Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Январь
2020

Новости за 13.01.2020

Гадаев Мохьмад-Салахь. Хьегар

Radiomarsho.com 

Гадаев Мохьмад-Салахь Хьегар БIаьстенан байн мох хьовзийна, ТогIи чохь гIаргIанаш* техка. Хьегаран ницкъо Iовжийна, Йолаза** кийрахь со кхехка. Вайшинна доьгIний те         вовшаха кхета, Мерзачу маттара         далхадан къа? КIайн дуьне дерриг а         ваьшшиннан хетта, Вайша доьгIний, хьовха,         лахдала цкъа?.. БIаьстенан аьхна мох хьоькху. ГIаргIанаш цо техкадо. Вайшиммо хьоьгуш хан тоькху. Хьегаро дог кхехкадо. ------ * гIаргIа - хийистехь дика кхуьуш долу дитт... Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (13.01.2020)

Radiomarsho.com 

Окуева йийнарг Дагестанехь вина ву, Кадыровс Малхбузе бехке йина, Туристашна хьехам бина (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

"Нохчочунна эхь хета деззал хIума дац сан блогехь"

Radiomarsho.com 

Магомедов Закир Инстаграмехь «Альфредо Аудиторе» ник лелочу нохчийн блогеро дуьйцу, ша Волгоградехь стенна кхийсира наханна ахча, дийр дара  ша иштаниг Соьлжа-ГIалахь, я ларлур вара оцу гIулчах. Instagram-блогеран Носаев Мохьмадан агIоне «вогIу» 4 миллион гергга интернет-хьажархо. Деношкахь ерриг а Оьрсийчоьнан прессин тидаме йоьжна цуьнан цхьа видео: шега ларамболчу волгоградхошна цо 200 эзар сом дIасаластош, цара и ахча дIалахьош. Оцу меттехь хиллачара дуьйцу прессехь, мел дукха бара ахча дезарш, иза дIалахьош уьш мел саьхьара хьийзара. Читать дальше...



Байсаровс зуда ялорах хаам бо зорбан гIирсаша

Radiomarsho.com 

Нохчийн совдегархочо Байсаров Руслана кхозлагIа зуда ялийна. Иза ю 18 шо долу Аламат цIе йолу Нохчийчуьра яхархо, хаам бо Ura.ru сайто.   Зорбан гIирсаша яздарехь, ловзар хилла ГIуран-беттан 30-хь. Цара чIагIдо Байсаровс ялийнарг шолгIа нохчо хилар, ткъа хьалхарчуьнца иза дIасакъаьстина хиларх лаьцна хаам бац.   Оьрсийчохь уггар хьал долчу совдегархойх цхьаъ ву Байсаров. 2018-чу шарахь Forbes журнало яздора цуьнан бахам 900 миллион доллар барамехь хиларх лаьцна. «Дни.ру» сайто бинчу хаамца... Читать дальше...

ГИДД-н машен хорша яхарх видео яржорна дохковаьлла Нохчийчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

ГIойтIана гергахь ГИДД-н машен хорша яхарх лаьцна видео яржорна дохковаьлла ша бохуш дуьйцуш цхьа стаг а волуш ролик гучуяьлла социалан машанашкахь. "Шотдийнахь (Дечкен-беттан 11-хь) ас, дагахь хIума а доцуш, видео яьккхинера хорша яхана ГАИ-н машен тIехь а йолуш. Иза дан оьшуш ца хиллера ас… Хазанеха санна ледарло ю соьгара яьлларг", - боху цу стага. Шегара ледарло яларна шена къинтIерадовларе кхойкху цо массерга а.

Ливерчу конфликтана юьстах ца висина Кадыров

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментарий йина Ливи пачхьалкхехь къийсам дIахьочу агIонашна юкъахь кхийсарш яр сацор хьокъехь динчу хьалхататтарна, яздо Кавказ.Реалиино. "Иттех шо ду, Малхбузерчу пачхьалкхаша питана а тесна, Ливерчу бахархошна юкъахь тIом боьду. Каддафи Муаммар а, цуьнан доьзал а, эзарнаш ливихой а байина. Пачхьалкх а, юкъаралла а екъаелла ю, халкъо къобалдина куьйгалла дац", - яздина Кадыровс шен Телеграм-каналехь.   Ша тешна ву, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а... Читать дальше...

Нохчийчу богIучу туристашна хьехарш деш тептар арахецна меттигерчу туризман министралло

Radiomarsho.com 

Нохчийчу веанчу туристан духар муха хила деза а, иза муха лела веза а дуьйцуш леррина тептар арахецна республикерчу туризман министралло. Цунах лаьцна яздо "Туризм в России" сайто, "Нохчийчоь тахана" агенталлана тIе а тевжаш. "Памятка" олучу цу тептарехь дуьйцуш ду духарца Нохчийчоь вуно демократин меттиг хиларх лаьцна. Делахь а, меттигерчу туризман министралло кхетадо цигахь лело догIуш долу духар муха ду бохург.   Цу могIарехь ду, масала, божарша "шорташ" олу боца ког болу хечеш а, пхьуйшаш доцу кучамаш а ца лелор. Читать дальше...

Iалхан-Юьртахь тIай схьадоьллуш

Radiomarsho.com 

Мартан-хих долу тIай ду хIинца Iалхан-Юртахь – иза дацаро бахбора машенца юьрта боьду некъ. Массо а бахархоша лоруш йолу цIе тиллина цунна – «Магомадов Абубакаран тIай». Иза схьадоьллучу бараме веанера воккха а, жима а. Керла обеъкт дахаре яккха, «дашо тукарш» кховдийра гулбеллачара махкана а бевзачу нахе. 45 метр деха а, 6 метр шуьйра а ду керла тIай.

Талламан комитет: Эльджаркиев веран бахьана ду цуьнан балхаца доьзна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан талламан комитетан куьйгалхочун когаметто Краснов Игора дIахьедар дина, экстремизмана дуьхьало йон Центран ГIалгIайчуьрчу урхаллан хьаькам Эльджаркиев ИбраьхIим веран бахьана цо беш хиллачу балхаца доьзнна ду аьлла. Цунах лаьцна яздо "Коммерсанто". Талламхоша чIагIдарехь, церан аьтто баьлла и зулам Полонкоев Хьасана а, къечара а дина хилар тIечIагIдан. Цара дийцарехь, "леррина тоба а кхоьллина", цара герзаца тIелатар дина эпсарна, "зуламаш ца дайта шайна дуьхьал ваьллачу цунна новкъарло ян". Читать дальше...

Мила яра Окуева Амина: иза елле хьалха эцна интервью (видео)

Radiomarsho.com 

Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Аяков Арсена хаамбина шен урхалло «киллерийн тоба» лаьцна аьлла. Цара динчу зуламашлахь ду Донбассерчу тIамехь дакъалаьцна йолу Окуева Амина ер а. Оьрсийчоьно президентана Путин Владимирна терроран тохар дан араваьлла хилла бохуш, бехкевечу Осмаев Адамца, шен майрачуьнца, Киевна гена доцчу шайн цIа уьш боьлхуш, герзаш туьйхира церан машенна тIе. Осмаев лазийра, Окуева йийра тIелеттачара. Хьалхо Осмаев Адама элира, шайна динчу зуламна бухахь «Оьрсийчоьнан лар» го шена. Читать дальше...

Украинехь лецна Окуева Амина йийнарш

Radiomarsho.com 

Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Аваков Арсена дIахьедина, "киллерийн тоба" лаьцна шаьш, масийтта стаг верна бехке хиларна шеко йолуш. Министро бинчу хаамца, цу тобан юкъахь бу нохчийн тIемало хилла Окуева Амина йийнарш а. Окуева кхелхира 2017-чу шарахь ГIадужу-беттан 30-хь Киеван кIоштахь. Иза а, цуьнан хIусамда Осмаев Адам а чохь волчу машенна герзаш диттира муьлш бу ца хуучу наха. Осмаевна чевнаш йира, Окуева – кхелхира.   Осмаев Оьрсийчохь бехке веш вара президент Путин Владимир вен Iалашо хиларна. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

В Московской области прошел чемпионат Центрального округа Росгвардии по стрельбе из боевого ручного стрелкового оружия


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Вероника Кудерметова завершила выступление на турнире WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

АО «Транснефть – Прикамье» провело свыше 3 тыс. экологических исследований в I квартале 2024 года





Путин в России и мире
Москва

Эксперт: корректировка порогов крупного и особо крупного ущерба по экономическим статьям оправдана и своевременна


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Минск не исключает попыток оппозиции оторвать часть территории Белоруссии в пользу НАТО




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Metallica

Случай на концерте Metallica в России



Москва

Из России выдворят 15 граждан Узбекистана после массовой драки в Туапсе

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net