Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Новости за 29.10.2018

Кадыровн "къурд" олуьйту кхел

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь шех "паччахь" олучу Кадыров Рамзана паччахьо санна ерзайо шена критика йинчуьнца юкъаметтиг. Юхьанца даьржа критика ечу стеган я зудчун майра аз, видео, йоза. Цунна тIаьххье мехкан телевизионо иза гойту, воьлхучу я йоьлхучу хьолехь хьийзаш, "шайтIа бахьана долуш" ша динчу къамелна Рамзан къинтIера воккхуш.

«Аэрофлотан" кема лелар ду Соьлж-ГIала

Radiomarsho.com 

«Аэрофлот» авиакомпанино рожехь долу шен кеманаш лелийтар долийна Къилбаседа Кавказерчу 5 регионе, хаам бо ТАСС агенталло.  КIирандийнахь дуьйна цу компанин кеманаша рейсаш йийр ю Москохара Владикавказе а, Наличике а, Соьлж-ГIала а, Магасе а. Ткъа Дагестанан коьртачу гIала ХIинжа-ГIала кхузза кема гIоттур ду Москохара. Цу Iалашонна лелош ду цу компанино Airbus-320 кеманаш. Изза кема лелар ду Соьлж-ГIала кIиранах 7-зза. Магасе лела кема сарахь хиларна чIогIа реза бу ГIалгIачура бахархой. Хууш ма хиллара... Читать дальше...



Путинан "гIашсалти" Кадыров а, ШарI а

Radiomarsho.com 

Шаьш Путинан "гIашсалти" бу боху хьаькамаш стенна кхийда ШарIе Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад ШарIан кхелехула юкъаметтиг къасто гIерта Магасерчу митингехь шена а, Кадыровна а дуьхьал къамел динчу жигархочуьнца Барахоев Ахьмадца. Пачхьалкхо, дин юьстах а дуьтуш, деккъа шен цIарх арахоьцучу низамашца еха Оьрсийчоь цецъялла оцу суьртах. Барахоев а санна, шина мехкан доза далхош, митингехь "эвхьазваларна" Даудовс ша а вуйла лоьхуш ма-хиъи, ШарIан кхеле нийсо яр ша дехна ГIалгIайчуьрчу кхечу цхьана протестхочо ... Читать дальше...

Владикавказехь 15 шо долу йоI лоьхуш бу полисхой

Radiomarsho.com 

15 шо долу дешархо Суярко Ангелина лоьхуш бу Владикавказехь Къилбаседа ХIирийчоьнан полицин ницкъаш. Иза цIера яьлла кху беттан 25-чохь Заводской олучу эвлахь. Кавказ.Реалиино дийцарехь, йоIа дуьххьара деш дац иза. Цкъачунна цуьнан лорах кхиъна бац полисхой.

ГIалгIайн жигархоша "доттагIаллин машенаш хахкар" дIадаьхьна Нохчийчоьнан дозанца

Radiomarsho.com 

"ТIемашкахь дакъалаьцна Оьрсийчоьнан ветеранаш" олучу юкъараллин декъашхоша машенаш хахкар дIадаьхьна ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а вежараллина хьажина. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло. 15 машенах лаьтта ковра чекхъяьлла шина республикан дозанца Iохкучу ярташкахула. Цу акцин декъашхоша хаийтина Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь машар а, къепе хиларехьа шаьш хилар а, къаьмнашна юкъахь дов даккха гIертарна дуьхьал хилар а. Бумматан маьждигехь цара ламаз дина меттигерчу бахархошца цхьаьна.

Росстат: 13,8 % бахархой болх боцуш бу Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Росстат олучу Оьрсийчоьнан урхалло бинчу хаамца, пачхьалкхехь лахделла болх боцучу нехан терахь, хаам бо РИА Новости агенталло. Цуьнца а догIуш, карарчу хенахь бан болх боцуш бу 4,6 къахьегалучу бахархойх. Росстато хIоттийначу таблицо гайтарехь, болх боцучу нехан дакъа цхьатера дац регионашкахь. Иштта 39 регионехь и гайтам лахара бу пачхьалкхехь юккъера болчул а. Уггаре кIезиг нах бу бан болх боцуш Москох - 1,2 процент. Болх каро уггаре хала ду ГIалгIайчохь. Цигахь къахьегалучу нахах бан болх боцуш бу 26,5 процент бахархой. Читать дальше...

Шен мехкадаьтта даккха аьтто хир бу Нохчийчоьнан – Кадыров

Radiomarsho.com 

«Чеченнефтехимпром» компани Нохчийчоьнан Iедалан дола яларо республикан аьтто бийр бу шен мехкадаьтта даккха а, иза чекхдоккху завод йилла а. Цунах лаьцна дIахьедар дина Кадыров Рамзана, хаам бо ТАСС агенталло. Нохчийчоьнан Iедалан сайта тIехь болчу хаамца, «Чеченнефтехимпром» компанин ду 2 эзар лаьттан дакъа а, (7740 га),1100 мехкадаьттанан буру тоьхна меттиг а. Амма царах дукхаха ерш белхан хьелашкахь яц.

Шен мехкадаьтта дакхха аьтто хир бу Нохчийчоьнан – Кадыров

Radiomarsho.com 

«Чеченнефтехимпром» компани Нохчийчоьнан Iедалан дола яларо республикан аьтто бийр бу шен мехкадаьтта даккха а, иза чекхдоккху завод йилла а. Цунах лаьцна дIахьедар дина Кадыров Рамзана, хаам бо ТАСС агенталло. Нохчийчоьнан Iедалан сайта тIехь болчу хаамца, «Чеченнефтехимпром» компанин ду 2 эзар лаьттан дакъа а, (7740 га),1100 мехкадаьттанан буру тоьхна меттиг а. Амма царах дукхаха ерш белхан хьелашкахь яц.

Президентан харжамашкахь шолгIа мур хир бу Гуьржийчохь

Radiomarsho.com 

Президентан харамашкахь 100% гергга бюллетенаш дагардинчул тIаьхьа гучудаьлларг ду цхьана а кандидато гулдина ца хилар хьаллхарчу муьрехь толам бакка оьшуш долу кхаьжнаш. ББС-но бинчу хаамца, 98,25% меттигерчу харжаман каппашкара кхаьчначу хаамашца, Iедалехь йолчу "Гуьржийн сатийсам" партин кандидато Зурабишвили Саломес гулдина 38,6% кхаьжнаш. Оьшуш дара ах сов кхаьжнаш гулдар. ШолгIачу меттехь ву оппозицин кандидат Вашадзе Григол - 37,75%. И шиъ шолгIачу муьре даьлла. Верриг а Гуьржийчоьнан президентан дарж къовсуш вара 25 кандидат.

Индонезин Lion Air компанин кема чудоьжна

Radiomarsho.com 

Панкалкинанг гIала доьду Индонезин Lion Air компанин некъахойн кема чудоьжна Джакартера гIаьттина дукха хан ялале. Цунах лаьцна хаам бина Рейтерс агенталло. Boeing 737 MAX 8 хIордана чудоьжна тIемадаьлла 13 минот яьлча. Цу тIехь хилла 180 некъахо. Дийна висина стаг вац.

Спорт в России и мире
Москва

Спортсменка из Бутово выиграла «золото» на турнирах по художественной гимнастике


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Новак Джокович

Кто отец Дианы Джокович?


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Труп мужчины найден в лесопарковой зоне в Сокольниках





Путин в России и мире
Москва

Politico: Россия проиграет войну с НАТО, предупреждает Польша (Topmember)


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Продюсера Reuters арестовали за публикацию материалов на YouTube-канале «НавальныйLIVE»



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Баста

"Новосибирск, бро, за всё прости": концерт Басты на "Сибирь-Арене" собрал аншлаг



Москва

В Сыктывкаре пройдет концерт именитого московского оркестра Росгвардии

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net