Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Сентябрь
2019

Новости за 02.09.2019

"Свобода" Радионо схьайоьллуш ю "Север.Реалии" медиапроект

Radiomarsho.com 

Оьрсийн "Свобода" Радион сервисо "Север.Реалии" медиапроект ю схьайоьллуш. Къилба-Малхбузен федералан гонашкарчу ситуацех а, лаьттачу мехалчу проблемех а дуьйцуш информацин, аналитикан сайт хир ю иза. "Север.Реалии" сайтан агIонашкахь шуна карор ю Оьрсийчоьнан исс кIоштара а, Къилба-Малхбузен гIаланашкара а – Калининградера Воркута, Мурманскера Великие Луки, Петрозаводскера Сакт-Петребурге кхаччалц а – керланаш, репортажаш, ньюйсмейкершца а, эксперташца а интервьюш, аналитика а, историн обзораш а... Читать дальше...

Басаевн тобанехь хиллачу Оздиевна 25 шо хан тоьхна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело набахтехь даккха 25 шо тоьхна Оздиев Хьасанна, герзашца йолчу тобанашлахь оьрсийн эскархошна тIелетарш дина ву аьлла, бехкевина. Инарла прокуратуран версица,  1999-чу шеран аьхка Басаев Шемала а, Хаттаба а куьйгалла дечу тобанхойх дIакхетта хилла иза. "2004-чу шаре кхаччалц жигара дакъалаьцна цо Нохчийчохь герзашца лелийначу бунташлахь", - аьлла, яздина ду хаамехь. Ишта билгалдаьккхина, Ведана кIоштахь ши эскархо вуьйш а, юкъахь хилла ву иза аьлла.



Оршотдийнахь Киево а, Москвано а лецнарш хуьйцуш хилар бакъ ца до адвокато

Radiomarsho.com 

Украинехь дIалаьцначу масех Оьрсийчоьнан вахархочун адвокато Рыбин Валентина дIахьедина, Москвана а, Киевна юкъахь оршотдийнахь тутмакхаш хийцар хир дац аьлла. "Царна гечдеш Зеленскийс омра ца дахь, цхьа а цхьанхьа а гIур вац. Цкъачунна омра доцуш ду", - аьлла Рыбина, яздо "Новости" агенталло. Хьалхо адвокато хаамбинера, Киевехь лецна латточийн оьшу кехаташ кечдеш ду аьлла. Цунна хетарехь, шинаридийнахь хила тарлора тутмакхийн хийцарш. ПIераскандийнахь Украинан кхерамзаллан Урхаллан пресс-секретаро Гитлянская Еленас дийцира... Читать дальше...

15 шо даьлча а байцалун сингаттам Бесланерчу школана тIелатар дина

Radiomarsho.com 

15 шо кхаьчна. ХIора шарахь а санна, цигахь дуккха а нах а гулбелла, билгалдаьккхира и лазаман де. Баьхкинера цу школехь закъалтхой лаьттинарш а, уьш мукъабаьхнарш а, могIарера бахархой а. Иштта, «Бесланера наной» олучу юкъаралло дIаяхьначу конференцехь хаийтира, зен хиллачарна мел гIо дина а, тIедогIучу шерашкахь дан дезачух а.

Оьрсийчохь кеман билетийн мехаш тIекхеташ ду 10 процентна

Radiomarsho.com 

Дахначу шарца дуьстича, кху шарахь Оьрсийчохь кеман билеташ дазлур ду 9-I0 процентна. ХIаваан транспортан эксплуатантийн Ассоциацин директоран гIовсан Шокуров Борисан хаамна тIе а тевжина, яздо цунах лаьцна "Известия" газетано. "Шеран шолгIачу а, кхоалгIачу кварталашкахь са хуьлу авиакомпанешна, амма хьалхарчу а, тIаьххьарчу кварталашкахь зенаш лов. Делахь а, кху шарахь а пайда хир бу  олийла дац", - аьлла Шокуровс. Ассоциацин жамIашца, карарчу шеран хьалхарчу кварталехь 45 миллиард соьмана зен хилла кеманашна. Читать дальше...

Бесланан трагеди тергамза а йитина, Путин Монголин даздаршка вахана

Radiomarsho.com 

Бесланерчу школехь байинарш дагалоьцуш чIурамаш латор ду Оьрсийчоьнан гIаланашкахь. Шинаридийнахь дагалецамийн барамаш дIахьур бу Новосибирскехь а, Махачкалахь а, Благовещенскехь а, Иркутскехь а, ишта кхи дIа йолчу шахьарашкахь а. Билгалдаккха догIу, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хIоразза а санна тергамза битина Къилба ХIирийчохь трагеди хилар билгалдоккху барам. Кху 15 шерачохь цкъа бен хилла вац цигахь президент, школана штурм йинчу шолгIачу дийнахь. Шен пачхьалкхехь лазаман де билгал ца доккхуш... Читать дальше...

"Бесланерчу наноша" юха а доьху школана дина тIелатар таллар

Radiomarsho.com 

Бесланан трагеди цхьана хIуман тIехь озабезам а боцуш таллар дехна кIирандийнахь дIаяьхьначу пресс-конференцехь "Бесланера наной" комитето. "Оха мел дийриг Оьрсийчоьнан низамийн гурашкахь ду, - дIахьедина комитетан куьйгалхочо Дудиева Сусаннас. – Дера митингаш а, пикеташ а ма хIиттийна оха. Тхан, бахархойн позици ю иза. Шен машарехьа къийсам латто беза. Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело дуккха а шерашкахь гIуллакх литтина, тIеэцна сацам бу, динчу терактна Оьрсийчоь бехкехиларх. Церан сацаман цхьа пункт кхочушйина яц Оьрсийчоьно. Читать дальше...

"Кавказан дог" цIе тиллина Магасехь дечу маьждигна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан коьртачу шахьарехь Магасехь дан долийначу маьждиган цIе "Сердце Кавказа" аьлла, тилла сацам хиларх, хааме даьккхина инстаграмехь гIалин мэро Цечоев Беслана. 8, 5 эзар стаг чутарлуш хир жду Магасера маьждиг. ХIора мимаран локхалла 65 метар хир ю, ша маьждиг кхаа гIатах ду. Ишта Iалашо ю бухарчу гIат тIехь исламан синбахамаллин музей елла а. ЗаьIапхойн аьттонна пандусаш а, лифташ а ян дагахь бу Iедалхой.

Кхарачойн-Чергазийчохь карийна хи чу вахна Молаев Шемал

Radiomarsho.com 

Байначу беттан юккъерчу деношкахь Карачаевн кIоштарчу Орджоникидзен эвлахь Кубань хи чу вахна хиллачу, Нохчийчуьрчу 25 шо долчу Молаев Шемалан дакъа схьакарийна. "Ширачу тIайна гергарчу Кубина а, Усть-Джегутана а юккъехь карийна цуьнан дегIан чалх", - аьлла, дийцина волонтераша. Гергарчара а тIечIагIдина, хичуьра хьалаваьккхинарг шайн кIант хилар. Полисхой, орцанхой, волонтераш, меттигера бахархой а цхьана бара Молаев лоьхуш. Луларчу республикашкара нах цхьана оьхура орцах. ДIахIиттина царна юург латтош меттигера зударий а хиллера.

Спорт в России и мире
Москва

Хоккейный клуб из Балашихи выиграл Кубок Регионов


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

WTA предвкушает дуэль Елена Рыбакина — Юлия Путинцева на турнире в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

"Экобас" не для Невы: стильные электросуда для Москвы делают в Ленобласти





Путин в России и мире
Москва

Пашинян подготовил "подарок" Путину к его инаугурации. Запад будет доволен


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

«Набей им морду, покажи им, что ты настоящий белорус». Лукашенко о поездке спортсменов на Олимпиаду




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Кличко не видел Зеленского с начала конфликта с Россией


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Баста

«Папа сегодня в Кемерово, и здесь кайф»: как Баста собрал стадион кузбассовцев



Москва

Доходность инвестиций в недвижимость в Тамбове составила 10,7%

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net