Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Сентябрь
2019

Новости за 17.09.2019

Лефортовон кхелехь лаьцна адвокат Хасавов Дагир

Radiomarsho.com 

Ша тIехIоьттинчу, Лефортоверчу кхело бехк толлучу стеган девне варца лаьцна, Талламан комитете дIавигина вевзаш волу адвокат Хасавов Дагир, хаамбо «Коммерсант» газето. Иза дакъалоцуш вара Дагестанехь премьер-министр Iийначу Гамидов Iабдулсамадан а, цуьнан гIовс лаьттинчу Юсуфов Раюдинан а девнехь, шолгIачун адвокат хиларца. Официалехь хаийтина дац, хIун бахьанехь лаьцна Хасавов. Цуьнан коллегаша дийцарехь, иза доьзна хила тарло цо «цхьана теше, кхерамаш а туьйсуш, доцчух дареш дайтина бохуш, даржийначу эладитанашца». Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (17.09.2019)

Radiomarsho.com 

Некъаш тIехь лечу нохчийн терахьаш лакхадевлла, ГIалгIайчоьнна пхи министр къастийна Калиматовс, Нурмагомедов Хьабиба $100 000 делла Порье Дастинан фонде. (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Шича верна бехкево ХIирийчуьра вахархо – "кIон дош" аьлла хилла вукхо

Radiomarsho.com 

24 шо долчу Къилбаседа ХIирийчоьнан вахархочо шен шича вийна, хаамбина "Кавказ.Реалиига" полицерчу хьасто. Байначу беттан юьххьехь Бесланехь хилла бохам. Молуш Iаш хилла ши шича, царна юкъа дов доьлча. Цхьаммо вукхунна "кIон дош" аьлла. Жимах волучо, моха еана, урс диттина шел воккха волчу шичина. Йинчу чевнех велла стаг, боху полицино. Дийцарехь, ша шича вийна ваьлча дIа а ца вахана кIант – къола дина цо веллачунна. "Цо шеца дIаяьхьина цуьнан телефон, йоьхкина 6 эзар соьмах. Полици лорах кхуьучу юкъанна и телефон дIайохка а... Читать дальше...



Некъаш тIехь лечу нохчийн терахьаш лакхадевлла

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIала боьдучу новкъахь, Iалхан-ГIалина гергахь, стомара сарахь вовшахкхеттачу шина "Приора" машено ялх стаг вийра. Билгалдаьлла ялханнах пхиъ цхьана доьзалера хилар: да а, цуьнан ши йоI а, оцу шина йоьIан ши бер а. Ткъа лазийна, дарбанцIийнехь ю веллачун зуда а, беран бер а. И хаам баржийна Нохчйчоьнан некъан инспекцино. Трасси тIехула йогIучу машен дуьхьалъиккхина Iалхан-Юртарчу некъа тIера арайолуш хилла Приора. Велла оцу машенан да а. Шо доладелчхьана схьа Нохчийчуьрчу некъахьовзамашкахь велла 80 стаг. Читать дальше...

Нохчийчохь "гIемаш" леца буьйлабелла

Radiomarsho.com 

Холмачхой шаьш муха лоьху а, хIун билгалонашца "неIалт дахнарш" шайна Iорабовлу а дуьйцу республикерчу Iедалхоша. Нохчийчохь дахначу цхьана кIиранчохь "бозбуанчаллаш" лелош хилла цара аьлла, Iедалхоша лаьцна, кхеле хIоттийнера ши зуда. Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь сюжеташ гайтира, шаьш лелийначунна дохкобевллачу пал тосучучу зударех лаьцна. "ГIам" ду аьлла, махкахь Iораяьккхина Ибрагимова Секинат, шегара гIо оьшуш тIееанчу зудчуьнца лацарх истори йицйина а ялале, республикехь караеана Успахаджиева Есимат. Читать дальше...

Президентан харжамийн жамIаш къуьйсу абхазаша

Radiomarsho.com 

Массех де ду Абхазехь бирзинчу президентан харжамийн жамIаш къовсамехь долу а, уьш мехкан Лакхарчу кхело луьсту а. Арздинчу оппозиционеран-кандидатан Квициниа Алхасан адвоката Габелая Ингас кхелахой хийцар дехна тахана, "уьш юьхьанца дуьйна а харцонца цхьаьнатоьхна" хиларна. "Лакхарчу кхелан куьйгалхочун Барциц Анрин метта Пилия Оксана хIоттийнера дов листа (Барциц девна юкъараваьлла, Квациниа шен гергара стаг хиларна – ред.). Амма иза тоаме дац, кхелан хьалханча хуьйцуш велахь, массо а кхелахой хийца беза ", - чIагIдо Габелая Ингас. Читать дальше...

Малхбаленна нохчех дош - "Берзан бIаьрхиш"

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь цкъа а ца хилла Шишани Маймуна, амма гуттар а еха иза "ДегIаста" гаре хьоьгуш. Оцу лааме хьажжина, дешархочун кхетам долаберзош ду ю цо язйина книжка а. Нохчийн истори, Iадаташ, доьналла, гIиллакх-оьздангалла – оцу массо а шен къоман амалех бовхачу безамца дуьйцу Маймунас Iаьрбийн маттахь ша арахецначу дийцарийн "Берзан бIаьрхиш" кочарахь. Шен книжкаш кхечу меттанашка яха дагахь а ю Шишани Маймуна.

ГIалгIайчоьнна пхи министр къастийна Калиматовс

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас дечу омранашца а догIуш, дено-дено хуьйцуш бу мехкан урхаллашкара хьаькамаш. Пхи де хьалха ГIалгIайчоьнан премьер-министр хIоттийна Калиматовца цхьаьна болх бина (гIоьнча-хьехамча вара иза) Суриков Константин. Оршоьтадийнахь пхи министр хIоттийна.  Юьртбахаман министран дарж делла Гагиев Мохьмаде (хьалха унитаран "Орджоникидзевский" бахамехь болхбеш вара иза). ГIишлошъяран, архитектурин, коммуналан бахаман министр хIоттийна Балахаев Микаил ("гIишлошъеш зеделларг ду цуьнан"... Читать дальше...

Нурмагомедов Хьабиба $100 000 делла Порье Дастинан фонде

Radiomarsho.com 

UFC-чемпионатехь ша эшийначу Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу Порье Дастинан сагIин фонде 100 эзар доллар тесна Нурмагомедов Хьабиба. «Чемпионат» портало бахарехь, Порьес бина и хаам. И ахча Угандехь хьогах дехачу адамашна гIунаш яхийта дIахьажийна,  "цунах дукха наханна гIо хир ду, ас лаккхарчу меха дуьллу иза, баркалла а боху", -аьлла Порьес. Абу-Дабехь UFC-н латаршкахь Дастин Порье а эшош, шегара дуьненан чемпион цIе тIечIагIйира Нурмагомедовс. Цигахь цо дош делира Поьрен фонде ахча дилла.

Таджикистане яха бакъо яц абхазхойн "йийсархочун" Зулайхонан

Radiomarsho.com 

Абхазин лаьтта тIехь шайн доьзалхо дуьненчу валарх кхаъ хиллера дена а, нанна а, амма шо кхаьчначу йоьIан хIинцале а проблемаш ю: ша йозуш йоцу республика ю аьлла, дIакхайкхийначу махкахь йинчу Таджикистанан бахархойн йоьIан юридикан проблемаш гIевттина. Абхази суверенитетан пачхьалкх санна Душанбес цкъа а тIеоьцуш цахиларна, йоьIан бакъо яц шен деца а, ненаца а маьршша дIасаяха. Дас-нанас дийцарехь, Оьрсийчухула Таджикистане баха йиш яц церан, хIунда аьлча, Таджикистано Гуьржийчоьнан доза лоручу... Читать дальше...

Трамп: ГIажарийчоь лаьтта, "гарехь", CаIудийн Iаьрбийчоьнна динчу тохарна тIехьа

Radiomarsho.com 

ДIадаханчу кIиранан буса СаIудийн Iаьрбийчоьнан мехкдаьттан хьасташна динчу тIелатаршна тIехьа, "гарехь", ТехIеран лаьтта, аьлла оршоьтадийнахь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Трамп Доналда. Делахь а, ша ца воллу Штаташца гергарло лелочу махканна динчу зуламна сихонца тIеман ницкъаш дуьхьалбаха, оцу Цхьаьнатоьхначу Штатийн экономикана, энергетикан сурташ юхку пачхьалкх иза хиларе терра, дан зен дацахь а, дIахьедина Трампа. ТIелатар –  иза "прецедент йоцу агресси а, нехан болх бохор а ду"... Читать дальше...

ГIалгIайчуьра муфтият дIакъовла сацийна кхело

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело шен сацамца дIакъовлуш ю махкара муфтият. "Интерфакс-Юг" агенталло бечу хаамца, кхеле арздинарг ю Оьрсийчоьнан юстицин министраллин ГIалгIайчуьра урхалла. 2015-чу шарахь, ша ГIалгIайчохь куьйгалхо волчу хенахь Евкуров Юнус-Бека емалъян йолийра мехкан муфтият, муфтина Хамхоев Iисана хьоьхура шегара дарж охьадиллар. 18 шарахь Iийна Хамхоев мехкан муфти. 2014-чу шарахь кхозлагIа хаьржира иза оцу дарже. Ткъа кху аьхка, массех бутт хьалха, муфтиятан хIусамах хьаьвсира ницкъхой, лебира цуьнан белхахой. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о Всероссийском конкурсе спортивных проектов «Ты в игре»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Касаткина проиграла Путинцевой и не смогла выйти в 1/4 финала турнира WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Москвичам рассказали, какие усадьбы столицы можно посетить для пикника





Путин в России и мире
Москва

Дугин в интервью Такеру Карлсону: "Путин — это традиционный лидер"


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко заявил о желании построить в Белоруссии вторую АЭС




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Кличко не видел Зеленского с начала конфликта с Россией


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Анастасия Волочкова

«Это не такая серьезная ситуация»: личные кадры с раздетой Анастасией Волочковой попали в открытый доступ



Москва

Лавров провел телефонные переговоры со своим коллегой из Таджикистана

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net