123ru.net
World News in Chechen
Январь
2020

Новости за 06.01.2020

Путинца цхьанакхета дагахь ю Меркель Ангела

Radiomarsho.com 

Белхан хьокъехь кху беттан 11-чохь президенто Путин Владимира кхайкхийна Оьрсийчу яха лерина ю Германин канцлер Меркель Ангела, хаамбина Кремло шен сайтехь. Делегаци юкъахь хир ву ишта Германин арахьарчу гIуллакхийн министр  Маас Хайко. Шемара а, Ливера а хьал а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа Багдадехь тохарш дина, гIажаройн инарла Сулеймани Касем вийначул тIаьхьа Гергарчу Малхбалехь ситуаци карзахъяларх а дийца лерина ю ший а агIо. Байначу баттахь Путина телефонехула Меркелца дийцира "Северный поток-2" биргIа хьалаярх а. Читать дальше...

Топ йохка гIерта зуда лаьцна Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Эзар соьмах таллархойн топ юхкуш 36 шо долу Дагестанерчу Кизлярера зуда лаьцна полисхоша. Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша хаамбарца, зудчуьнгара схьаяьккхинчу тоьпа тIера лоьмарш дIаяйина хилла, карарчу хенахь экспертизе дахьийтина герз. Талламчийн къасто деза оцу тоьпаца цхьанхьа а дина зуламаш дуй. Лаьцначу зудчунна дуьхаьл бехкзуламан гIуллакх айдина 222-чу артиклехь ("герз эцар, латтор, дIасакхехьар"). Шина шаре гергга набахьехь яккха хан кхачайо оцу артилехь жоьпе озийначунна.

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (06.01.2020)

Radiomarsho.com 

ГIажаройн инарла лаьтте кховдий, Кадыров оьгIазвахийтина "мостагIаша", Ведучи - маьхза транспорт (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).



Рашидов Шаид. Мацца а езачо дахь суна хIилла…

Radiomarsho.com 

Рашидов Шаид Мацца а езачо дахь суна хIилла…         Мацца а езачо дахь суна хIилла, Цуьнгахьа ца хьажа ас чIагIо йо. ХIумма дац эккхарх а езаш дог кийрахь, Шалхалла йолчуьнца ваьхна хIун до? Ткъа нагахь езачо суна букъ тохахь, И санна гIалатло йожарна сох, Иза а ца оьшу сихаллехь йоха, Кхуссур ду ченала ямарта дог.                       ***

Украинан ши тIемало вийна Донбассехь

Radiomarsho.com 

Яхначу буса Донбассехь украинхойн ши эскархо вийна, цхьаъ лазийна. Пачхьалкхан эскархойн штабехь бина цунах хаам. Масийттазза сепаратисташа тийналла йохош, минометаш а, пулеметаш а, гранатометаш а йиттира бохуш, чIагIдо цара. Штабехь билгалдаккхарехь, снайпер тоьхна вийна цхьаъ, шолгIачун машен мини тIехь иккхина. Цуьнца цхьана хиллачу цхьана салтичунна чевнаш йина. Хутор Свободный олучу кIотарна гергахь хилла ю и инцидент. "ДНР" шех олучу республикерчу сепаратисташа дIахьедо, украинхойн тIемалоша яхначу буса 5-зза маслаIат дохийра аьлла. Читать дальше...

Рашидов Шаид. Ца тешаш чIагIонех хьо ела къежа…

Radiomarsho.com 

Рашидов Шаид Ца тешаш чIагIонех хьо ела къежа…                              *** Ца тешаш чIагIонех хьо ела къежа, Беснеш а лечкъайо. Хета къиза. Ткъа аьлча: "Вовшеха вай къаста деза!" БIаьргаш хьан хих дузу. ХIун ду иза? ХIилланаш ца оьшу шинна а юккъехь, Там лехар эрна ду безам бацахь. Мила ву шалхонаш лелош верг юххехь? Юкъ йохош болчеран бан а бац мах. Вовшашна девза вай, лулахь а деха. Дай-наной шиннен а оьзда хилла. Хьенан хIун дара хьоьх я ала соьх? Делахь а дегнаш чу йижна чилла.

Тегеранехь Сулейманица Iодикаян арабевллера гIажарой

Radiomarsho.com 

Багдадан аэропортехь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн кеманашца дIаяьхьначу операцехь вийначу «Исламан революцин гIаролхоша» арахьа дIахьочу тIеман барамех жоп лучу «Къудс» декъан буьйранчаца, инарлаца Сулеймани Кассемца Iодикаян Тегеранехь бIеннашкахь эзарнашкахь нах арабевллера. Пачхьалкхан массо а телеканалаша гойтуш яра цигара церемони. Веллачу инарлан докъа тIехь доIа дира ГIажарийчоьнан лакхарчу лидеро Хаменеи Iелас. ДоIа дерзийначул тIаьхьа гулбеллачара маьхьарий деттара "Iожалла Iамеркана" бохуш. Читать дальше...

Рашидов Шаид. Сайн деган кIоргенехь хьулйина хьо

Radiomarsho.com 

Рашидов Шаид Сайн деган кIоргенехь хьулйина хьо                        *** Хьахийча нахала валарна кхоьруш, Сайн деган кIоргенехь хьулйина хьо. Дийнахь а, буса а доIанца йоьхуш, Даима сатуьйсуш лийлира со. Амма хьо ехара кураллехь сетташ, Дуьненна хазалла кхийдаеш хьайн. Хьо езаш вогучу суна пе бетташ, Ву моьттуш муьлхха а веккъа хьайн лай. Хьуна ца евза дахаран кIорге, Цхьатерра ца хуьлу мел йогIу хан. Денна а бос хуьйцуш догIуш го Орга, Къурдаш деш хьаьжний хьо, хуьйцу цо чам? Читать дальше...



Вийначу Сулейманица Iодикаян гулбеллера гIажарой

Radiomarsho.com 

Багдадан аэропортехь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн кеманашца дIаяьхьначу операцехь вийначу «Исламан революцин гIаролхоша» арахьа дIахьочу тIеман барамех жоп лучу «Къудс» декъан буьйранчаца, инарлаца Сулеймани Кассемца Iодикаян Тегеранехь бIеннашкахь эзарнашкахь нах арабевллера. Пачхьалкхан массо а телеканалаша гойтуш яра цигара церемони. Веллачу инарлан докъа тIехь доIа дира ГIажарийчоьнан лакхарчу лидеро  Хаменеи Iелас. ДоIа дерзийначул тIаьхьа гулбеллачара маьхьарий деттара "Iожалла Iамеркана" бохуш. Читать дальше...

3 миллионе даьлла Британехь бехачу бусулбачийн терахь

Radiomarsho.com 

2019-чу шеран зерашца, кхаа миллионе кхиъна Британехь бехачу бусулбачийн терахь. IslamNews агенталло бина цунах лаьцна хаам. Пачхьалкхан къаьмнийн статистикан бюрон информацина тIе а тевжаш, хьостано дийцарехь, Лондонан цхьайолчу кIошташкахь 50 процент сов бу бусулбанаш. Официалан жамIашца, Англехь а, Шотландехь а, Уэльсехь а 3 363 210 стаг ву бусулба. Ткъа 2018-чу шеран зерашца, Лондонехь вехаш вара 1, 26 миллион (14, 2) бусулбанаш.

Ведучи а, Къоьзан-IамтIе а маьхза автобусаш лелар ю

Radiomarsho.com 

Ведучи а, Къоьзан-IамтIе а микроавтобусаш лелар ю Соьлжа-гIалара а, Гуьмсера аьлла, хаамбина Къилбаседа Кавказан гIуллакхийн министран хьалхарчу гIовса Байсултанов Одеса. "Сан тIедилларца, #ПосетиКавказ фондо шаттлаш йолийна Ведучин а, Къоьзан-Iоман а курорташка Соьлжа-гIалара а, Гуьмсера а. Mercedes-Benz Sprinter олу комфорте жима автобусаш хир ю туристаш дIасалелош", - аьлла, дийцина Байсултановс. Болчу хаамашца, хIора Iуьйранна 10 сахьт даьлча новкъаевр ю уьш, суьйранна 4 сахьт даьлча юхайогIур ю. Читать дальше...

Нохчийчоьнан "мостагIашна" синтем ца карабо боху Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нуьцкъаша Керлачу шеран барамашка баьхнера махкара бахархой аьлла, хаамийн гIирсашкахь баржийна хаам харц бу аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Социалан машанашкарчу шен аккаунтан агIонехь Керлачу шеран буса шахьаран майдана даьлла адам гойтуш видео Iораяьккхина цо, "хIокху суьрто тоьшалла до дийца а ца оьшуш" аьлла. Нохчийчоьнан "мостагIий" болчу наха "ца лалуш, кхи дан хIума а доцуш, гойту оьгIазло" ю, адамийн маршонаш ларъеш яц, оцу республикехь демократи а яц бохуш, Iедалхошна бехкаш а дохкуш, яздо Кадыровс. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Центр «ВОИН» открыл новые региональные отделения


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Елена Рыбакина поднялась в мировом рейтинге


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Шашлыки и дача отменяются: аномальная погода на майские праздники в Москве, Питере и регионах





Путин в России и мире
Москва

Рязанские дизайнеры представили свой бренд одежды на модном показе Estet Fashion Week


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

У помощника Лукашенко по общим вопросам нашли три квартиры в Минске




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Юрий Лоза

Певец Юрий Лоза посоветовал Серову задуматься над качеством своей музыки



Москва

Сахалин примет этап Кубка России по плаванию

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net