Киевехь вийначу журналистан Шеремет Владимиран гIуллакх тергоне эцна Зеленскийс
Вийначу журналистан Шеремет Владимиран хьокъехь кхеташо дIаяьхьна Украинан президенто Зеленский Владимира. Журналист вийна рогIера шо кхочуш фейсбукерчу шен пена тIехь бина цунах хаам президенто. Кхо шо хьалха Киевехь эккхийтира "Украинская правда" газетан редактор, зулам хIинца а листанза ду. Дуккха а шерашкахь Оьрсийчохь а болх бина, ша веле ши шо хьалха Украине дехьаваьлла Белоруссин оппозицин журналист вара Шеремет. 2016-чу шеран Товбеца-баттахь цуьнан машенна буха оьккхуьйтург йиллинера. Талламчаш тешна бу... Читать дальше...