Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Сентябрь
2019

"Шена чуьра жин эккхийча, цец-акъ вер ву Путин". Шаман ву вогIуш…

0

Якутера Москох, "Путинна чуьра жин эккхо" воьду шаман Габышев Александр массех денна шен цIа чу витина Бурятерчу жигархочо, поэто, таксилелорхочо Сындуев Есугейс. Хан ялале проблемаш лилхина Сындуевн: цунна йиттина, йохийна цуьнан ПАЗ, хIинца иза виса мега болх боцуш.

Ялх бутт бу шаман Габышев Александр Москох ваха араваьлла, гIаш дIаоьху. Тидаме воьжна иза, комментареш йо цунах лаьцна. Иштта есташ лаьтта цунна ен дуьхьалонаш а.

Иза Читахула чекхволуш, гулам хIоттийра цуьнан агIончаша. Амма барамна духьалъелира меттигера епархи, полицино административан бехкбаккхам айбира гулам кхайкхийначунна дуьхьал.

Габышев сацо гIоьртира шаманийн "Тэнгэри" тоба, иза Забайкальенний, Бурятинний дозане кхаьчча. КхидIа цо Москох агIор ког баккхахь, цуьнгара "шаман" цIе дIайоккхур ю, бохура. Амма Александр хIета а, вета а ву шен некъ чекхбаллалц дIабан дагахь.

Сындуев Есугей волучохь, Улан-Удэхь, дIадахначу кIиранах хилла Москох некъ эцна воьду шаман. Иза дIавахча, Сындуевна массех зен-зулам дина меттигерчу бахархоша. Иза волучохь хилла "Сибирь.Реалиин" корреспондент.

 

– Муха хиира хьуна Александ Москва воьдуш вуйла, иза Улан-Удэхула чекхвер вуйла?

– Со тIех дукха хуьлуш вац интернетехь, амма тергалдо ас керланаш. Хьаннашкара араваьлла, гIудалкх а текхош, иза Москох, Путинна чуьра жин эккхон ваха новкъаваларо шена тIеберзийна сан тидам.

Йист йоцу Оьрсийн мотт! Ала тарло " Путинна чуьра жин эккхон", амма ала тарло " Путин жин эккхо"! Ший а цхьана маьIанехь ду – Путинан долара жин эккхор. Аьлча а, дешнех ловзало-кх. Шена чуьра жин эккхийча, цец-акъ вер ву Путин: "Ва Дела, ас динарг, сох дика бер Вова дара, ас пачхьалкхах динарг? Хьоме Оьрсийчоьнан халкъ, кIинтIера дала суна! Со дIавоьду, олигархашца зIенехь воцчу стаге, цIеначу стаге Iедал дIа а делла". Иштта нисдаларе сатуьйсу ас.

Юхьанца Путин кхин ма варий, цунах теша ма тешарий массо а, со а тIехь. ЦIерпошта чохь Улан-Удэра Москох воьдуш вара со, Омске кхаьчнера радио чохь, "со дIавоьду" Ельцина аьлча. Дагахь а доцург дара цо динарг. Мел боккха бара Путинца бозабелла сатийсам. Юьхьанца иза мегаш вара. Амма телхина.

– Цундела лиира хьуна Александр ган?

– ХIаъ. Ютубехь дукха видеош ю цуьнан, ас иза бакъво, къобал а во, цо соьгара, сан накъосташкара, вайгара сатийсамаш баржабо, тхан "Сийлахь Байкал" боламан кхетам изза бу, со а ву оцу боламан декъахь.Тхан жигархой бахара цунна дуьхьал, дозане, оха Красноярскерчу накъостийн тергаме лур ву иза тхайл тIаьхьа.

 

– Шун дог-ойла цуьнца юй а, шу цунна аьтто беш лелий а сиха хиирий буряташна?

– Вуно сиха хиира, технологеш ма ю тахана. Иза буьйса яккха, садаIа соцур волу меттиг оха ша и мур тIекхаччалц къайленехь латтайора. Тхуна хаьа цунна тIаьхьахIоьттина дIаоьхуш къайлах ницкъаш буйла – ас ФСБ, ФСО, полици юьйцу, шаьш дан доьгIург дац цара дийриг. Иза леррина тидаме эцна лела и структураш. Масала, Саша тховса буьйса яккха сецна Улан-Удэна 3 чаккхарма уллехь, цунна гергахула лелаш ю, боху, полицин машенаш, цхьа тамаше кхин машенаш, массеран а цхьа ноьмарш а йолуш.  Тхо постах чекхдовлуш, некъан инспекторша совцийра, стенга кхаьчна шаман, хоьттура тхоьга. Ца хаьара царна, муьлхачу машена чохь ву Александр – тхо иттех машенахь дара цунна гIодеш. Тхан цхьайолчу машенашка, чуьра  массо а хIума тIекъалдоккхуш, хьуьйсура. Далла бу хастам, цара тхох цхьанна а цхьа хIума кIел ца кхоьссина – уьш говза ма буй и тайпа зулам дан.

– Хьан цIенна тIелетта, зен дина хьуна. Мила вара шаман хьо волчу вуссур вуйла хууш?

– Иза со волучохь соцур вуйла 3-4 стагна бен ца хаьара, аьлча а, шена цунна а, цунна уллерчу Ворон цIе йолчу цуьнан накъостна а, суна а, "Сийлахь Байкал" боламан куьйгалхочунна Абагоев Владимирна а. Дукха наха хоьттура тхоьга, иза гойла дуй, амма оха и нах Iехабора – бехк ма боккхийла цара. Кхано, тхо сан цIенна герга кхаьчча, шаманан уллерчу накъосташка а элира оха, иза со волучохь соцуш ву.

– Иза ша вац некъ беш, нах а бу цуьнца?

– Бу. Цо цхьаьнге а ца кхойкху шеца Москох некъ бан. Иза шен гIийлла, гIудалкх текхаш дIаоьху – цу чохь цуьнан чум-четар ду, некъахочун пеш ю, тIеюху цхьацца бедар ю, кхалла хIума а ю. Некъ цо гIаш бо, иза ду цо юьхьарэцнарг – Москох гIаш вахар. Цхьацца метте кхаьчча, наха ца вуьтий, дехьа-сехьа, бевза-безарш болчу хIутту иза, амма некъ гIаш бар – иза цуьнан принцип ю.

– Ас кхеторехь, Александр возарца болийна-кх хьуна тIеIаткъам бан.

– Сан ишта ала тоьшалллаш дац. Делахь а, шаманийн "Тэнгэри" боламо Саша Улан-Удэна гергакхаьчча даьккхинчу девнан, тийсинчу кхераман тIаьхье-м ю иза. Боьха яра цара леен багош, Сашига, шех "шаман" ма ала, иза вац шаман, мохь хьоькхура цара. Сашас-м сатуьйхира. "Сох шайна луъург ала, амма со шаман ву, со Саха-тIемало ву, сайна некъ мел къийларх, со дIаоьхур ву", элира цо цаьрга. Иза а аьлла, шен некъ болийра кхидIа.

– Хьуна муха хета, "Тэнгэри" шен лаамца хьийзирий ишта?

– Уьш Iедало духьалбаьхна хила а тарло, наха ишта туьду. Стенна бу тхан шаманаш Iедалца цхьаьна? Дера бу цуьнгара финансаш оьцуш хиларна. Тхан Iедало бюджетах йина шаманийн "Тэнгэри" центр. "Тэнгэри" – иза, ма-дарра аьлча, Iедалан структура ю, цо ша шех йозуш йоцу юкъаралла алахь а.

– Хьан цIенна тIелетта, автобус йохийна хьан. Полице велирий хьо?

– Полици яийта ах дийнахь етта еза телефон – дIа ца кхета цига зIе. ТIелатар дина буьйса дIаяьлча, Iуьйранна туьйхира оха телефон полице, делкъана еара иза. Луьстург хир ду-кх цо хилларг.

– Болх боцуш висина хьо цул тIаьхьа?

– Селхана сайн бригадин куьйгалхочуьнца барт каро хьажинера со - "Форвард Авто" ю тхан машенийн компани. Болх боцуш висар къематде ду суна. Ас болхбечу компанино нах дIасалелабо массех маршрутца. Компанин куьйгалхочо массийттаза аьллера соьга, политика йита, Iедалан гIуллакхаш ма хьехаде, критика ма е. Ас шаман Саня сайн хIусаме валийча, хьаькамо телефон тьуйхира соьга, элира: "Сан собар кхачийна. Хьо, коммунисташкахьа хилла а ца Iаш, Путинан Iедална дуьхьалваьллачу шаманца гергарло лелош ву. Я шаман эккхаве хьайн цIера, я ас дIавоккху хьо балхара". Ас боху цуьнга: "ХIун дер тIаккха, ваккхахь, воккхур-кх ахь со балхара дIа, амма соьга сайн кхетам хийцалур-м бац". Цул тIаьхьа, хьаьжи со Вайбер чуьрачу тхайн белхан тобанца къамел дан, дIаваьккхина-кх со оцу тобанера. Хьаькамца зIене велира со юха а, цо боху, ша ас юьхьIаьржа хIиттаво, шена "лакхарчара" дов до, дихкина ша, боху, суна балха ван. Боху, ца оьшу шена машенлелорхой-поэташ, яздархой, хабарчаш.

 Молчанов Александр,                                                                          "Сибирь.Реалии"






Загрузка...


Губернаторы России
Москва

Сергей Собянин. Главное за день


Спорт в России и мире
Москва

Футболисты «Локомотива» – в расширенном составе сборной России на июньский сбор


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Карен Хачанов

Хачанов проиграл Табило в 1/8 финала «Мастерса» в Риме


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Сотрудники СЛД «Курск» филиала «Московский» ООО «ЛокоТех-Сервис» продолжают проводить экологические акции





Путин в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге об изменениях в налоговом и бюджетном законодательстве России


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Минск поддерживает Баку: планы по строительству агрогородка в Карабахе – ОБНОВЛЕНО




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Europe1: Запад готовится убедить Зеленского принять принцип переговоров


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Ольга Бузова

Выход в свет: Виктория Боня привела дочь-иностранку на вечеринку к Бузовой



Москва

Стрелки сборной Поморья завоевали медали на всероссийских соревнованиях

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net