Маршо Радион тIаьххьара керланаш (01.01.2020)
Велла урс кхетта шолгIа полисхо а, Кадыровн милитари-туризм, Ганнушкина: Путин - кхераме зама
Велла урс кхетта шолгIа полисхо а, Кадыровн милитари-туризм, Ганнушкина: Путин - кхераме зама
ТIедогIучу шарна «туризман шо» цIе тиллина Нохчийчуьрчу Iедало. Иза дагахь ду махка 400 эзар турист ваийта. Цунна кечбинчу барамашлахь ю милитари-тураш а тIехь – уьш кечйина Гуьмсерачу Оьрсийчоьнан лерринчу ницкхийн университето. Бакъду, цкъачунна хууш дац, хIун башхалла хир ю оцу барамийн. Нохчийчоьнан туризман министра Байтазиев Муслима ТАСС агенталле бинчу хаамца, кхечунхьа яьржинчу туризман кепех тера йоцуш хир ю милитари-тураш. Байтазиевс дийцарехь, туристашна оьшу хьелаш дерраш а долуш ду махкахь... Читать дальше...
Дарбан хIусамехь дIаваьлла шинарийн сарахь Магасерчу некъа тIехь ханна тIелеттачара лазийна волу шолгIа полисхо а. Оцу хьокъехь яхначу буса хаамбина «Интерфаксо», шен хьасташна тIе а тевжаш. "Некъа тIехь хаден цхьа белхахо циггахь вийна, шолгIаниг дIаваьлла дарбан цIийнахь», - аьлла цо. Кхелхинчу полисхойх цхьаъ ву 34 шо долу полицин лейтенант Кокорхоев Зеламха. ШолгIачун цIе йовзийтанза ю цкъачунна. Уьрсо яйн чов йина, амма лоьралла ца эшна кхоалгIачунна. ТIелеттачаьргахь маса-тоьпаш хилла аьлла бара юьхьанца баржийна хаам... Читать дальше...
ТIаьххьарчу ткъа шера чохь Оьрсийчохь йохийна дIаяьхна пачхьалкхан институташ, Iедалх йозаелла кхел, кхерам беха бахархошца, билгалдаьккхина адамийн бакъонаш тергалъечу «Гражданское содействие» комитетан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас ша Путин Владимир президентан дарже хиина 20 шо кхачарца доьзна DPA агенталлина еллачу интервьюхь. Юкъараллин цхьаьнакхетараллаш кхидIа а йохош лаьтта Оьрсийчохь, аьлла Ганнушкинас. Лахьан-баттахь Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан сацамца дIакъевлира Пономарев Леван «Адамийн бакъонашкахьа» юкъаралла. Читать дальше...
Бевзаш боцу нах тIелетта Магасерчу некъан ханна, вийна царех шиъ, цхьаъ лазийна, шен хьасташна тIе а тевжаш хаамбо "Интерфаксо" "Кхаа стага, машенахь Магасехь лаьттачу некъан ханна герга а вахана, маса-тоьпаш йиттина полисхошна тIе. Шина полисхочунна чевнаш хилла, цхьаъ велла, халахеташ делахь а», - аьлла агенталле хьасто. РИА Новости агенталло бечу хаамца, уьрсаш хилла тIелеттачаьргахь. "Машен тIетоьхна некъа йистехь лаьттачу полисхочунна, цул тIаьхьа уьрсаш диттина цара цуьнан накъосташна. Читать дальше...
Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).
123ru.net — живые новости в прямом эфире!
В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.