Къарояйтина "Грозный" телеканалехула кхин а цхьаьнга
Instagram-ехь Нохчийчуьрчу Iедалхойх лаьцна вон комментареш язъярна лаьцна жимастаг гайтина "Грозный" телегойтилехула. Каналан корреспонденто бахарехь, полисхойн аьтто баьлла "Нохчийчоьнан Республиках лаьцна хIоттийначу постна кIел комментарешца экстремизм яржош волу" интернетхо лаца. Лаьцнарг ву 16 шо долу Ахматов Мохьмад. Телекамерашна хьалха, велха а воьлхуш, ша дохковаьлла, "вониг хуьлийла луучара Iехийнера", аьлла цо. "Со Интернетерчу, сох хIуъа а хиларх а бала боцчу наха Iехийра. Ас массо а нохчех, нохчийн Iедалх лаьцна яздира. Читать дальше...