Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Новости за 31.10.2018

Дагестанехь велла "оьрсийн рулетках" левзина полисхо

Radiomarsho.com 

Дагестанехь дарбанан хIусамехь велла ша-шена коьртах тапча тоьхна еза чов хилла полисхо Гитинов СаьIид. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, меттигерчу могушаллан министраллана тIе а тевжаш. Хьалхо цу портало хаам бина ма хиллара, полисхо "оьрсийн рулетках" ловзуш хилла кху беттан 25-чохь кафехь шен накъосташца садоIуш Iаш. Тапчана ботт яьсса ю моьттуш хиллачух тера ду иза.   Чов хилла волу Гитинов дIакхачийнера Хасавюьртарчу гIалин дарбанан хIусамерчу реанимацин декъе. Гергарчеран дехарца иза латтош вара садоIуьйтучу аппаратана тIетесна.

Дагестанехь велла "оьрсийн рулеткех" левзина полисхо

Radiomarsho.com 

Дагестанехь дарбанан хIусамехь велла ша-шена коьртах тапча тоьхна еза чов хилла полисхо Гитинов СаьIид. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, меттигерчу могушаллан министраллана тIе а тевжаш. Хьалхо цу портало хаам бина ма хиллара, полисхо "оьрсийн рулеткех" ловзуш хилла кху беттан 25-чохь кафехь шен накъосташца садоIуш Iаш. Тапчана ботт яьсса ю моьттуш хиллачух тера ду иза.   Чов хилла волу Гитинов дIакхачийнера Хасавюьртарчу гIалин дарбанан хIусамерчу реанимацин декъе. Гергарчеран дехарца иза латтош вара садоIуьйтучу аппаратана тIетесна.

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанца доьзнарг юристийн хаттар ду – Песков

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а административан доза къастош бина барт нийса хиларх лаьцна хаттар юридикан чулацам болуш ду, аьлла Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс. Цу кепара жоп делла цо, Кремлан реакци хила езий цу хьокъехь хIоьттинчу хьолана аьлла, шега хаттар делча, хаам бо ТАСС агенталло. "Юристаш анализ еш бу цу хьолана, ГIалгIайчоьнан конституцин кхело сацам бина. Цундела кхузахь юристаш кхин дIа а шайн болх бан беза, и хаттар юридикан чулацам болуш ду", - аьлла Песковс.



Митинг хилла Магасехь

Radiomarsho.com 

Кхаарин дийнахь юха а Нохчийчоьнца доза къасторна дуьхьал хьажийна митинг хилла ГIалгIайчоьнан коьртачу гIалахь Магасехь. И акци дIахьош яра, Iедало бакъо а елла. Митингехь къамел динчу нахах цхьаболчара дийцара, дуьхьалонан акцехь дакъалаьцна нах шайн Iалашоне кхаьчна, цундела уьш дIасабовла мегар ду бохуш. Митинг юхадIайолор бахьана долуш меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалло кхайкхам бинера, цу хьокъехь долу низамаш лардаре кхойкхуш. Полицино варе бинера гулбелларш цара "юьхьарлаьцна... Читать дальше...

Кхечу пачхьалкхийн пропагандана дуьхьало ян 40 миллион доллар хьажийна Iамерко

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа 40 миллион доллар хьажийна кхечу пачхьакхийн пропагандана дуьхьало ян. Цунах лаьцна хаам бина Iамеркан Пачхьалкхан департаменан пресс-сервисо. И ахча делла "Глобалан зIе латторан центрна" (Global Engagement Center). И урхалла жоьпаллехь хир ю Оьрсийчоь а, ГIажарийчоь а, Китай а санна йолчу пачхьалкхаша Iамеркана информацин Iаткъам барна духьало ян.

Нурмагомедвн а, Мейвезаран а латар Соьлж-ГIалахь вовшахтоха кийча ву Кадыров

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан кийча ву Соьлж-ГIалахь вовшахтоха Нурмагомедв Хьабибан а, Мейвезар Флойдан а латар, нагахь церан иза дIадахьан бар т хилар. Кадыровс иштта билаглдаккхина, Iамеркахо ша лоруш велахь а, Нурмагомедовгахьара хир ву ша аьлла. ГIадужу-баттахь Нурмагомедов Хьабибца лата кийча ву ша, нагахь иза боксан низамашца тасавала реза хилахь, аьлла дIахьедар динера Iамеркерчу боксеро Мейвезера, TMZ таблоидна ша еллачу интервьюхь. Мейвезера билгалдаккхарехь, цуьнан Iалашо... Читать дальше...

Ларамаза ша-шена тапча тоьхна полисхо велла Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь велла 25 шо долу полицин сержант. Ша-шена ларамаза тапча тоьхна цо. И инцидент хилла Шелковской кIоштахь. Талламхоша бинчу хаамца, велларг забар ян гIоьртина шен накъосташна хьалха. Тапча шен лерган юххе а лаьцна лаг озийна цо. Полисхо велла оццу маьIаргонна.

Оьрсийчоьнан конституцин кхеле дала мегаш ду нохч-гIалгIайн дозанан хаттар

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъарчу административан дозанца доьзна хаттар къасто деза Оьрсийчоьнан Конституцин кхело, аьлла хеташ ву гIалгIайн лидер Евкуров Юнус-Бек. Нохчийчоьнца доза къастош парламенто тIеэцна низам шинарин дийнахь харц леринчу республикерчу конституцин кхелана латкъам бан дагахь ву иза. ГIалгIайчоьнан администрацина хетарехь, бинчу барташна талламаш бан бакъо ерш федералан кхелан инстанцеш а бен яц. Шинарин дийнахь хиллачу гIалгIайн къоман конрессан декъашхоша дехар дина... Читать дальше...

Нохчийчоьнца дозанан низам юхадаккха дагахь ю ГIалгIайчоьнан парламент

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан Халкъан гуламо (парламенто) гергарчу хенахь кхочуш дийр ду Нохчийчоьнца доза къасторах лаьцна низам юхадаккхарца доьзна хаттар. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо" гIалгIайн депутато Мамилов Закрийс. Цунна хетарехь, меттигерчу конституцин кхело и низам харц ларарна тIаьххье дан дезарг ду иза юхадаккхар. Шинарин сарахь Нохчийчоьнца доза къастош парламенто тIеэцна низам харц лерира цу республикан конституцин кхело, цу хаттарехула референдум яр тIе а дожош. Конституцин суьде Латкъам... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Спортсменка из Бутово выиграла «золото» на турнирах по художественной гимнастике


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Карен Хачанов

Хачанов обыграл Баутиста-Агуту в третьем круге «Мастерса» в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Труп мужчины найден в лесопарковой зоне в Сокольниках





Путин в России и мире
Москва

Politico: Россия проиграет войну с НАТО, предупреждает Польша (Topmember)


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Фрэнк Синатра

Таунхаус Фрэнка Синатры впервые выставлен на продажу



Москва

В Сыктывкаре пройдет концерт именитого московского оркестра Росгвардии

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net