Пресса: Токиорчу олимпиаде ца йита мега Оьрсийчоь
2020-гIачу шеран аьхкенан Олимпиаде ца йита тарло Оьрсийчоь. Дуьненаюкъарчу антидопинган агентстве (WADA) ша материалаш дIаялале, уьш Москварчу антидопинган лабораторино хийцина, аьлла хета эксперташна. Оцу хьокъехь хаамбина, шен хьасташна тIе а тевжаш, The Telegraph газето. WADA тешна ю, шен спортхоша допингаш лелор хьулдеш, Оьрсийчоьно тIаьххьарчу цхьана шарахь эха шарахь и тайпа кийтарлонаш лелийна хиларах, боху газето. Москварчу лабораторин балхах лаьцна Токиохь хинйолчу кхеташонехь WADA дийца кечлучу юкъанна баьржина и хаам. Читать дальше...