Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июль
2019

Новости за 02.07.2019

Чу са кхоллалур дуй-те хIирийн футболна?

Radiomarsho.com 

Тохсыров Вадим Цхьа зама хьалха Оьрсийчоьнан футболехь тоьллачех яра "Алания". Шена и цIе юхаяло дагахь ю БуьритIера "Спартак-Владикавказ". Оцу хьокъехь хаамбина хIирийн прессо. Бакъду, и хийцам байта реза хила еза Оьрсийчоьнан футболан цхьаьнакхетаралла (РФС). Цамгар дIаяларе сатуьйсучу юкъанна Къилбаседа ХIирийчоьнан футбол дуккхаза а лелла "шийла хьацар детташ". Финансаш галморзах а евлла, 2005-чу шарахь Инарла прокуратурано дIакъовлийтира "Алания" тоба. Оцу бахьаница Советийн заманара шен шира "Спартак" цIе тIеийцира цо. Читать дальше...

Пачхьалкхна ямартло йина аьлла, кхин а цхьа вахархо дIалаьцна Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Москварчу Лефортовн кхело Марсхьокху-беттан 24-чу кхаччалц лаьцна вуьтур ву Оьрсийчоьнан вахархо Петушков Сергей. Иза бехкево пачхьалкхна ямарт хилла аьлла, яздо "Москва" хаамийн гIирсо кхелан пресс-гIуллакххойн информацина тIе а тевжина. Хаамийн гIирсашкахь  тIехдаьккхина дуьйцуш дац цунах лаьцна, Петушковн гIуллакхан материалаш "къайлах" аьллачу грифца билгалъяьхна хиларна. Бакъонашларъярхойн зерашца, тIаьххьарчу 20 шерачохь пачхьалкхна ямарт хилла а, шпионаж лелийна а аьлла, бехкала хьарчийна Оьрсийчохь бIе гергга стаг. Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (02.07.2019)

Radiomarsho.com 

Нохчочо йиттина шена аьлла Австрин скандалечу политико, Петербургерчу депутатна кIелойина аьлла, дIалаьцна Нохчийчуьра вахархо, Нохчийчохь маьршаваьккхина ИнуркаевгIеран ши ваша.



Европера нохчий. Iадат я низам?

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра Европе дIавахана хIора мухIажир хуьлу хенан йохалла къастам бан безаш: хIун харжа ас, дайх дисина Iадат я со вехачу махкара низам? ХIораммо ца тотту низам хьалха оцу шина "нийсонах" цхьалхо йоккхуш...

Нохчочо йиттина шена аьлла Австрин скандалечу политико

Radiomarsho.com 

Туркойчуьра схьаваьллачу Австрин политико Дёнмез Эфганис (Efgani Dönmez) дIахьедина, шена нохчочо йиттина аьлла. Kronen Zeitung газетано Iорабаьккхина и хаам. Политико бахарехь, Линц олучу гIалахь хилла ю и инцидент, шен жимахйолу йоI вилспет хахка кхо Iамочу хенахь. ТIехволучу цхьаммо туйнаш туьйхира шен йоIана, цул тIаьхьа иза вилспетара чутоха гIоьртира аьлла, дIахьедина политико. Австрин парламентан депутат волчу Денмеза, ша урс даьккхира боху, цунна дуьхьало еш. Политико чIагIдо, цул тIаьхьа... Читать дальше...

Петербургерчу депутатна кIелойина аьлла, дIалаьцна Нохчийчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

Санкт-Петербургерчу урологна, депутатна кIелоярна шина баттана дIалаьцна вуьтуш ву Нохчийчуьра 37 шо долу вахархо Дараев Хьусайн. Байначу беттан 29-чохь Москвахь дIалаьцнера иза, яздо "Фонтанкас". 2016-чу шеран Зазадоккху-беттан 31-чохь йина хилла бехкевечо кIело. Талламан комитетан версица, Петербургерчу "Единая Россия" партин цIарах волу депутат Адхамов Бахтияр, ша болх бечу дарбан цIийнера араволучу заманчохь Дараевс пхоьазза герз тоьхна хиллера цунна. Цул тIаьхьа иза валанза вуй хиъна, урс диттина хилла депутатна. Читать дальше...

Лакхара Ларс – маьрша, сулугуни – еза, Оьрсийчоь – "оккупант"

Radiomarsho.com 

Гуьржийчуьрчу протесташа ца хийцина Къилбаседа ХIирийчуьра дахар. Оьрсийчоьнан бахархойн доккхахчу декъо туризм галъяларна, лелачуьра кеманаш совцарна сагатдахь а, Тбилисе а, БуьритIе а нах хьалха санна лела. АгIонаша бизнес-зIенаш даима а ларйина, хеда йиш яц уьш цкъа а. Гуьржийн стоьмашка, хасстоьмашка сатесна хуьлу хIирий даима а. Цара шайн махкахь бехачу гуьржашкара оьцу дукха хьолехь чурчхела, ткемали, сацибели я чIагIар. Делахь а, алссам оьшу хIирашна уьш а, кхиболу гуьржийн кхача а. Совдегарш... Читать дальше...

Узбекистанехь деша хIоьттина 72 шо долу зуда

Radiomarsho.com 

Узбекистанерчу Ферганан пачхьалкхан университете деша кехаташ чуделла 72 шо долчу зудчо. Журналисташка цунах хаамбина пачхьалкхерчу тестийн центран куьйгалхочо Раджабов Барнос, хаамбо УзА хаамийн гIирсо. Къаночуьнгара кехаташ чуэцна керла юкъадаьккхина низам бахьана долуш. Цо бакъо ло абитуриентан хене а ца хьоьжуш, деша дIаэца. Цул совнах, Узбекистанерчу лакхарчу доьшийлашка дIахIуттуш лоьрашкара могушалла зийна кехат (Форма - 086) а ца оьшу.



ГIалгIайчохь керла муфтий а, къеда а хоржур ву

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу Iеламнехан кхеташонехь билгалдаьккхина мехкан муфтий а, къеда а хоржур волу де, хаамбо оршотдийнахь "Интерфакс- Юг" агенталле республикерчу динан центран пресс-гIуллакххоша. "Уставца а догIуш, хIора пхи шо мел дели муфтий а, къеда а хуьйцуш хиларца дийцаредира гулбеллачара и хаттар. Муфтийс Хамхоев Iийсас билгалдаьккхира, цхьахволчун кандидатура хьалхатоьттуш агитацин программаш кхочушйийр яц аьлла", - дийцина агенталле хьостано. Цо бахарехь, муфтийс билгалдаьккхина, кIошташкарчу имамаша а... Читать дальше...

Нохчийчохь маьршаваьккхина ИнуркаевгIеран ши ваша

Radiomarsho.com 

ИнуркаевгIеран вежарий: 21 шо долу Абубакар а, 20 шо долу Аюб а маьршаваьккхина, ницкъаллийн структурийн цаьрга кхи претензеш цахиларна. "Кавказ.Реалии" портало яздира, байначу беттан 27-чохь ши ваша дIалацарх. Соьлжа-ГIалахь вийначу тIелатархочун Барзаев Ахьмадан телефон чохь цушинца дина йозанаш карор бахьана долуш лаьцнера ши кIант. Полисхошна тIелатар динчуьнца уьйраш хилла тарло аьлла, шеконаш яра шина вешех, хаамбинера Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. ИнуркаевгIар боцурш а... Читать дальше...

Москвара Праге доьду "Аэрофлотан" масех кема сацийна

Radiomarsho.com 

Москвара Праге йолу масех рейс юкъахъяьккхина "Аэрофлот" авиакомпанино, Чехин Iедалхоша бакъо дIаяьккхича. Билгалдаккхарехь, юьйцурш ю SU2010/2011, SU2014/20I5, SU2016/2017 а, SU2018/2019 рейсаш. Кеманаш гIиттийта мел оьшу техкникан таронаш йоллушехь, Чехин Iедалхоша дихкина шайна рейсаш кхочушъян аьлла, дийцина авиакомпанино. Мича бахьанашца бакъо дIаяьккхина, дуьйцуш дац. Оццу "Аэрофлотан" кхийолу SU2012/2013 а, SU2024/2025 рейсаш кхочушъеш ю. Совцийначу рейсашна билеташ эцна хилла пассажираш Москвара Праге кхочор бу оцу кеманаш тIехь.

Басаев Шемалан тобанхошна хенаш йиттина кхело

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказан Ростоверчу тIеман кхело яккхий хенаш йиттина Ставрополан кIоштарчу веа вахархочунна, 1999-чу шарахь Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанхошца Дагестанехь эскархошна тIелетта аьлла, бехк тIе а чIагIбина. Буьранчаша Басаев Шемала а, Хаттаба а куьйгалла а деш, 1999-чу шарахь эзар сов тIемало чувахара Дагестане. Баттахь сов тIемаш лаьттира цигахь. 1999-чу шеран Гезгамашин-беттан 15-чохь тIеман министро дIакхайкхийра, Дагестанан территори маьршаяьккхина аьлла. Оцу хеначохь оьрсийн 33 эскархо вийра, 34-нна чевнаш йира. Читать дальше...

Нохчийчохь полисхошна тIелеттарг шайн стаг вара аьлла даIишхоша

Radiomarsho.com 

Цхьа ницкъахо а вуьйш, Нохчийчохь полисхойн постна дина тIелатар шайна тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано. ДаIишхоша интернетехь латточу жигараллана тIехь терго ечу SITE Intelligence Group портало бина цунах хаам. Маршо Радионо яздира, ТIехьа-Мартанарчу лоьмар 4 йолчу пунктна тIелатар дарх вевзаш воцчо. Полисхочунна уьрсан чов а йина, граната кхоьсина хиллера тIелеттачо. Цул тIаьхьа ницкъахоша герз тоьхна, вийнера зуламхо. Дарбан цIийне вуьгучу заманчохь велла чов хилла 32 шо долу полисхо. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Хоккейный клуб из Балашихи выиграл Кубок Регионов


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Россиянка Андреева стала рекордсменкой на турнирах WTA-1000


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Вокруг парка на электромобиле: что будет доступно напрокат в Москве





Путин в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о единых принципах привлечения инвесторов


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Генсек НАТО прибыл в Киев: главные заявления Столтенберга и Зеленского


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Григорий Лепс

«Я не джентльмен»: Лепс вновь объяснился за инцидент с телефоном фанатки



Москва

Переехавшему из Латвии в Россию пенсионеру одобрили получение ВНЖ

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net