Полицехь шен пхенаш хедийна протестан гуламан жигархочо
«Халкъан дуьхьалонан ассоциацин» пресс-гIоьнчас Зайцев Никитас ша лаьцна латточу полицин декъехь шен пхенаш хедийна. Склифосовскийн медицинан институте кхачийна иза массех сахьт хьалха. Оцу хьокъехь лаьраша хаабина «ОВД-Инфо» портале. Селханлерчу санкци йоцуш дIаяьхьначу акцехь лаьцна ву Зайцев. Иза ша вен гIоьртина, аьлла хета лоьрашна, цундела толлуш бу цуьнан синакхетам. «МБХ медиа» хьасто а бакъдо Зайцев, цо ша-шен могашаллина зен дарца доьзна, Склифосовскийн дарбанцIийне виллина хилар.