шелковск кIоштарчу Червленнехь оьрсийн эскархошна. Тасадаларшкахь 15 салти вийнера, 28-нна кеп-кепара чевнаш хиллера. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Генерал-полковник Алексей Воробьев высоко оценил подготовку кинологов Росгвардии к предстоящим соревнованиям по профессиональному многоборью


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Линетт сыграет против Соболенко во втором круге турнира WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Москвичам назвали пять мест, где можно полюбоваться цветущей сакурой





Путин в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о формировании взаимовыгодного международного сотрудничества


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко пообещал потенциальным агрессорам ответ всеми видами оружия




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Захарова: встречи по продвижению "формулы Зеленского" дают Киеву чувство вседозволенности


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Певец

Певец Киркоров потратил 200 млн рублей на ремонт с золотыми унитазами



Москва

Психолог Хакимов: к работе после майских праздников стоит готовиться заранее

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net