Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Сентябрь
2019

Новости за 11.09.2019

Алхановс совгIаташ делла Соьлж-ГIалахь 18 шо долу жима стаг вийначу полисхошна

Radiomarsho.com 

"За отличие в борьбе против терроризма" цIе йолу къастамаллин билгало елла чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочо Алханов Руслана кху беттан 9-хь Соьлж-ГIалахь жима стаг вийначу некъан инспекцин шина белхахочунна. Цунах лаьцна дуьйцуш ду чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан Instagram-чу агIонехь, хаам бо "Кавказ.Реалиино". Шина полисхочуьнан цIерш йохуш яц.   Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, Соьлж-ГIалахь некъан полицин (ГИБДД) белхоша... Читать дальше...

Маршо Радиона делла жоьпаш

Radiomarsho.com 

Махкахь 83 школа кхаа рожехь болх беш ю, меттигаш ца тоарна. Ткъа оцу юкъанна дIахьедо Iедалхоша, шаьш 50 сов маьждиг ду хьаладеш бохуш. Цу тIехула хаттар хIоттийнера Маршо Радионо шен сайтехь: Уггаре хьалха доьшийлаш оьшурий - те вайна? Я маьждигаш ца тоьу вайна?



Кадыровга гIо дехначу зударшкара гуш-хезаш бехкбаьккхина Iедалхоша

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане хIусамаш ехначу зударшкара гуш-хезаш бехкбаьккхина меттигерчу Iедалхоша. Цунах лаьцна видеосюжет гайтина ЧГТРК "Грозный" телеканалан эфирехь. Репортажехь дийцарехь, Асет а, Зарема а, Яхмат а цIерш йолу зударий 20 шо хьалха баха хевшина хилла Хасавюьртахь, ткъа церан доьзалш гIоза-декъал бехаш хилла Нохчийчохь. ХIетте а, дийцарехь, Кадыровга шайна хIусамаш йоьхуш хилла уьш.   Республикерчу Iедалан кьйгалхочун когаметто Тумхаджиев Iийсас дийцарехь... Читать дальше...

Шех цIе а тесна, ваьгна ненан маттах дог лозу Iилманча

Radiomarsho.com 

Маршо Радио,                                                                                                            Idel.Реалии Ижевскехь шинарийдийнахь Удмуртин парламентна хьалха ша-шен вагийна Iилманчас Разин Алберта. Лоьрийн дан гIо доцуш, велла иза. Ша-шен вагавале, иза лаьттина Гамзатов Расулан "Кхана сан мотт нагахь санна лахь, кийча ву со тахана вала" дешнаш тIехь долу кехат кара а лаьцна. И ирча сурт довзуьйту Маршо Радион ГIезалойн-Башкирийн "Азаттык" редакцино. ЦIеяйархой а, лоьраш... Читать дальше...

Идлибехь Оьрсийчоьнан планаш эшна йогIу. Эшамаш бу церан эпсаршлахь а

Radiomarsho.com 

Bloomberg: Шемахь гIаш эскаршца операци кечъеш ю Оьрсийчоь Оппозицин ницкъашкара Идлиб схьайоккхуш, гергарчу кIиранашкахь Шемахь шуьйра  операци йоло дагахь бу, Оьрсийчоьнан эскарийн гIоьнца. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран "поваран" Пригожин Евгенийн куьйгакIел болу бIеннашкахь тIемалой карарчу заманчохь тIелата кечлуш бу. Танкашца цхьана, 50 стаг цхьана тобанехь а волуш, оьрсийн авиацин гIоьнца буьйлабала Iалашо ю церан. Bloomberg агенталло кхааридийнахь Iорабаьккхина и хаам, шайн къайлахчу хьостанашна тIе а тевжина. Читать дальше...

Узбекистанера 8 стаг араваьккхина Нохчийчуьра

Radiomarsho.com 

Миграцин низам кхочушдарца боьзна талламаш беш Узбекистанан 8 вахархо лаьцна Нохчийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша. Уьш, бакъо а йоцуш, цхьацца белхаш беш хилла республикехь. Къайлаха баьхкинчу мигрантех хIоранна а 2000 сом барамехь гIуда тоьхна кхело. Суьдан пурстоьпаша уьш арабаьхна Нохчийчуьра, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Болчу хаамца, хIара 2019-гаI шо доладелчхьана нохчийн пурстоьпаша республикера араваьккхина мигрантий низам дохош веана кхечу пачхьалкхашкара лаххара а 30 стаг.

"Нохчий – цIера Къардахьара"

Radiomarsho.com 

Кадыровхо хьовзийна Асадан салташа БIегIийла доцчу хьолехь гойтуш ву Шемара Оьрсийчоьнан тIеман полицин эскархо. Цунна тIехь боьлу Асад Башаран салтий. Ткъа иза ца кхетта Iаьрбаша шега бечу бегашах, вела а къежаш лаьтта. Амма цатайна шемахоша YouTube каналехула яржийна и видео Iаьрбийн мотт хууш болчу нохчашна. Iаьрбех дерг аьлча, уьш боьлу шаьш язъечу комментарешкахь. "Вайн ваша Ислам Нохчийчуьра ву, дика накъост ву хIара. Хьо цIера Къардахьа юьртара ма ву, вуй?" – хоьтту шемахочо Оьрсийчуьрчу... Читать дальше...



Имам Шемилан кIантах лаьцна кино йоккхуш ю Псковехь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан а, Дагестанан а имам хиллачу Шемилан воккхаха волчу кIантах Джамалуддинах лаьцна кино йоккхуш ю Псковехь. Цунах лаьцна яздо "Комсомольская правда" газето, Оьрсийчуьрчу продюссерна Джафаров Шемилна тIе а тевжаш.   Цо билгалдаккхарехь, фильмехь дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан Империн паччахьан Николай I-н цӀийнаха а, цо тӀеоьзна а болчу нахана юкъахь хиллачу Джамалуддинан дахарх лаьцна. Джафаровс дийцарехь, кинояккхархоша хьалхара дакъа даьккхина. ХIинца уьш жигара кечлуш бу Петарбухехь а, Дагестанехь а, Псковехь а кино яккха.

Тбилисерчу Германин векалтна хьалха

Radiomarsho.com 

Тбилисерчу Германин векалтна хьалха гулбелира Паьнгазара нохчий. Цара дийхира Нохчийчуьрчу тIеман декъашхо, Гуьржийчохь хьалакхиина а, ваьхна волу Хангошвили Зеламха Берлинехь верна кхоччуш тидам тIебахийтар а, таллар а. Зуламхочун цIеяккхаре а, иза кхела хьалха хIотторе а сатуьйсу гуламхоша. Паьнгазхоша декхарейо Германи Хангошвилих бисинчу доьзална кхерамзалла кхачон. Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь Берлинехь вийна Хангошвили Зеламха. Зулам толлуш полицино лаьцна 49 шо долу Оьрсийчоьнан вахархо. Читать дальше...

ХIора кхоллабеллачу 1000 доьзална дуьхьал 147 дIасакъаьстина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу Росстато далочу терахьашца, уггар бертахь доьзалш беха меттиг ю Нохчийчоь. ХIара шо доладелчхьана цигахь эзар доьзал кхоллалуш дIаса ца къаьстина 147 а бен. ШолгIачу меттехь ю ГIалгIайчоь – 197. Цунна тIаьхьа ю Тыва (251), тIаккха - Дагестан (278).   Ерриг Оьрсийчоь схьаэцча, официалан кепара хIора кхоллабелчу 1000 доьзална дуьхьал боьхна 621. Стохка хиллачуьнца дуьстича, и терахь кху шарахь 12% лахара ду. Росстато дийцарехь, уггар дукха доьзалш дIасакъаьстина меттигаш ю Ленинградан а (889), Сахалинан а (878) кIошташ.

Хангошвили верна тIехьа лаьтташ хила мега Оьрсийчоь - The Wall Street Journal

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоьнан махкахо Хангошвили Зелимхан верна тIехьа лаьтташ хила мега Оьрсийчоьнан Iедалш, хета Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташна. Цунах лаьцна яздо The Wall Street Journal зорбан гIирсо Вашингтонерчу шен цIе ца яьккхинчу хьастана тIе а тевжаш. Цу хьастано дийцарехь, "цӀий Ӏанош ницкъ барна жоьпаллехь ю Оьрсийчоь". Цуьнца цхьаьна цо ца аьлла хьанна оьшуш дара Хангошвили вер, амма цо билгалдаьккхина стаг верна лаьцна волчунна "паспорт делларг Оьрсийчоьнан Iедалш бен хуьлийла дац" аьлла.     EADaily зорбан гIирсо яздарехь... Читать дальше...

Соьлж-ГIалин бахархойн терахь ду 300 000

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Соьлж-ГIалин бахархойн терахь тIехдаьлла 300 000. Цунах лаьцна, Чеченстат урхаллана тIе а тевжаш, хаам бина шен инстаграммехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.   Цо дагадаийтина, хIора шарахь иза хуьлуш ма хиллара, ГIадужу-беттан 5-хь Соьлж-ГIалин де даздийр хиларх лаьцна. Кадыровс дийцарехь, оцу бахьанца Iедалша кечйеш ю дезачу денна хьажийна программа.

Спорт в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о строительстве спортивных объектов


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Андреева обыграла Паолини и вышла в 1/4 финала турнира WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

"Экобас" не для Невы: стильные электросуда для Москвы делают в Ленобласти





Путин в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о единых принципах привлечения инвесторов


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко заявил о желании построить в Белоруссии вторую АЭС




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Кличко не видел Зеленского с начала конфликта с Россией


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Антонина Арталевская

звезды шоу-бизнеса посетили весеннюю неделю моды estet fashion week



Москва

Синоптик Леус рассказал об апрельских рекордах погоды в Москве

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net