123ru.net
World News in Chechen
Январь
2020

Новости за 22.01.2020

Гацаев СаьIид. Cтогалла.

Radiomarsho.com 

Cтогалла. Гацаев СаьIид. Садайна. Юрт тийна йижна. Беттаса ган хезехь дац, Кхоларе мархаш чекх хьежна, Катоьхна ийало дарц. Цхьа цIа ду - и юьстах лаьтта. Цхьа гIийла, цхьа миска цIа. Чиркх а бу цунна чохь летта, Къен ду цо ара лун са. Чохь зудий, майрий, неI чIогIий, Дуьжуш ду,тIаккха а,- хIан, Экханах сама ладоьгIуш, Синтем бац цаьршингахь, ган. Хетало - арахь цхьаъ хьийза, Геpзех и воьттина ву. Кога кIел шийла ло цIийза, КIело еш, хIоьттина ву. Дарц каде гIовгIа ян долу. Читать дальше...



Украино Оьрсийчоьне дIавелла Тумгоев «харцхьа лела» набахтехь

Radiomarsho.com 

"Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара, 2018-чу шарахь Украино шега дIавелла гIалгIа Тумгоев Тимур 18 шарна набахте хьажийна Оьрсийчоьно, Шемарчу тIамехь дакъалаьцна аьлла. ХIинца иза харцхьа леларна бехке а вина, карцер чу воьллина ша хан токхучу Саратоврчу набахтехь. Цунах лаьцна хаамбина Саратов-мехкан таIзар токхуьйтучу хьукматан урхалло. "Набахтин низам талхорна камеран кепарчу чоьнехь кхобуш ву тIеман гIеранехь леларна 18 шарна чувоьллина верг», - боху "Кавказ.Реалиин" редакце даийтинчу кехата тIехь. Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (22.01.2020)

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу хьакамийн эвсаралла, Калугехь хан тоьхна нохчочунна, Кадырова Айманина – «Къудсан седа», Страсбург: 20 кавказхо вайарна - гIуда (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).



Керла спортан министр Матыцин кхело таIзардина ву

Radiomarsho.com 

Низамца проблемаш Iиттаелла ву премьер-министра Мишустин Михаила шен кабинете спортан министр аэцна волу Матыцин Олег. 2012-чу шарахь кхело иза бехкевина ша коьртехь волчу Оьрсийчоьнан спортан, туризман университетан долара латта Черкизоворчу базарна мехах лелон дIадаларна. И хилам дагабоуьйту "Ведомости" газето. 2012-чу шарахь Москварчу Измайловон кIоштан кхело 20 эзар сом гIуда туьйхира Матыцинна. Прокуратура реза ца хилира оццул кIеда сацам кхело барна – юхаайдира дов. Амма рогIера кхел маситтазза тIехьатеттар бахьана долуш... Читать дальше...

Кадырова Айманина «Къудсан седа» белла Палестинин президента

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан администраторан нанна Кадырова Айманина «Къудсан седа» олу шайн мехкан лаккхара совгIат делла Палестинин президента  Iаббас Махьмуда, яздо «Грозный информ» агенталло. Iаьрбийн мехкашкахь Нохчийчоьнан векал волчу Даудов Туркоца кхаарийдийнахь хиллачу цхьаьнакхетарехь бина и сацам Iаббаса. Палестино мехала лору Кадыров Ахьмадан фондо бен болх, ша совгIат шен карара дIалур ду Кадырова Айманига кхушеран бIаьста Оьрсийчу веъча, аьлла цо.

Калуга-махкахь хан тоьхна машенца ларамза стаг вийначу нохчочунна

Radiomarsho.com 

Калуга-мехкарчу Жуковски кIоштан кхело, машенца низам а дохош, ша эккхийтинчу некъахьовзамехь ларамза стаг верна хан тоьхна 45 шо долчу нохчочунна.  1,5 шо токхур ду цо набахтехь, цул тIаьхьа машен лелор дихкина цунна шина шарна, хаамбо регионан прокуратуро. «Москва-Малоярославец-Рославль» некъа воьдуш, стохка гурахь, Жуковски кIошта кхаьчча, светофорехь лаьттачу машенна тIетоьхна цо шегара кир лелош йолу машен. Цхьа стаг вийна, шинна чевнаш йина», - боху пресс-релизо.

Урхалла дика дечу регионийн декъа язйина Нохчийчоь

Radiomarsho.com 

2019-чу шарахь регионийн Iедалша дечу урхаллин эвсаралла лахъелла, хаамбо  "Ведомости" газето, политикан, экономикан коммуникацийн Агенталлин талламна тIе а тевжаш (АПЭК). 85 пачхьалкхан субъектах 53-мма малбина болх, билгалдоккху "Коммерсант" газето а. Урхалла дика дарца билгалъевлла регионаш: Тюмен – 0,796 балл, Калуга – 0,738 Белгород – 0,736 Ямал-Ненцойчоь – 0,720 Тула – 0,714 Нохчийчоь – 0,710 Ленинград-мохк – 0,707 Сахалин – 0,704 Москва – 0,704 Башкири – 0,691

Бовзийтина Оьрсийчоьнан министрийн керлачу кабинетан декъашхой

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира шен омрица тIечIагIйина Мишустин Михаил коьртехь волу министрийн кабинетан керла тоба. Оцу хьокъехь хаам баржийна Кремлан пресс-гIоьнчалло. Керла 9 министр а, 6 вице-премьер а ву кабинетехь. Шайн меттигаш хийцанза висина Iедалехь кхин а 12 министр. Мишустинан хьалхара гIовс хIоттийна Белоусов Андрей. Вице-премьераш бу Оверчук Алексей, Хуснуллин Марат, Григоренко Дмитрий, Абрамченко Виктория, Чернышенко Дмитрий. Хьалха дуьйна болхбеш волу кхо вице а ву бухасоцуш... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь инарла-губернатор хийцарх лаьцна шайна хетарг аьлла Кадыровс а, Васильевс а

Radiomarsho.com 

Президента Путин Владимира Къилбаседа Кавказан федералан гонан коьрта дарж Инарла прокурор лаьттинчу Чайка Юрийга кховдор дика ду, хаарш а, зеделларг а долу стаг пайде хир ву регионна, аьлла Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира. "Юрий Яковлевич 14 шарахь гергга Iийна Инарла прокурор, цунна дика девза пачхьалкхера хьал, экономика, дахар, кхерамзаллах дерг. Цундела цо кхуллур ду нехан дахар тоден хьелаш, аьтто бийр бу Iалашонаш кхочушъян», - мах хадийна Чайкин Васильевс, боху ТАСС агенталло. Читать дальше...

«Оха каш даьккхина тхайна, деха оцу чохь». Афганистанерчу туркменийн доьзал

Radiomarsho.com 

Сепаргул шен бераш а эцна, дIаяхана юьртара – кIордийнера цунна ца хеддаш марзахошца лаьтта девнаш. Шен баха меттиг яцаре терра, кешнашка охьахиина доьзал: каш а даьккхина, тIелхигашца дIакъевлинчу цунах тоьла а йина. Туркменийн тукхумна девзина тIаьххьара а Сапаргулера хьал – цуьнан доьзална хIусам эца ахча гулдеш бу туркменаш.

"Бераха йолчу зудчух бегашца "Приора" олу". Стенах духку Дагестанехь ненан капитал?

Radiomarsho.com 

Ненан капиталах Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира аьлларг жигара дийцаредо социалан машанашкарчу Дагестанан пабликашкахь. Дуьххьара дуьненчу даьллачу берана тIера дуьйна капитал дала дагахь бу Iедалхой. 466 эзар сом хир бу цуьнан барам. Ткъа шолгIачу берана 150 эзар сом кхачор ду.  КхоалгIачу беро таро лур ю дена а, нанна а 450 эзар соьмаца ипотекан кредит дIакъовла. Бакъду, дукха хьолахь Дагестанехь деллачу капиталах хIусам ца нисйо, я бере дешийта а ца хьовсу. Республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедарехь... Читать дальше...

Конституцин хийцамаш кечбан къастийначу тобан декъашхо: «Ас ца бина хийцамашна тIехь болх»

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президента кху беттан 15-чу дийнахь арахецначу омрица Конституцехь хийцамаш бан къастийначу тобан декъашхочо Альшанская Еленас дIахьедина, ша бина бац Путин Владимира 20-чохь Пачхьалкхан Думе кховдийначу хийцамийн проекта тIехь болх, аьлла. "Шеко яц, хийцамаш, Iорабахале, цхьана кепехь кечбина лаьтташ хилла. Ас кхеторехь, тхан тобан кхо куьйгалхо юристашца цхьаьна Iийна оршоьта тIера пIераскане кхаччалц проект шаръеш», - яздина хийцамаш бан къастийначу 75 декъашхочух цхьамма, «Волонтерийн... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Мечевой бой состоялся в павильоне «Спорт для каждого»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Виктория Азаренко вышла в полуфинал турнира WTA-1000 в Майами


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге об открытии новых специальностей в области создания городской среды





Путин в России и мире
Москва

Наблюдательная миссия ЕС в Армении превращается в миссию НАТО.


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

«Зеленский кричит»: польский генерал рассказал, что творится в Киеве


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Певица

Певица Любовь Успенская назвала россиян своей семьей



Москва

Пьяные друзья в Сочи по ошибке подожгли гараж соседа, пытаясь сжечь дом семьи девушки после ссоры с ее отчимом

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net