123ru.net
World News in Chechen
Январь
2020

Новости за 21.01.2020

20 кавказхо доьза вайарна бехкейина Оьрсийчоь Европан кхело

Radiomarsho.com 

Европан адамийн бакъонашкахула йолу кхел яьлла «Саидова а, кхиберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал», «Темирбулатова а, кхиберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал» девнаш листина. Иза толлуш яра Къилбаседа Кавказера 20 вахархо 2000-2006-чу шерашкахь доьза варна мел бехке ю пачхьалкх. Сацамо бахарехь, лаьцна вигинчу 20 кавказхочун конституцино луш йолу коьрта бакъонаш талхийна Оьрсийчоьно. Масала, террорхо хиларх шеко йолуш Москвахь лаьцна хилла цIера Дагестанера волу Саидов Салахь. Иза ХIинжа-ГIаларчу полице, цул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу «ОРБ-2» декъе а вигина... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолу министралла дIасахецна Путина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира шен омрица дIасахецна Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолу министралла. Цуьнан функцеш дIаелла экономика кхиоран министралле, хаамбина Кремлан пресс-гIоьнчалло, даржийна РИА «Новости» агенталло. Хьалхо Маршо Радионо хаийтина ма-хиллара, Оьрсийчоьнан Инарла прокуроран дарж дуьтуш волчу Чайка Юрийга Къилбаседа Кавказан федералан гонан куьйгалхочун гIант кховдийна президента.

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (21.01.2020)

Radiomarsho.com 

Даудов: дозанца дерг чекхдаьлла, Кадыров дIа ца воьду, Хьехамчийн кхеташо, Кхело кхузза бакъвинарг (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).



Гадаев Мохьмад-Салахь. Генара кехат

Radiomarsho.com 

Гадаев Мохьмад-Салахь Генара кехат Вовшашна вай ца гун зама ю, алий, Вай бинчу бартана дагца шекьялий, Эрна ма йожалахь боккхачу бале – Шеконе диллинарг шеллуш ду, хьуна. Безамо кхохкийна, юьхь басо хуьйцуш, Мерзачу дешнашца матто дог дуьйцуш, КIайн дуьне дицдина, вовшашка хьуьйсуш, Вайша мел дийцинарг соьца ду, хьуна. Эшамаш бицбина, веха со вахарх, Зезагийн бошмашкахь заманаш яхарх, ХIуьрлаIа мехкарша суна гош бахарх – Хьуна бен сан дагахь меттиг бац, хьуна. РегIа малх тевжича... Читать дальше...

Чайка Юрийна Къилбаседа Кавказан Го караэца магийна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Инарла прокуроран дарж дуьтуш волчу Чайка Юрийга Къилбаседа Кавказан федералан гонан куьйгалхочун гIант кховдийна, хаамбина президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс. РИА "Новости" агенталло яздарехь, цкъачунна формалехь омра дина дац иза оцу дарже хаош. Хууш ма-хиллара, карарчу хенахь Къилбаседа Кавказан федералан гонан коьртехь ву Матовников Александр.

Министрийн кабинетна, кхелашна, регионашна цхьа де делла Конституцехь бечу хийцамех хетарг довзийта

Radiomarsho.com 

Кхаарин де тIехIоттале Оьрсийчоьнан президенто Конституцехь бечу хийцамех лаьцна хIоттийна проект зен а, хетарг довзийта а декхарейина Пачхьалкхан Думин комитеташ, дакъош, Федерацин кхеташо, Лакхара а, Конституцин а кхелаш, Ларамаш бен палата, регионашкара Iедал.  И декхар тIедожийнарг ю Думин Кхеташо, хаамбо Iедалан «Ведомости» газето. Шинарин дийнахь журналисташ хаттар дира президентан Путинан пресс-гIоьнчига, стенца доьзна ду конституцехь хийцамаш беш оццул йоккха сихо эшар. Президентан лаамаш массарел а хьалха кхочуш беш хуьлу... Читать дальше...

Даудов Мохьмад: Нохчийчоь яьлла шен доза тIечIагIдина

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан Реестрехь, дозанаш билгал а дохуш, тIегIагIдина даьлла Нохчийчуьрчу массо а яртийн, гIаланийн дозанаш, хаамбина Нохчийчоьнан Iедалан кхеташонехь мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. "Официалехь бертан кехаташ а хIиттош, доза къастийна ГIалгIайчоьнца, Къилбаседа ХIирийчоьнца. Барт кечбина Ставропол-махкаца. Дагестанца ду ялх кIоштан доза – уьш а девлла къастийна, Реестре даьхна. Вайн агIор цхьа а проблема яц», - аьлла Даудовс. Цул совнах, цо бахарехь, вовшашлахь дозанаш къастийна Нохчийчуьрчу 366 юьрто а, гIалано а. Читать дальше...



Кхело кхузза бакъвина талламо ши стаг верна бехкевийриг

Radiomarsho.com 

Дагестанан Лакхарчу кхело вердикт тIеэцна ши стаг верна, герз лелорна талламо бехкевен Сергокалан кIоштара Магомедшапиев Султан бакъвеш. 2013-чу шарахь некъаца лаьттачу кафе чохь, шена бевзаш боцчу нехан тойнах а кхетта, хан юкъайолале, цаьрца дов а эккхийтина, тапча етташ ши стаг вийна, кхоалгIаниг вен а гIиртина Магомедшапиев, боху талламо. Цо кхоалгIачунна хьажийна тапча ца яьлла, сакъоьруш Iечара иза эццахь лаьцна, боху талламчийн тоьшаллаша. Дов шозза теллина бехккъасторхойн коллегеша – 2015-чуй, 2017-чуй  шерашкахь. Читать дальше...

ГIалгIайн "Мемориалах" цIетасар тесна дитина

Radiomarsho.com 

"Эхо Кавказа" порталан авторан Акиев Тимуран материал Наьсарарчу гIалгIайн "Мемориалан" офисах цIе тесна шо даьлла, амма хIетте а аьтто ца баьлла оцу зуламна бехкенаш гучубаьхна, кхеле хIитто. Маршо Радион "Эхо Кавказа" сервисо билгалдоккху, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо лаьттинчу Евкуров Юнус-Бека гIуллакх таллар шен куьгакIел латтор ду аьлла, йинчу чIагIоно а пайда ца беара аьлла. 2018-чу шеран Дечкен-беттан 17-чу буса туьтмIаьжгаш йоьхкинчу шина стеган аьтто баьллера, "Мемориал" офисан кор а дохош, хIусамчохь цIе а тесна, къайлавала. Читать дальше...

Гадаев Мохьмад-Салахь. Б-те

Radiomarsho.com 

Гадаев Мохьмад-Салахь Б-те Къаналлин къоьжачу     регIан буьххьера Къоналлин тогIешка     хьоьжуш со Iа. Дахкарх чекх малх санна,     хенан кIоргера Леллачийн сурт хIутту,     деллалой, схьа. Къаьсттина къегаш го     суьйренан суьрташ: Эшаршца бирзина     балхара нах, Iоьхуш цIа хьаьлхинчу     хьайбанийн гурташ, Малх-нуьро лепайо     момсаран ах. Шовданийн кортошка     кIентий гуллора. Забарийн, ловзарийн     гIоттура гIов. Мехкарша (къайлаха)     хиш Iенадора, Шовдане бийлар шайн     далийта сов. Читать дальше...

Гадаев Мохьмад-Салахь. Ши лаам

Radiomarsho.com 

Гадаев Мохьмад-Салахь Ши лаам Ши лаам кхехка, Ши лаам кхехка: Цхьаммо дегIах герзаш доьхку, Вукхо лаьттан чкъоьрнаш оьхку. Цаьршиммо а цхьанхьа хоьхку Шайн и чехка ойланаш. Ши лаам кхехка, Ши лаам кхехка: Цхьаммо мостагIчунна кхуьйсу, Вукхо Iаламашца къуьйсу. Цаьршиммо а чабол* туьйсу, Бохуш баккхий толамаш. Ши лаам кхехка, Ши лаам кхехка: Цхьаммо дуьйцу хилларг дера, Вукхо хиндерг дуьйцу шера. Цаьршиммо а хIинцалера Керла адам ду кхиош. Ши лаам кхехка, Ши лаам кхехка: Бекхамечу дераллица... Читать дальше...

ГIажарийчоь къера ю, цо «латта-хIаваъ» ракета тоьхна чудаийтина Украинан «Боинг»

Radiomarsho.com 

ГIажарийчоьнан бахаман авиацин куьйгалло шолгIа довзийтар арахецна Украинан «Боинг» дохорах лаьцна. Документо бахарехь, Оьрсийчоьно арахецначу "Toр-M1" комплексца «латта-хIаваъ» кепара ракета тоьхна дохийна кема. Оцу хьокъехь яздо Bloomberg-о. Украинан «Боинг» кеманна ши ракета тоьхна Тегеран гIалин къилбаседа декъехьара, боху гIажаройн Iедало. Кема ирхдаьлла 6 минот яьлча дина цунна тохар, иза радарашна гучуьра а даьлла, некъах а тилла, нах бехачу куьпал дехьа, футболан майда юьстах а юьтуш, чудоьжна есачу меттехь. Читать дальше...

Шен ден накъостех хьехамчийн кхеташо кхоьллина шена Кадыровс

Radiomarsho.com 

Белхан рожехь къахьоьгу хьехамчийн кхеташо кхоьллина шена шен деца болхбинчу ветеранех Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Иза ша хир ву цуьнан коьртехь. Оцу хьокъехь хаам баржийна РИА "Новости" агенталло. "Консультацийн кхеташо кхоьллина Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонехь, цунна юкъагIур бу хьалха мехкан а, кIоштийн а куьйгаллехь Iийна нах», - билгалдоккху Кадыровн пресс-гIоьнчалло. Хаамо бахарехь, Iедална мехкан экономика, политика, юкъараллин гIуллакхаш дIакхехьа некъаш хьоьхур бу кхеташоно... Читать дальше...

Ша кхечу дарже волу бохург бакъ ца до Кадыровс

Radiomarsho.com 

Ша кхечу дарже хIоттаво бохург эладита ду, бакъ дац, аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, хаамбо «Грозный» телеканало. Хьалхо "Кавказ.Реалиино" яздина ма-хиллара, Нохчийчуьрчу Iедалан сайто зорбане даьккхира Кадыровс ша «могуш воцчу юкъанна» шен декхарш премьере Хучиев Муслиме дIадаларх долу омра. Кадыров дарба леладойтуш ву шена, хаамбира хIетахь мехкан куьйгалхочун пресс-гIоьнчас Керимов Iаьлвис. Ткъа оцу юкъанна «КIиранан аргументаш» портало даржийра, Оьрсийчоьнан президентан векал хир ву боху Кадыровх, аьлла. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

"Спартак" сыграет с "Динамо" в 1/2 финала Пути Регионов Кубка России


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Вероника Кудерметова

Россиянка Вероника Кудерметова вышла во второй круг турнира в Штутгарте


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Литва настраивает темп российским путешественникам





Путин в России и мире
Москва

Путин всё знал, но никого не предупредил: Немцы обвинили Москву в прорыве израильского Купола


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

У помощника Лукашенко по общим вопросам нашли три квартиры в Минске




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

В Киеве обвинили Зеленского в неспособности добиться нового пакета помощи от США


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Наталья Сергунина

Сергунина: В список 100 лучших ресторанов России включили 36 московских заведений



Москва

Патриотический спектакль показали ученикам истринской школы

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net