Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Сентябрь
2019

Новости за 25.09.2019

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (25.09.2019)

Radiomarsho.com 

Некъахьовзамашкахь нах лазийна, Кадыровс бехкбаьккхина да, Нохчийчохь ду гIад дайна пенсеш. (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Трампана импичмент кхайкхоран процедура йолорах хаам бина Конгрессо

Radiomarsho.com 

Iамеркан Конгрессо дIакхайкхийна Трамп Долналд президентан даржера дIавоккхуш процедура йолош ю ша аьлла. Бахьана ду Зеленский Владимирца телефонехула къамел деш бакъхьа доцуш лелар.

Шен хилла зуда йийна хIири кхечу зуламашна а бехке хилла

Radiomarsho.com 

Шен хилла хIусамнана йийна 31 шо долу Техов Вадим хьалхо кхин нах байа гIоьртина а хилла. Стохка БуьритIерчу цхьана кафечохь хиллачу инцидентна юкъахь хилла а ву иза. ХIирийчу садаIа баьхкинчу ГIалгIайчуьрчу бахархошца конфликт иккхина хилла Теховн а, цуьнан доттагIийн а. Кхаа гIалгIана уьрсан чевнаш йинера цара хIетахь. Цигахь зенаш динчийн интересаш Iалашъеш ву адвокат Ахильгов Калой. Инстаграмехь кадамбина цо ГагиевгIеран доьзале. "ДIалаьцна кхуьй а дIасавалар а дехкий вита аьлла, хьехнера прокуроро кхелахошна. Читать дальше...



Таррашца лата Iемаш бу кавказхой

Radiomarsho.com 

Цхьана заманаш хьалха тур коьрта герз хилла лелла Кавказехь. ХIинца цуьнца лата Iемаш бу Къибаседа Кавказера спортхой. Амма атта дац таррашца лата а, оцу латарх спортан "керла кеп" ян а. Кхо шо хьалха Къилбаседа ХIирийчохь дендан долийна таррийн сий. БуьритIерачу цхьана школан хьехархочо Кусаев Михаила (ала дашна, иза цхьа хан хьалха "Дог дIало берашна" олучу федералан конкурсехь дакъалаьцна ву) кхоьллира берашна, театрехь санна а доцуш, баккъал а таррашца лата Iамош йолу клуб. Шен болх бора клубо... Читать дальше...

Маре йоьдучу йоIаца сурт даьккхина да "кхеле" озийна Кадыровс

Radiomarsho.com 

Маре йоьдучу шен йоIаца хIусамехь сурт даккхийтинчу Нохчийчуьрчу цхьана дега гечдар дехийтина, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедарш динчул тIаьхьа. Республикан Iедалан белхахошца дIахьочу кхеташонехь Кадыровс емалвина хилла, маре йоьдучу йоIаца сурт даьккхина да, нохчийн Iадаташца догIуш дац цо динарг аьлла. Регионан урхалхочо дIахьедо, нохчийн гIиллакхаш ша цхьанге а дохадойтур дац: "Цундела ваьккхина со санкцийн тептаре" аьлла, тIе а тухуш. ДIахьедар дина шолгIачу дийнахь социалан машанашкахула видео яьржина... Читать дальше...

Уггар а лахара пенсеш ду аьлла Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

"Известия" газетан информацица, уггар а лахара пенсеш оьцуш хилар хааделла Оьрсийчуьрчу регионашлахь Дагестанехь (10, 9 эзар), ГIебарта-Балкхаройчохь (11 эзар), Кхарачойн-Чергазийчохь (11, 9 эзар), ГIалмакхойчохь (12 эзар), ГIалгIайчохь (12, 1 эзар) кхочу. Ишта билгалбаьхна лакхара пенсеш оьцу мехкаш а. Чукотскерчу бахархоша оьцу 24, 3 эзар сом, Магаданехь 21, 6 эзар, Камчаткехь 21, 2 эзар, Мурманскехь 19 эзар сом, Якутехь 18, 9 эзар . Юккъерчу барамехь аьлча, пачхьалкхехь лелачу пенсин барам бу 14, 2 эзар сом.

Нохчийчохь хиллачу шина некъахьовзамехь нах лазийна

Radiomarsho.com 

Комсомольское олучу эвлахь 18 шо а кхачазчу кхиазхочо Форд Фокусан урхалла дечу заманчохь некъатIехула дехьаволучу 7 шо долчу кIантана тIе машен тоьхна. Чолхечу чевнашца Соьлжа-гIаларчу лоьмар 2 йолчу дарбан цIийне валийна иза. Оццу заманчохь ТIехьа-Мартанарчу Закан-юьртана гергарчу Кавказ федералан трасси тIехь а вовшахкхетта ВАЗ-11183 а, ВАЗ-217030 ши машен. Хиллачу некъан бохамехь лазийна ши машенлелорхо ТIехьа-Мартанарчу кIоштан дарбан цIийне дIакхачийна. Оцу шина а инцидентан хьокъехь дIахьош талламаш бу.

Исламан Лигин инарла секретара "Европехь фетваш цадар" доьху мухIажирашка

Radiomarsho.com 

Мел деза ду Исламан Лигин дош бусалбанашна? "Политикан ислам" хуьлийла дац, аьлла хета Дуьненаюкъарчу Исламан Лигин куьйгалхочунна ал-Iиса Мухьаммадна. Ишта олу цо ша Европерчу мехкашка кхаьчча. ТIаьххьарчу бетта чохь лаххара а шозза дина цо и политикашна товш хуьлу къамел: Италехь а, Францехь а. "Европера массо а бусалбанаш декхаре бу конституцица баха, шаьш бехачу мехкашкара низамаш, гIиллакхаш лардан. Арахьарчу наха ден фетваш, церан кхетам мегар дац шаьш дехачу меттигашкахь коьрта лара", -... Читать дальше...

Аджарера дечка маьждигаш

Radiomarsho.com 

Иттаннашкахь ду Аджарерчу лаьмнашкахь шира дечка маьждигаш. Ханна уггаре жиманиг ду 1907-чу шарахь дина. Шайн махкахь и тайпа маьждигаш дисина дацаре терра, цаьрга хьийса оьху луларчу Туркойчуьра туристаш.

Ужахов лаьцна витина бух а боцуш аьлла цуьнан адвокато

Radiomarsho.com 

ГIуран-беттан 25-чу дийне кхаччалц чохь вита сацамбина Ессентукерчу кхело гIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташонан куьйгалхо Ужахов Малсаг. СИЗО-ра БуьритIе дIавуьгучу заманчохь вон хиллера цунна боху цуьнан адвокато. Маршо Радионо яздира, Зазадоккху-баттахь Магасехь хиллачу митингехь дакъалаьцначул тIаьхьа иза лацарх. "Цхьана а кепара бух боцуш дIаяхйира цуьнан хан. ХIоразза а лаьцнарг чохь вуьтуш хан яхъечу заманчохь керла документаш хила деза кечдина, иза чохь вита бахьанаш билгалдаьхна. Ткъа Ужахов чохь вита сацамбина кхелахоша шайггара... Читать дальше...

Брянскерчу вахархочо 140 соьмах духкуш ду Кадыровн сурт тIехь долу ахча

Radiomarsho.com 

Брянскерчу вахархочо Авито-н сайтехь дохка даьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан сурт тIехь долу ахча-жетон. Цхьана агIор Кадыровн сурт ду "Сийлахьчу пачхьалкхехь деха тхо" аьлла, тIе а яздина. Ткъа вукху агIор "Сердце Чечни" ц1е йолчу маьждиган сурт ду. 140 сом мах хIоттийна духкучо.

Электронан цигаьркаш Нохчийчохь ехкар хьехна Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо дехка деза аьлла электронан цигаьркаш Нохчийчу кхехьар а, уьш яржор а. Ишта цо тIедиллина хазаллин салонашкахь а, спортан кхача бухкучу туьканашкахь а талламаш дIабахьа, цара пайдаоьцу препараташ зуьйш, бизнес лелон лицензи юй а хьовсуш. Адамийн могушалла Iалашъяран хеттарш айдинчу кхеташонехь шинаридийнахь вистхилла Кадыров Рамзан оцу хьокъехь. "Дуккхаъчу дуьненан пачхьалкхашкахь йихкина ю вейпаш. Вайн республика а юкъара йолийла дац. Вейпаш – цамгар ю, адам шех дозуш йолу. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о строительстве спортивных объектов


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Рыбакина узнала неприятную новость перед "казахстанским дерби"


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Москвичам рассказали, какие усадьбы столицы можно посетить для пикника





Путин в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о единых принципах привлечения инвесторов


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко заявил о желании построить в Белоруссии вторую АЭС




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Кличко не видел Зеленского с начала конфликта с Россией


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Певица

Певица Любовь Успенская назвала дурной композицию Пугачевой «Балалайка»



Москва

Взятие Семеновки открывает ВС России путь до Карловки

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net