Шоьтадийнахь Оьрсийчоьно а, Украинас а лецнарш хийцар къобалдина масех пачхьалкхийн куьйгалхоша а, Евробертан лаккхарчу векалша а, хаамбина "Немецкая волна" гIирсо. "Эххар а кхочуш хили! Сенцов Олег а, украинхойн хIордхой а маьршабахаро са паргIатдоккху", - яздина Твиттерехь Евробертан кхеташонан куьйгалхочо Туск Дональда. Цо кхайкхамбина Оьрсийчоьне, "биссина политикан тутмакхаш а дIахеца" аьлла. Евроберто хьалхо масийттазза дехнера украинхой маьршабаха аьлла, дагадаийтина Евробертан арахьарчу политикан лакхарчу векало Могерини Федерикас. Читать дальше...
Яхначу буса Абу-Дабехь дIаяьхьначу UFС -н чемпионатехь толам баьккхина Дагестанерчу латархочо Нурмагомедов Хьабиба Iамеркарчу Порье Дастинца хиллачу тасадаларшкахь. КхоалгIачу раундехь Порье эша а веш, UFС-н тоьлла чемпион ваьлла Нурмагомедов. Оцу турнирехь ишта толам баьккхина дагестанхоша Махачев Ислама а, Салихов Муслима а, Ахмедов Омарис а. ШолгIачу раундехь эшийна Абдурахманов Шемал. Тухугов Зубайрин латар дирзина цхьа а эшна а ца вуьсуш. Боккха кхаъ хиллера Дагестанна Хьабиба толам баккхар. Читать дальше...
Европехь бехачу мухIажиршна кIелоярна дуьхьал Парижерчу Германин векалтна хьалха митинг хIоттийнера шоьтадийнахь. Европан пачхьалкхашкахь бехачу нохчийн диаспорш юкъайогIугIучу "Барт. Маршо" ассоциацино вовшахтоьхна акци яра иза, дукха хан йоццуш Берлинехь вийначу нохчийн мухIажирца Хангошвили Зеламхаца йоьзна. Гулбеллачара тIедожийра немцойн Iедалшна Хангошвили вер озабезамаш боцуш, нийсонца таллар. "Кавказ.Реалии" портале гулбеллачра дийцарехь, бIе сов стаг веанера хIоттийначу митинге. Царех... Читать дальше...
Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).
123ru.net — живые новости в прямом эфире!
В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.