Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июль
2019

Новости за 18.07.2019

Эшарийн гIурт а, гIурте яьлла цензура а

Radiomarsho.com 

Деношкахь Нохчийчоьнан синбахаман министралло дихкина филармони кIел боцчу артисташна эшарш лекха. Амма хьакхалуш доцчух тера ду иза «паччахьан» а, цунна беза-бевзачийн а самукъадаккха кхойкхучу Бурсагов Ачхьабах а, и санна «говза» болучех а.

"Адамаш охьаоьгура, ша мозий санна"

Radiomarsho.com 

Хасаев Адам Нохчашна ловзаргахь стенах дIовш даьлла, ца кхета цкъачунна Австрера Iедал ТIамехь лелош йолу газ, я юуург ен газ – ши верси ю Австрерчу Инсбрукехь, нохчийн ловзаргахь, дукккха а наханна ун далар толлучу хьукматийн. Хьал гиначарна а, дIовш кхеттачарна а хетарехь, цхьамма диверси йина нохчашна дуьхьал. "Юуучух  дIовш хилла" "Ловзар доьрзучу кхаьчча доладелира дерриг а. Хьеший дIасабаха кечлуш бара, цIеххьана маьхьарий белча. Со накъосташца цхьана арахь вара, тхуна герз тоьхна моьттура, тхо чухьаьлхира. Читать дальше...



ГIалгIайн цхьана жигархочунна йиттина СИЗО-хь, вукхара мацалла кхайкхийна

Radiomarsho.com 

Социалан машанашкахь информаци яьржина, Нальчикерчу СИЗО-хь латточу гIалгIайн жигархочунна Мякиев Багаудина йиттина аьлла. Хаам тIечIагIбина адвокато Урусова Фатимас а. "Юьхь тIехь таммагIаш ду летта. ХIун бахьанашца хилла инцидент цкъачунна хууш дац тхуна, карарчу хенахь СИЗО-хь ву Багаудинан адвокат. Иза араваьллачул тIаьхьа кхачам боллу информаци хир ю", - аьлла Урусовас. Мякиевца солидаралла гойтуш, бисинчу лецначу жигархоша а мацалла кхайкхийна изолятор чохь. ТIечIагIбазчу хаамашца, 26 сов стага протест йина. Читать дальше...

Оьрсийчоьно дIавоьхучу нохчочунна тIехIоьттина Украинан Рада а, бусулбачийн Ассоциаци а

Radiomarsho.com 

Оьрсийоьнан Талламан комитето лехамашка велла Илаев Амхьад дIа а ца лоцуш, кхечу кепехь цунна дозанаш тохар дехна Лакхарчу Радан депутато Линько Дмитрийс а, Украинерчу бусулбачийн Ассоциацино а. Бакъонашларъярхочо Кожушко Николайс бина и хаам "Кавказ.Реалиига". Информаци бакъйина бусулбачийн ассоциацин кхеташонан декъахочо Куртбединов Зеврис а. "Тхо кхеташ ду и стаг бехке цахиларх, цундела цунна тIехIиттина тхо", - аьлла Куртбединовс. "Кавказ.Реалии" портало яздира шен агIонашкахь Илаев Украинерчу полицино дIалацарх Харьковн кIоштахь... Читать дальше...

"Маьрша Европа" Радионо кхайкхамбина Донецкерчу сепаратисташка, журналист Асеев дIахеца аьлла

Radiomarsho.com 

"Маьрша Европа" Радион медиакорпорацино (РСЕ/РС) кхайкхамбина Оьрсийчоьно гIо латточу сепаратисташка, 2017-чу шарахь дуьйнна Украинан Малхбалехь бертаза лаьцна латтош волу блогер Асеев Станислав маьршаваккха аьлла. РСЕ/РС Радиона Васин Станислав аьллачу псевдонимца язъеш хилла Асеев вайна Украинерчу Донецкан кIоштахь 2017-чу шеран аьхка. Масех кIира даьллачул тIаьхьа дуьненаюкъарчу Amnesty International организацино хаамбира, оцу регионехь контрол латточу сепаратисташа журналист лаьцна аьлла, шайга информаци кхачарх. Читать дальше...

Дуьненчуьрчу кулинарийн ассоциацин декъашхо хаьржина нохчийн кхачанхо

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъарчу исламан кулинарин ассоциацино а, Азербайджанан Пачхьалкхан туризмехула йолчу агенталло а, къаьмнийн кулинарин Ассоциацино а вовшахтоьхначу конгрессехь дакъалоцуш бу 25 пачхьалкхан векалш. Оьрсийчоьнан цIарах Кремлан хилла кхачанхо, Оьрсийчуьрчу къаьмнийн кулинарийн ассоциацин президент  Беляев Виктор а, Къилбаседа Кавказерчу шеф-кхачанхойн гильдин президент Мовлатова Хадижат а ю цигахь. "Муьлххачу а къоман култураца гергарло кхачан тIера долало. Коьртаниг ду – оцу конгрессехь хIоранна а аьтто хилар, шайн къоман кхача бовзийта. Читать дальше...

Кубанехь леттачу нохчийн а, эрмалойн а бартхилла

Radiomarsho.com 

Краснодаран кIоштарчу Водники эвлахь хиллачу инцидентех дийцина социалан машанашкахь Соьлжа-ГIалин мэран хьалхарчу гIовса Хаджимурадов Iийсас. Кху деношкахь Эрмалойчуьра а, Нохчийчуьра а бахархой вовшахлетта цигахь. Цу тасадаларшкахь лазийначо бохучунна тIе а тевжина, дуьйцу Хаджимурадовс, кегийрхой туькана баьхкича муьлш бу ца хуучу наха питана а дина, леттера аьлла. Хьалхо интернетехь Iораяьккхинчу аудио тIехь цхьахволчу нохчочо орца доьхура махкахошка, шайна юха а тIелатахь а бохуш. Цо бахарехь, 30-40 стаг хилла кхарна тIелеттарг. Читать дальше...

Уггар а хIавахь боьха долчу гIаланашлахь ю Москва

Radiomarsho.com 

Автотранспорто хIаваъ бехдечу гIаланийн тептарехь ю Оьрсийчоьнан Новосибирск, Красноярск, Омск гIаланаш. Рейтинг зорбане даьккхина Iалам Iалашдархойн Гринпис юкъаралло. Стохка Мангал-баттахь дIабуьйлабелла кху шеран Стигалкъекъа-батте кхаччалц зераш дина экологаша оьрсийн гIаланашкахь азотан диоксидца хIаваъ бехдарх. Хьалхарчу могIарехь дIатаръелла Москва, цунна тIаьхьа ю Санкт-Петербург а, Челябинск а. 4-чу меттигехь билгалъяьккхина Новосибирск, пхоьалгIа Красноярск. 10-гIа ю аьлла, къастийна Омск гIала. Читать дальше...

Дагестанехь хино такхийна диъ адам делла

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу Карабудахкентан кIоштарчу Уллубийаул эвлахь охьадогIучу хино такхийна ши зуда а, ши бер а. "Уьш кIелхьарбохуш операци йолийнера оцу сохьта, делахь а аьтто ца баьлла уьш дийна хичуьра хьалабаха. Тахана Iуьранна карийна церан декъий", - аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" портале республикерчу орцан министраллан пресс-гIуллакххоша. Аьхке йолаелчхьана Дагестанехь верриг а хичу вахана исс стаг, шайлахь диъ бер а долуш. Лийча йихкина меттигаш бахархоша цаларъяр ду аьлла орцанхоша, хи тIехь нах баларан коьрта бахьана.

ЦIера едда йоI бакъонашларъярхоша Iехийна хиллера аьлла нохчийн Iедалхоша

Radiomarsho.com 

Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь лерина репортаж гайтина нохчийн йоьIан Сугаипова Заирин кхолламех. Бакъонашларъярхоша чIагIдарехь, Москварчу "Китеж" кризисан центрера цуьнан гергарчара Iеха а йина, Нохчийчу дIайигина иза, бертаза маре яхийта. Сюжетехь гойтуш ду Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан пресс-секретаран а, "Грозный" телехьожийлан директоран Дудаев Ахьмадан а йоIаца Сугаипова Заирица а, цуьнан ненаца Маликица а хилла къамел. Репортажехь Заирас бакъдо, ша цIера ядар. Читать дальше...

Новосибирскан мэр хIотта дагахь ву нохчо

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра схьаваьлла 25 шо долу Хаюрин Мухьаммад-Iела а хила тарло Новосибирскан мэран харжамийн кандидаташлахь аьлла, хаамбо «Ваш город» портало. ТIехьа-Мартанахь вина ву Хаюрин. Карарчу хенахь Бумматарчу адресца дIаязвина ву иза. Новосибирскан пачхьалкхан университет чекхъяьккхина цо, тIаьххьарчу заманчохь гIишлошъяран фирман куьйгалхо ву иза. "Партия возрождения села" цIе йолчу боламо гIолаьцна цунна Новосибирскан мэран дарж къовсуш. Порталан информацица, кандидаташлахь тIаьххьара кехаташ чуделларг ву Хаюрин. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о Всероссийском конкурсе спортивных проектов «Ты в игре»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Рафаэль Надаль

Теннисист Надаль навестил в больнице 16-летнюю российскую теннисистку Корнееву


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Москвичам рассказали, какие усадьбы столицы можно посетить для пикника





Путин в России и мире
Москва

Дугин в интервью Такеру Карлсону: "Путин — это традиционный лидер"


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко заявил о желании построить в Белоруссии вторую АЭС




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Генсек НАТО прибыл в Киев: главные заявления Столтенберга и Зеленского


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Земфира

Жена оскандалившегося Валерия Меладзе провела вечер на концерте Земфиры в Испании



Москва

Шесть человек пострадали в результате ДТП с маршруткой в Москве

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net