Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Сентябрь
2019

Новости за 24.09.2019

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (24.09.2019)

Radiomarsho.com 

Сунжехь елла йоI, Дагестанехь йийна кхо зуда, байинчу нохчех компенсаци кхачор. (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Немцов верна бехкевина, набахтехь хан токхучу Губашевс арздина Кадыровга

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан оппозиционер Немцов Борис вийна аьлла, набахте хьажийначу Губашев Анзоран латкъамбина, ламаз ца дойту шега, ишта шегарчу КъорIанан муьжалт а ятIийна аьлла. Адвокате Молодежников Викторе дийцина Губашевс, кху аьхка шен камерех хьовсучу заманчохь КъорIанан муьжал ятIийна, ша бетах хьокху гата лаьтта а кхоьсира шен аьлла. Ишта цо далхийна, кест-кеста ламаз дечу заманчохь а дуьхьалонаш латтайо шена аьлла, яздо "Медиазона" хьостано. Губашев Анзоран хIусамнанас  кехат дахьийтина хиллачух Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга  Кадыров Рамзане. Читать дальше...

Украинера бакъонашларъярхой дуьхаьл бу нохчо Илаев Оьрсийчоьне дIавалийта

Radiomarsho.com 

Украинан Инарла прокуратуре кхайкхамбина бакъонашларъярхоша, Оьрсийчоьно къиза зуламаш лелийна аьлла, бехкевен нохчо Илаев Ахьмад дIацавалар доьхуш. Цара чIагIдарехь политикан бух тIехь ду иза дIавехар. Шинаридийнахь "Интерфакс-Украина" агенталлан адвокато Ангелов Ивана дийцина, карарчу заманчохь Украинан Инарла покуратура толлуш ю Илаевна экстрадици яр доьхуш Оьрсийчоьно дахкийтина кехаташ, ткъа Илаев ша цкъачунна лаьцна ву аьлла. Илаевн адвокато бахарехь, Украинехь лецира иза Нохчийчохь стаг вийна цо... Читать дальше...



ХIун дина нохчаша Бордорчу чагIаро?

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь цхьа зама хьалха къаьркъа, чIагIар "охьаотуш" гойту видео ю моьттур ду хIара юьхьанца. Амма тIахьо хуур вайна, нохчаша, Францехь, стенна оту тоьллачех долу Бордо-маларш!

"Тхайн бераш ца гойту тхуна"

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а пхеа зудчо арз хьажийна Оьрсийчоьнан президентан цIарх берийн бакъонаш ларъечу векале Кузнецова Аннига. Губашева Асяс а, Кодзоева Зарифас а, Муружева Лайлаа а боху, Iедало кхочуш ца бо кхелийн сацамаш, шаьш марехь Iийначу божарша ца гойту шайна шайн бераш. Ткъа Сагова Хедас а, Хамзатова Маликас а яздина, шаьш, наной, дийна доллушехь, хийрачу нахе леладойтуш ду шайн бераш. "Иза диллина лела хьал ду ГIалгIайчохь. Тхуна шерашкахь ца гойту тхайн бераш, кхелаша тхоьгахьа бина сацамаш карахь боллушехь"... Читать дальше...

Европан кхело 920 эзар евро кхачийна Нохчийчохь байначийн гергарчарна

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь полисхоша лецначул тIаьхьа вайначу 10 стагах церан гергарчарна 920 эзар евро компенсаци яла тIедожийна Европан адамийн бакъонийн кхело Оьрсийчоьнна. Кхелан сайт тIехь зорбане баьккхина суьдхойн сацам. 2001-2003-чу а шерашкахь низамаш дохош тIеман декхарш кхочушдечара лецначул тIаьхьа байначийн гергарнаш бу кхеле бевлларш аьлла, яздина ду хаам тIехь. Кху беттан 17-чохь Нохчийчохь тIепаза вайначу бархI жимчу стеган гергарчу наха а латкъамбина Страсбургерчу кхеле.

ГIалгIайчуьрчу кIоштийн, гIаланийн куьйгалхой хийцалуш бу

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу кхаа баттахь ГIалгIайчуьрчу кхаа гIаланийн мэраша даржаш охьадехкина аьлла, хаамбина "News tracker" хьостано. Дуьххьара ша дIаволуш хиларх хаамбира Магасан мэро Цечоев Беслана. Цунна тIаьххье оршотдийнахь даржаш охьадехкира Наьсаран а, Малгобекан а куьйгалхоша Тумгоев Алихана а, Эгиев Сулеймана а. Социалан машанашкахуда дIахаийтина цара шаьш даржех мукъадовларх. Официалехь даржашкара довларан бахьанаш довзийтина дац цара. Ханна Магасан мэран декхарш кхочушдан хIоттийна Марзиев Мохьмад. Читать дальше...

Шаманашца а, холмачхошца а Iедалхойн йолчу юкъаметтигехь дуьйцу динан эксперто Фаликов Бориса

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан пачхьалкхан гуманитаран университетерчу дин Iамочу Центран доценто Фаликов Бориса "Вечер" программан эфирехь дийцина, кхузаманан Оьрсийчуьра нах хIунда теша шаманех а, бозбунчех а.



Ца лаахь а, лууш санна даймохк безийтар

Radiomarsho.com 

Муха кхуьу Кадыров Ахьмадан фондера ахча Дукха бу Къилбаседа Кавказехь, шайн мохк а безаш, цунна сагIадан кийча совдегарш. Цхьаболучара ло ахча даггара, амма, шаьш оьзда нах хиларе терра, къайлахьо дийриг. Кхечара шайгара даьлла дика хьулдо, иза гIарадаьлча шайна зен хиларх а кхоьруш. Къаьсттина кIезиг гойту шаьш даймахканна рицкъ кховдош бусалба къаьмнех болчу совдегарша. Цундела, масала, хила а тарло Оьрсийчохь уггаре дукха хьал доладерзийначийн могIарахь волчу гIалгIайн миллиардеро Гуцериев... Читать дальше...

Кхо зуда йийначу Дагестанерчу вахархочунна 16 шо тоьхна набахтехь даккха

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу Дербентан кIоштара вахархо Джалилов Бедел бехкевина кхо адам дерна. Нана а, цуьнан кхиазхо-йоI а, шен вешин зуда а йийна цо, хаамбо REGNUM агенталло. 1993-чу шеран гурахь шен 14 шо долчу заманчохь йийна цо шайн эвлара нана а, йоI а. Шен ден топ а эцна шеца доьшуш йолчу йоьIан хIусам чу а ваьлла хиллера иза хIетахь. ХIусамнанна дера чевнаш йинера цо, ткъа цуьнан йоIе чохь мел долу мехал хIума шега схьало аьллера. Ахча а, деши цо шега дIаделлачул тIаьхьа, герз тоьхна иза а йийна, къайлаваьллера Джалилов. Читать дальше...

Террорхойн цхьа тептар вовшахтоха деза Евразехь аьлла Назарбаевс

Radiomarsho.com 

Казахстанан хиллачу президенто Назарбаев Нурсултана дIахьедина, вовшахтоьхначу дуьненаюкъарчу зуламан тобанех цхьа тептар хIоттон деза аьлла. Евразин пачхьалкхийн парламентхоша кечдан деза и, цо дика жамIаш лур ду терроризмца бечу къийсамехь аьлла хета цунна. Ишта Казахстанан лидеро кхайкхамбина парламенташка, пачхьалкхийн куьйгалхошна жигара тIеIаткъам баре доьхуш, цаьрга социалан хеттарш листийтарехь. News.ru хьостано хьалхо яздира, полицино а, ФСБ-но 2019-чу шарахь пачхьалкхан 17 махкахь "Исламан... Читать дальше...

ГIалгIайн жигархой лаьцна буьтур бу карара шо чекхдаллалц

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн къоман цхьааллин комитетан куьйгалхо Мальсагов Муса а, "Опора Ингушетии" боламан хьалханча Чемурзиев Барах а лаьцна вуьтур ву ГIуран-беттан 25-чу дийне кхаччалц, хаамбо "Мемориало". Зазадоккху-баттахь Магасехь йоьдучу митингехь Iедалан векалшна дуьхьал ницкъ баьккхина аьлла, бехкаш дехкина цушинна. Итт шо гергга хан кхачайо оппозиционершна дохкучу бехкашца а догIуш. Мальсагов а, Чемурзиев а, ишта кхин а виъ жигархо а политикан тутмакх ву аьлла, дIакхайкхийра "Меморило".

Экс-сенатор лаьцна вуьтур ву ГIуран-бутт баллалц

Radiomarsho.com 

Кхарачойн-Чергазийчоьнан цIарах сенатор лаьттинчу Арашуков Рауфан а, цуьнан ден, "Газпром межрегионгаз" компанин инарла директоран хьехамчан Арашуков Раулан а чохь йоккху хан дIаяхъяр дехна талламчаша. Кхелахойн пресс-гIуллакхойн информацина тIетевжина, бина цунах хаам "Интерфаксо". Арашуков-жимахверг бехкево ши стаг вейтарна а, зуламхойн тобанехь хиларна а, тешана тIеIаткъамбарна а. Арашуков Рауль таIзаре хIоттийна зуламхойн тоба вовшахтохарна а, "Газпроман" 30 миллиард сом ахча даарна а. Дас а, кIанта а бехкаш тIе ца лоцу. Читать дальше...

Веллачу кхиазхочун дакъа карийна Экажево эвлахь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу Экажево эвлахь 11 шо долчу кIентан дакъа карийна. "Ангушт" телеграм-канало Iорадаккхарехь, садукъийна вийна лараш ю цунна тIехь. Официалехь информаци яц хиллачух. Кхиазхочун гергарнаш кхеташ бац, хIун бахьанаш хIиттина хилла цунна. Ницкъаллийн структураша толлуш ду гIуллакх.

Чохь газ дIаихна елла гIалгIайн 14 шо долу йоI

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан талламхойн органаша зен долийна Сунжа-кIоштарчу хIусамехь газ дIаихна хьахаран хьожанехь еллачу кхиазхочух гIуллакх, яздо "Интерфакс-Юг" хьостано. "Яхначу кIиран буса луьйчучу чохь Троицкерчу доьзалера 14 шо долу йоI елла карийна. ДегIа тIехь ницкъбина лараш яц. Хетарехь, газ дIаихна цуьнан хьожанехь елла и йоI", - аьлла. хаамбина прокуратуран пресс-гIуллакххоша.

Дукха зударий балор официалехь магийта деза аьлла Гайнутдина

Radiomarsho.com 

Официалехь дукха зударий хилар къобалдан деза аьлла, хьехна юха хаьржинчу Оьрсийчуьрчу бусулба Динан урхаллан куьйгалхочо Гайнутдин Равила."КIезиг бу Оьрсийчохь бусулба боцу божарий, шиъ, кхоъ зуда йоцуш? Кхузахь терзан тIе дилла деза - йа 40 зудчуьнца юьстах вийлар, царех цхьана а кепара жоьпалла тIе а ца лоцуш, масех бер дIа а тесна вахар гIоле ду, йа ши зуда цIартIе а яьккхина, Далла хьалха а, низамашна хьалха а жоьпалла тIе а эцна вахар тоьла?", - аьллачу Гайнутдинан дешнаш далийна "Интерфакс" агенталло. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о Всероссийском конкурсе спортивных проектов «Ты в игре»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Рафаэль Надаль

Надаль навестил в больнице 16-летнюю российскую теннисистку


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Вокруг парка на электромобиле: что будет доступно напрокат в Москве





Путин в России и мире
Москва

«Ану-ка, девушки!»: какой была легендарная передача, которая вернется на ТВ


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

«Набей им морду, покажи им, что ты настоящий белорус». Лукашенко о поездке спортсменов на Олимпиаду




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Генсек НАТО прибыл в Киев: главные заявления Столтенберга и Зеленского


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Елена Маркелова

Инклюзивный Фестиваль гимнастики с участием детей с ограниченными возможностями здоровья прошел в Самаре



Москва

Личка — о самой дорогой покупке в Москве: два дня назад решил купить самокат за 60 тысяч рублей

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net