Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июль
2019

Новости за 16.07.2019

Яржийначу аудио тIера аз лачкъа еанчу йоьIан дац боху бакъонашларъярхоша

Radiomarsho.com 

"Китеж" кризисан центрехь шен дех а, ненах лечкъина Iийначу 20 шо долчу нохчийн йоьIан аудио ю аьлла, зорбане яьккхина шен телеграм-каналехь Mash интернет-хьостано. Дахначу шоьтадийнахь нуьцкъаша Нохчийчу дIайигина иза маре яхийта. Керлачу аудио тIехь йоIа шена сагатдан ца оьшу, дерриг а дика ду боху. "Маршалла, со ю иза. Соьгахь телефон яц. Со бертаза цхьаммо а цхьанхьа а ца йигина. ХIора аьхка Нохчийчу денана йолчу доьлху тхо. Лаамза маре дIаяларх аьлла дош а дац, стенна дарстийна аш? Дерриг а окей ду!"... Читать дальше...

Кема чудожаран бахьанашца ток йоцуш йисина Шелковскера йиъ эвла

Radiomarsho.com 

Дайн хIаваан кема Шелковск кIоштарчу Новощедринерчу хIусамна тIе доьжначул тIаьхьа оцу кIоштара еа эвлара бахархой ток йоцуш бисина аьлла, хаамбина регионерчу орцан министралло. Охьадужучу заманчохь Новощедрине а, Старощедрине а, Червленная-Узловая а, Привольное а олучу ярташка ток кхачон серий хедийна хилла кемано. Маршо Радионо яздира, "Интерфаксан" хаамна тIе а тевжина, Нохчийчуьрчу Новощедринерчу хIусамна тIе шинаридийнахь долара жима хIаваан кема доьжна аьлла. Пилоте урхалла а ца даделла, кема нах бехачу цIенна тIедоьжнера. Читать дальше...



Шен администрацин куьйгаллехь хийцамаш бина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен администрацин керла куьйгалхо къастийна индустрин а, энергетикан а хилла министр Таймасханов Галас. Цуьнан хьалхарчу гIовсан декхарш кхочушдийр ду Байсултанов Идриса. Администрацин структурийн дакъойн куьйгалхошца дIахьочу цхьанакхетарехь бина и хаам Кадыровс. "Пачхьалкхан урхаллашкахь дуккха а болх бина зеделларг долуш, ша бакъволу говзанча а, къинхьегамхо а ву Галас а, Идрис а. Цундела бина ас и сацам. Администраци кхин а лакхарчу тIегIане цу шиммо кхачор ю аьлла тешна ву со"... Читать дальше...

Иркутскан кIошташкахь хиллачу токхамашкахь лазийнарг 700 сов ву

Radiomarsho.com 

Иркутскехь токхамаш хиллачу кIошташкара дарбан цIийне кхачийначу бахархойн терахь 700-нне лакхадаьлла. ТIаьххьарчу шина дийнахь лоьрийн гIо эшна 144 чевнаш хиллачу стагна, царех 78 лазартне охьавиллина, хаамбина ТАСС агенталле регионерчу орцан министралло. Верриг а дарбан хIусамехь ву 725 вахархо, ду царлахь 153 бер а. КIирандийнан зерашца, 647 вахархо вара дарбанна охьавиллинарг. Карладоккху, байначу беттан 25-чохь Иркутскан кIоштахь хи тIедаьлла, 100 гергга эвла дIатакхийнера. Велира 26 стаг. Читать дальше...

Доьзалехь ницкъбо шайна аьлла, Страсбурган кхеле яьлла 100 зуда

Radiomarsho.com 

ХIусамехь ницкъбо шайна аьлла, 100 гергга зудчо арздина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле (ЕСПЧ). "Интерфакс" агенталло бина и хаам, Страсбурган кхелехь Оьрсийчоьнан векал волчу суьдхочо Дедов Дмитрийс еллачу информацица. Оьрсийчоьнан юстицин министраллехь хьалхо дIахьедира, 2010-чу шарера 2018-чу шаре кхаччалц ЕСПЧ-е цу тайпа латкъам 6-ммо бен бина бац аьлла. И дIахьедар дира министралло, Оьрсийчоьнан яхархочунна Володина Валерияна 25 эзар евро дIадалар Европан кхело тIедожийча. Цо латкъамбинера кхеле... Читать дальше...

Дааев: "Забарш цхьангга а йойтур яц Нохчийчохь". Иллиалархой кхеле хIиттийна министро.

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан пачхьалкхан "Грозный" телеканало сюжет гайтина шен эфирехь, културан министро Дааев Хож-Бауддис филармонехь болх беш а боцуш, шайн лаамехь эшарш лоькхучаьргара бехкаш дохуш. Официалехь синбахамаллин белхахой а боцуш, эшарш, иллеш олуш лелачу кегийрхошна шаьш реза цахилар дIахаийтина културан министралло. ХIора иллиалархочун композици магийна хила еза, дерриг а нохчийн менталитетан гурашкахь хилийтархьама кхоьллинчу леринчу комиссино аьлла, дIахьедина министро. Синбахамаллин министраллаца боьзна а боцуш... Читать дальше...

Эстемирова Лана: Кадыровн цIе а южур ю заманийн ор чу...

Radiomarsho.com 

Алексей Александров,                                                                                          Карара хан (Настоящее Время)                                                                            Итт шо хьалха йийначу бакъоларъярхочун Эстемирова Наташин йоIаца къамел Уралехь йина Эстемирова Наталья. Нохчийн-оьрсийн доьзалехь йоккхахниг яра иза: да, беран хенахь махкахваьккхина, Казахстане хьажийна Эстемиров Хьусайн, нана – Свердловск махкара.  Къона йоI йолуш еара Наташа Нохчийчу – Соьлжа-ГIаларчу университетехь деша. Читать дальше...

Кадыровга орца доьху Нижний Тагилерчу яхархочо

Radiomarsho.com 

Нижий Тагилерчу яхархочо петици кечйина Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Оьрсийчуьрчу омбудсменан Кузнецова Аннин а цIарах, хиллачу цIийндегара шен йоI схьайоккхуш шена тIехIоттар доьхуш. 2014-чу шарахь Украинера Нижний Тагиле даха дIадаханера и зудий, майрий. Кхеран йоI гучуяьллачул тIаьхьа, барт ийгIина, кхечу зудчунна тIе дIаваханера цIийнда. Цул тIаьхьа шен йоI а эцна, Белгородскан кIошта дIаяханера зуда. Стигалкъекъа-баттахь цунна тIаьхьа а вахна... Читать дальше...

Москварчу "Мемориалехь" болхбан волавелла Титиев Аюб

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу бакъонашларъяран "Мемориал" центран хиллачу куьйгалхочо Титиев Аюба хаамбина, ша Москварчу организацехь болхбан дехьаваьлла аьлла. "Москвахь болх бийр бу ас, бертан кехатна а куьгъяздина хIинцале а", - аьлла Титиевс "Интерфаксе" оршотдийнахь. "Мемориалехь" агенталле дийцарца, аналитикан даржехь чIагIвина Титиев. Нохчийчохь бакъонашларъяран болх кхи дIа а беш бу, хьалха а санна адвокаташ тIе а ийзош, нехан бакъонаш Iалашъеш ю, амма "Мемориал" офисан тоххара сан болхбан аьттонаш бац, бакъонашларъярхочо дийцарехь. Читать дальше...

Нухажиев: Зудаберна тIехь ницкъбар могуьйтур дацара юкъараллехь а

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис бакъ ца дина Москвара цIа а ялийна, бертаза йоI маре луш ю аьлла, хаамийн гIирсашкахь яржийна информаци. Эшахь оцу ситуаци юкъагIуртур ву ша, амма дуьйцург цхьа бух болуш ду аьлла, шек ву ша боху цо. 20 шо долу йоI Москвара маре яхийта Нохчийчу бертаза цIайигина цуьнан гергарчара, яздора «Медиазона» интернетан зорбан гIирсо, жигархочун Серенко Дарьина тIе а тевжаш. "Дас аьллера цуьнга ша иза Нохчийчу дIаюьгур ю маре яхийта. ЙоIера паспорт дIадаьккхинера... Читать дальше...

Дайн хIаваан кема чудоьжна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Долара жима хIаваан кема доьжна Нохчийчуьрчу Новощедринерчу хIусамна тIе шинаридийнахь, яздо "Интерфакс" агенталло, орцан министраллан хаамашна тIе а тевжаш. Пилоте урхалла ца даделла кема нах бехачу цIенна тIедоьжна. Оцу хIусамера кхо стаг а, ша пилот а дарбан цIийне кхачийна.

Спорт в России и мире
Москва

Легионер "Локомотива" Ньямси: в Москве жизнь дешевле, чем в Париже


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Андрей Рублёв

«Рублев отдохнул психологически и в Мадриде показывает качественный теннис» — Тарпищев


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Вокруг парка на электромобиле: что будет доступно напрокат в Москве





Путин в России и мире
Москва

Собянин: к 2030 году на долю Москвы придется 35–40% туристов в России


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко заявил о желании построить в Белоруссии вторую АЭС




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Генсек НАТО прибыл в Киев: главные заявления Столтенберга и Зеленского


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Тимати

Мама Тимати прошлась по интервью Шишковой: «Смотреть было брезгливо, но Аленка молодец»



Москва

Синоптик Леус предупредил о кратковременных дождях в Москве

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net