Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июль
2019

Новости за 29.07.2019

Дагестанехь кхело нийса лерина журналистана Гаджиевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх кхоллар

Radiomarsho.com 

ХIинжа-гIалан Советскийн кIоштан кхело юхатоьхна "Черновик" газетан корреспондентана Гаджиев Абдулмуминана дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долорна бина латкъам, хаам бо Кавказ.Реалиино. Журналистан адвокаташна хета, талламхочо цунна дуьхьал, бахьана а доцуш, бехктакхаман гIуллакх кхоьллина аьлла. Иштта цо бинчу сацамна бухе диллина ду ницкъаллин структурийн шина белхахочо яздина рапорташ, амма дуьйцуш дац муха дина Гаджиевс шена бехке дохку зуламаш.     Адвокат Шабанов иштта гIоьртира кхелан тидам тIебахийта... Читать дальше...

Нохчийчохь тIом бина экс-депутат арахецна "бIоргIанера"

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь тIом бина Свердловн кIоштарчу низамаш дохучу гуламан депутат хилла Ряпасов Максим дIахецна психиатрин дарбанан хIусамера. Цунах лаьцна хаам бо "Уралинформбюро" агенталло. Ша цIаверзарх лаьцна хазахетарца хаам бина цо Facebook-хь. Ряпсовс дийцарехь, цхьа шо гергга хан яра иза цIахь хиланза. Экс-депутат дIалецира ницкъаллин структурийн белхахоша 2018-чу шарахь, десантхойн де даздеш шен петаран балконна тIера цо полисхошна герз диттинчул таьхьа. Кхело сацам бинера цунна психиатрин дарбанан хIусамехь нуьцкъала дарба дан. Читать дальше...



Керла луо. Юсупов ИбрахIим

Radiomarsho.com 

Керла луо Юсупов ИбрахIим 1. Керла луо - дуьххьарчу шелонан пардо - Ахь латта гIорадеш, сий Iаьнан лардо. Хьо-м Iуьллу сапаргIат, сов кIеда, аьхна. Шовдано хийлазза хьоьх иллеш даьхна. Ахь баххьийн куйнашна тир йоккхуш гонах, Дайн лаьмнаш къеждо-кха, буц къежйо къона. Гуьйренан куза тIехь яржаеш жIамарш, Хьайга мел хьаьжначе бойту ахь тамаш. Суьйранна бутт кхетча, серсаеш серло, Седарчийн серлонгахь хьо даим сенло. Керла луо… Сан дагтIехь дахаран пардо Кхолламо сурт хIиттош, ойлано дардо. Читать дальше...

Мел атта кхоллало илли... Юсупов ИбрахIим

Radiomarsho.com 

Мел атта кхоллало илли... Юсупов ИбрахIим Мел атта кхоллало илли, Хьан бIаьргийн седарчий гуш. ГIевланга сан васт а диллий,  Дохдехьа хьайн гIенан гIуш. ЧIагIбехьа мукъам сан шовкъан, Хьайн зевне аз хуттуш тIе, Ца хирриг иллешна новкъа Хьайн беснийн кIур боцу цIе. Вехьа со бIаьстенан декъах ГIитточу хьайн дагчохь зов.  Ас юхьарлаьцначу некъах  Тохахьа безаман тов. Хоттане, 1978 шеран март

Ницкъ хиларх Iаьршашка дийла... Юсупов ИбрахIим

Radiomarsho.com 

Ницкъ хиларх Iаьршашка дийла... Юсупов ИбрахIим Ницкъ хиларх Iаьршашка дийла, Мукъаме аз хиларх айдан, Хуьлуш ду олхазарш хийла Шайгара боцуш цхьа пайда. Хиларх а юьхь-сибат делош, Дош олуш эсала, тийна, Iаьржа дог шайн кийрахь лелош Лаьттахь ду адамаш хийла. Хоттане, I975 шо

ГIенах гин суна сайн Даймехкан декхнаш... Юсупов ИбрахIим

Radiomarsho.com 

ГIенах гин суна сайн Даймехкан декхнаш... Юсупов ИбрахIим ГIенах гин суна сайн Даймехкан декхнаш, Басешца хьирчинчу дахкарех декхнарш. Гин суна кхолламан дагтIера хьаьркаш - Iаьмнаш чу хьоьжучуседарчийн бIаьргаш. ГIенах гин дайн кIотар, туьнкалгаш, кIарраш, Ламанца гIергIа сеш, лепадеш карраш. Сайн гIенаш де-дийне бакъ хета тIеттIа, Ткъа, дерриг самах дерг - гIенах гуш хета... Сахалин, 1979 шо

Хьаша чуван цхьа неI тоьу-кх цIенна... Юсупов ИбрахIим

Radiomarsho.com 

Хьаша чуван цхьа неI тоьу-кх цIенна... Юсупов ИбрахIим Хьаша чуван цхьа неI тоьу-кх цIенна, Нагахь йоьллий латтош елахь денна. ЦIийнан хила деза алссам кораш – Чукхетийта маьлхан довха чIораш. ЙоьIан деган цхьа неI хила еза: Цхьанна елла,цунна елахь реза. ТIаккха бIаьргийн кораш, нуьрца дебаш, Хир ду даим ирсан малхехь лепаш... Хоттане, 1975 шо



Дарц даларх лекхачу ломахь... Юсупов ИбрахIим

Radiomarsho.com 

Дарц даларх лекхачу ломахь... Юсупов ИбрахIим Дарц даларх лекхачу ломахь, Екаеш махо шен зурма, Диц ца деш ша хилар тIома, Аьрзуно шен некъ бо кура. Йисарх а тIемаш а дойна, Ницкъ боцуш Iаьршашка яла, И гур яц гIелйина ойла, Балхабеш шегара бала. Со хIинца кхетта-кха шера Ахь хIунда олура, нана: «Халонех цкъа а ца кхера Ламанан аьрзунах Iама…». Хоттане, 1975 шо

Цомгаш хуьлу дитташ гурахь... Юсупов ИбрахIим

Radiomarsho.com 

Цомгаш хуьлу дитташ гурахь... Юсупов ИбрахIим Цомгаш хуьлу дитташ гурахь, Шийла чарп тIейогIий хоршин. Ца латтарна шайна бухахь Вайша, бIаьра хьоьжуш вовшийн.  Дитташ цомгаш хуьлу гурахь, БIаьрса гIеллуш, лагIлуш хазар. Хоттаничохь, ДаьргIахь, Гуьнахь – Массанхьа ду диттийн лазар. Хуьлу дитташ цомгаш гурахь, Ла ца яллал мехийн Iиттарш. Хьан сурт гича ирсан гурахь,  Толур ду Даймехкан дитташ. Хоттане, 1974 шеран ноябрь

ДогIа Iена, арахь Iена догIа...Юсупов ИбрахIим

Radiomarsho.com 

ДогIа Iена, арахь Iена догIа... Юсупов ИбрахIим ДогIа Iена, арахь Iена догIа. ГIайгIано сан корах бетта тIам. Дийр ду-те цо цхьалха кор сан доха, Бийр бу-те цо безам соьца гам? Езар, со гIайгIане гIел ма вайта, Сан дагах дан гIерта и шен пхьор. Ахь къобал дахь даредар сан байтан, ГIайгIано кхин тухур дац сан кор… Хоттане, 1978 шо

Маларчин мах. Юсупов ИбрахIим

Radiomarsho.com 

Маларчин мах Юсупов ИбрахIим (эпиграмма) Хьан хечин киснахь ду шиша, Хеча-м ю заръелла, тиша. ЦIийбелла, кхохкийна мара Лууш бу ахь къаьркъа мала… БIаьргаш ду хьан чIогIа сутар, Къаьркъане сатуьйсуш гуттар. Кхачадо мел доккха шиша, Къурд барца ахь цхьацца-шишша. Цул тIаьхьа хьо-м сихха веха, БIизвоьлла хан йоккху ехха. Юрт ю хьо сийсазвеш, кхаьрдаш, Хьоьл сийлахь хеталуш хьаьрдаш. Хоттане, 1976 шо

"Шлагбаум" - доттагIий дагалоцу меттиг

Radiomarsho.com 

ГIиргIазойчоьнан шахьарна Бишкекна уллехь лаьттачу Лебединовкехь беха 50 сов нохчийн доьзал. Царех ву 75 шо долу Гайсумов Ширвани. Селхана хилча санна лаьтта цуьнан бIаьра хьалха шайн юьрт а, Фрунзе а (Бишкекан шира цIе ю иза) дIаекъалучохь лаьттина шлагбаум. Тахана яц и дозатухург, амма йолуш санна дагалоьцу иза Ширванис. Дехьа-сехьа бовла нохчашна а, гIалгIашна а доьхкуш хIоттийна лаьттина и шлагбаум. Цул дехьаваьллачунна набахтехь яккха хан тухура, дуьйцу нохчочо.

Мусаевн цIарх маьждиг хир ду Майртупахь

Radiomarsho.com 

Куршлойн кIоштарчу Майртупахь маьждиг деш ду Нохчийчуьрчу Iедалхоша Шелан кIоштарчу чоьхьарчу гIуллакхийн декъан хьаькам хиллачу Мусаев Тамерланан цIарх. Цунах лаьцна шен Instagram-хь хаам бина Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, иза кхечу маьждигех тера а хир ду, цхьана хеннахь 5 эзар гергга стаг чутарлуш а хир ду. Маршо Радионо яздина ма хиллара, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан академи чекхяьккхина Москвара Нохчийчу цIавогIуш Мусаев Тамерлан велла Ростох кIоштахь... Читать дальше...

Гелдаганахь къола дина стаг мукIарло дан тIевеана полице

Radiomarsho.com 

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан Куршлойн кIоштан декъе полисхошна тIевеана 32 шо долу Соьлж-ГIалин кIоштара вахархо. Цо мукIарло дина ша Гелдаганахь Хулхулон хийистехь къола дарна. Къуьно дийцарехь, кху беттан 25-чохь Iуьйранна 10 сахьт долуш оцу меттигехь нисвеллачу стеган тоьрмигчуьра лачкъийна цо 14 200 сом. Цу ахчанах къуьно хIун дина дуьйцуш дац. Зуламхочо дIахьедар дина къола дарна дохковьлла ша аьлла, хаам бо респуликехрчу МВД-н зорбан сервисо. Хилларг къастош таллам болийна полицин белхахоша.

Некъахьовзамехь 46 шо долу зуда йийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Бохам хилла оршотан буса Невран кIоштахь. Буьйсанна юккъехь меттигерчу полице хаам кхаьчна Мазлакера ГIизлара боьдучу некъаца некъахьовзам хиларх лаьцна. Болчу хаамца, 58 шо долчу Шелковски кIоштарчу Мирный эвларчу вахархочо Мекен-Юьртана гергахь "ВИС" киралелон машен тIетоьхна 46 шо долчу зудчунна. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо бинчу хаамца, чевнаш хилла гIашло циггахь елла. Хилларг толлуш бу полисхой.

Кадыровc дийцина шен гергара стаг Устрада-ГIалин мэр хIотторан бахьана

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцина шен гергара стаг Кадыров-Хас-Мохьмад ша Устрада-ГIалин ханна мэр хIотторан бахьана. Керла мэр "дукха хаза юкъаметтигаш каро хууш ву бахархошца, девзаш ву бахархой хьашташ, таро йолуш ву церан халонаш дIаяха, - яздина цо шен "Вконтакте" агIонехь.   Кадыровс ша тешна хилар хаийтина Кадыров Хас-Мохьмада Устрада-ГIалина "керла дахар лур" ду бохучух. Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, Устрада-ГIалин мэр волчуьра дIаваьллачу Темирбаев ИбрахIимера... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Легионер "Локомотива" Ньямси: в Москве жизнь дешевле, чем в Париже


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Елена Рыбакина выступила с критикой в адрес WTA


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Вокруг парка на электромобиле: что будет доступно напрокат в Москве





Путин в России и мире
Москва

Пашинян подготовил "подарок" Путину к его инаугурации. Запад будет доволен


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Мэр Киева Кличко рассказал о попытках встретиться с Зеленским лично


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Бато Багдаев

Детская фотосессия театра кукол «Ульгэр» в Улан-Удэ



Москва

Папа прокурор, который отмажет? На историческую родину вместе с папой! Навсегда!

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net