Махбалерчу шен эскаршна тIе кхин а дакъош хьовсийна Iамерко
82-чу хIаваъ-десантан дивизера 3 эзар гергга эскархо ву хьажош Гергарчу Малхбале Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Пентагонерчу хьосташна тIе а тевжаш, Reuters агенталло хаамбарехь, бухарчу Iамеркан эскархойн кхерамзалла чIагIъеш гIулч ю иза. Кувейтехь дIатарлур ду дуьйцу тIеман дакъа – кху кIиран юьххьехь цига дIахьажийна 750 эскархо сецначу базехь. Инарла Сулеймани Къасем вер Iамерканна дIадекха дош делла ТехIерано. Революцин гIаролхойн буьйранча, ГIажаройчоьнан Iедало веза лору инарла вийра... Читать дальше...