Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Сентябрь
2019

"Тхайн бераш ца гойту тхуна"

0

ГIалгIайчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а пхеа зудчо арз хьажийна Оьрсийчоьнан президентан цIарх берийн бакъонаш ларъечу векале Кузнецова Аннига. Губашева Асяс а, Кодзоева Зарифас а, Муружева Лайлаа а боху, Iедало кхочуш ца бо кхелийн сацамаш, шаьш марехь Iийначу божарша ца гойту шайна шайн бераш. Ткъа Сагова Хедас а, Хамзатова Маликас а яздина, шаьш, наной, дийна доллушехь, хийрачу нахе леладойтуш ду шайн бераш.

"Иза диллина лела хьал ду ГIалгIайчохь. Тхуна шерашкахь ца гойту тхайн бераш, кхелаша тхоьгахьа бина сацамаш карахь боллушехь", - аьлла ду арз. Уггаре хьалха зударшна бехке хета хIоьттинчу хьоланна пурстоьпаш – цара ца бо шаьш бан беза болх, яздо цара. Цара бахарехь, берийн дехоша ца дуьту бераш царна тIе, ткъа Iедалан хьукматийн бала а бац.

Омбудсмене Кузнецовага арз дIакхачийна адвоката Абубакарова Маликас. "Бакъонийн инциатива" а, "Зударийн бакъонаш" а юкъараллийн цIарх зударшна гIодеш ю адвокат.

Дуьххьара яздеш дац арз пхеа а зудчо – цара хьалха ГIалгIайчоьнан Iедалерчу берийн омбудсмене а дина аьрзнаш. "Цигахь тхуна цхьа а гIо ца дина, тхо тIаьхьара дохуш, жоьпаш яздо, бераш дайн гергарчаьрца ду (дейишица, дедеца я дененаца), "царна цаьрца дика ду", " уьш дика кхобу", олий", - боху наноша.

Абубакаровас бахарехь, омбудсмен Кузнецова дагахь ю наношна гIодан, церан кхолламаш ша зуьйр бу, аьлла цо.

Муружева Лайлаъна шен воI Iимран пхи шо сов хан ю ганза. ГIалгIайчохь къеначу деден доьзалехь веха иза. Ткъа Iимранан да ву Москох. Пхи шо хьалха, шех зуда къаьсташ, дадийна, къайладаьккхина цо ши бер. ЙоI Сафия карахь лелош хилла заманахь. 2014-чу шарахь Москох Измайловн кхело ненанца кхаба къастийна берашна.

Кхелан сацам кхочуш ца бина Iимранан а, Сафиян а дас. Ткъа пурстоьпаша иштта дIа багахь аьлла Лайлаэ, гIалгIайн гIиллакхаша ца магадо шайна дехошкара бераш дIадаха. Кхаа шарахь къийсаелча, 2017-чу шарахь, дIаелира зудчуьнга Сафия. Стокха Европан кхело Оьрсийчоь декхарейина, Измайловн кхелан сацам кхочушбеш, кIант а нене дIавалийта. Амма и сацам а бац ГIалгIайчохь кхучушбеш.

Кхо шо ду Кодзоева Зарифина шен воI Акраман гойтуш воцу. Москох Тушинорчу кхело а, гIалгIайн къанойн юкъаралло а нене дIавала сацийна кIант, амма кхочушдалуш дац иза ГIалгIайчохь. Да нарокман волчух тера ду, цо хьажахIотта виггарх, дедас нене дIа ца луш, шайца кхобу Акраман.

Губашева Асина шен йоI Рамина ца гина пхи шо хьалха бен. "Бер ненаца хила деза" аьлла бу Соьлжан кIоштан кхело бина сацам. Делахь а, дас гойтуш яц йоI нанна. Оццу кхело пурстоьпашна бехкедина шен сацам кхочушбина цахилар. Амма хийцаделла дац хьал. Асяс Европан кхеле чуделла арз, ладоьгIуш Iа цигарчу сацаме.

2017-чу шарахь яьлла шен 3 шо долчу Натанах а, карахь лелош хиллачу Зоях а Сагова Хеда. Цуьнца довдаьлча, уьш Москох бехачу хенахь, дас ницкъаша ГIалгIайчу дIадигина ши бер. Ткъа да хIинца а веха Москох. Соьлжан кхело, цхьамма йина шарIан кхел юьхьар а эцна, бераш деца дита кхачийна. Берийн да лаьцна Москох цхьаьнхьа бозбуанчалла лелорна, хIинца а ву изолятерехь латтош. Бераш дехошца ду. Хедас кхеле делла аьрзнаш листина дац цкъачунна, я Iедало а ца ло цуьнан аьрзнашна дуьхьал жоп.

Алссам кегари бу Хамзатова Маликица лелларг. 2005-чу шарахь ша майрачо эккхийра, дихкира бераш ган, боху цо. Амма шо даьлча юхайигина иза майрачо, эццахь цунна хиина шайн жимахйолу йоI Макка гергарчу наханна, БалаевгIарна, хIиттийна цхьа а кехаташ а доцуш, дIаеллийла. Соьлжан кхело сацамбина, БалаевгIаьргара Макка нене, Хамзатова Маликига, юхаяла еза, аьлла. Амма шо даьлча оццу кхело цамагийна йоI нене дIаяла, боху адвокато. Карарчу хенахь Маликин арз талла дезаш ду Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело. Ткъа цуьнан йоI Макка еха нехан доьзалехь.






Загрузка...


Губернаторы России
Москва

Собянин рассказал о Международном форуме инноваций БРИКС


Спорт в России и мире
Москва

Охрана и безопасность. Как роботы и дроны работают на спортивных объектах?


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Потапова проиграла на старте турнира WTA-500 в Страсбурге


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Сергей Собянин. Главное за день





Путин в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о качественном росте отечественного автомобилестроения


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Запись от имени Президента Беларуси сделана в книге соболезнований в посольстве Ирана




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Зеленский объяснил, почему не хочет приглашать РФ на «саммит мира»


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Карди Би

Карди Би все-таки выпустит альбом в 2024 году



Москва

Казанскую икону Божией Матери встретили нижегородские православные

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net