123ru.net
World News in Chechen

Новости за 05.01.2020

ТIеман доьшийлера 30 сов курсант вийна Либехь

Radiomarsho.com 

Триполи гIалахь тIеман доьшийлина динчу авиатохаро дIадаьхьина лаххара а 30 курсантан дахар, лазийна 33, чIагIдо Либин могашаллин министралло. Тохар дина шоьтадийнахь, дешархой дIагулбеллачу меттигна. Къоман Бертан Iедало хиллачу бохамна бехкево махкахь гIаттам айбина хьийза инарла, «Либин къоман эскаран» буьйранча ХIафтар Халифа. Амма цуьнан гоно бакъ ца дина тохар ша дина хилар. Дакъошка екъаеллачу Либехь дуьхь-дуьхьал лаьтта дуьнено къобалдина Къоман Бертан Iедал а (куьйгалхо Сарадж Фаиз)... Читать дальше...

Кенехь Iамеркан тIеман базина тIелетта меттигера бусалба радикалаш

Radiomarsho.com 

Бусалба радикалийн "Аш-Шабаб" тоба тIелетта кIиран Iуьйранна Кенерчу Iамеркан тIеман базина, хаам баржийна Associated Press агенталло. Кенин эскархоша дийцарехь, тIелеттачех вийна 4 стаг. Кенин а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн а эскархошна хилла дараш ца довзуьйту хьосташа. AP агенталло бахарехь, карарчу ханна сацаза ду кхийссарш. Кенехь а, Сомалехь а терроран тохарш дарца евзина тоба ю "Аш-Шабаб". Амма хIинццалц яцара иза Iамеркан эскаршна тIелетта, яздо агенталлаша.

Шира бIаьвнаш йохийна ши стаг лаьцна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Лаьмнашкахь тесна лаьттачу Бейни юьртара бIаьвнийн нартолаш (неIаршна тIехулара горга оганаш) схьа а йохуш, заманийн мехаллаш хIаллакъярна ши стаг лаьцна ГIалгIайчоьнан полицино. И нартолаш Нохчийчу дIаяхьа дагахь хилла лецнарш, аьлла гIалгIайн тайпанийн кхеташонан куьйгалхочун гIовса Даскиев Мурада, яздо "Интерфаксо". "ГIалгIайчоьнан ЖIайрахан-Iаьссин историн-архитектуран а, Iаламан а музейра петроглифаш а, гIалгIайн къоман васташ а тIехь долу нартолаш дIа а хьош, Нохчийчоьнна юхкуш лелла уьш. Читать дальше...

БагIдадехь ракеташ йиттина Iедалан а, дипломатийн а гIишлош лаьттачу куьпа

Radiomarsho.com 

«Баьццара зона» олучу дипломатийн а, пачхьалкхан гIишлош а лаьттачу куьпа ракеташ йиттина БагIдадехь. Кхерамзалла чIагIъян полицин а, эскаран а дакъош хьовсийна цига. Цхьа ракета йоьжна Цхьаьнатоьхначу Штатийн векалтна герга. Амма лазийна вац стагга а, полицино бечу хаамца. Минаш йиттина шахьарарчу Джадрия кIоштахь а, чевнаш йина лаххара а 5 стагна. Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто бинчу хаамца, цуьнан куьйгалхочо Помпео Майка Иракъера хьал дийцаредина Туркойчоьнан дипломатин куьйгалхочуьнца Чавушоглу Мевлютца. Читать дальше...

123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в режиме онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас.