Дааев: "Забарш цхьангга а йойтур яц Нохчийчохь". Иллиалархой кхеле хIиттийна министро.
Нохчийчоьнан пачхьалкхан "Грозный" телеканало сюжет гайтина шен эфирехь, културан министро Дааев Хож-Бауддис филармонехь болх беш а боцуш, шайн лаамехь эшарш лоькхучаьргара бехкаш дохуш. Официалехь синбахамаллин белхахой а боцуш, эшарш, иллеш олуш лелачу кегийрхошна шаьш реза цахилар дIахаийтина културан министралло.
ХIора иллиалархочун композици магийна хила еза, дерриг а нохчийн менталитетан гурашкахь хилийтархьама кхоьллинчу леринчу комиссино аьлла, дIахьедина министро. Синбахамаллин министраллаца боьзна а боцуш, амма "шаьш артисташ лору нах" ловзаршка ма кхийкха аьлла, кхайкхамбина Дааевс. Музыкех цхьана а кепара кхетам а, хаарш доцу и нах хьакъ бац аьлла министро ловзаршкахь иллеш ала.
Министро бехкаш доху йоьдучу сюжетехь тIебалийначу кегийрхошка. "Шуна хаьа лела?", - хоьтту камера тIе а хьежош, кхаа зудабере. "Эхь" ду аьлла Дааевс, республикера ара а буьйлуш аш лелорийг.
Интернет-иллиалархоша шаьш дохкодевлла лелийначунна, тIейогIучу хенахь шайн лаамехь кхоллараллехь болх бийр бац шаьш аьлла, дош делла.
Шайна хетарг лоькху а, шайна ма хетта хелхарш ден а зама тIехтилла аьлла, билгалдоккху министро эфирехь. "ДIахIиттийна низамаш ду: мехкан да а, Iедал а, низам а ду. Забарш цхьангга а йойтур яц", - аьлла, културан министро телевизионан эфирехь.