Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Новости за 24.10.2018

Эрмалойчоьнан премьер-министр ца хаьржина Пашинян Никола

Radiomarsho.com 

Кхааридийнахь Эрмалойчоьнан парламенто кхаьжнийн хьалхарчу турехь премьер-министран даржехь къобал ца вина Пашинян Никола, хаамбо Маршо Радион эрмалойн сервисо. "Елк" парламентан фракцино хьалхатеттинчехь цхьа кандидат вара Пашинян. Премьер хоржучу харжамийн шолгIа тур дIахьур ю карабогIучу беттан 1-чу дийнахь. Кхаьжнаш ца тосуш юхаяьллера парламентан кхо фракци, ткъа "Елк" куьг ца ойбуш Iийра. Ишта виссина Пашинян цхьа а кхаж боцуш. Цхьана депутато ша дуьхьал хилар дIахаийтина, 11 кхаж ца тесна. Читать дальше...

ЦIерачара гIело латточарна тIехIуттур бу бакъонашларъярхой

Radiomarsho.com 

"Бакъонан зона" бакъонашларъяран организацино телефонан лоьмар билгалъяьккхина, нагахь цIерачара тIехь гIело латторах арздича полисхоша а, я хьаькамаша тергамза шаьш дуьтуш делахь шайга орца даккха аьлла. Кхааридийнера карабогIучу беттан 2-чу дийне кхаччалц схьа бакъонашларъярхоша ларбийр бу полисхойн а, социалан белхахойн а ледарлонех бахархоша шайга кхачон хаамаш. Телефон тоьхначарна хьоьхур ду, кхи дIа хьаьнга гIо деха деза, хIун кехаташ кечдан догIу а. Ишта шайга кхаьчна информаци Талламан комитете а хьажор ю бакъонашларъярхоша. Читать дальше...

Хашогги вер толлучу юкъанна 50 миллиард долларна пайда бина CаIуда-Iаьрбийчоьнан Iедалша

Radiomarsho.com 

Эр-Риядехь дIаяьхьначу инвесторийн конференцехь СаIуда Iаьрбийчоьно 50 миллиард долларна бартбина мехкадаьттан а, газан а, инфраструктуран а декъашкахь. Reuters агенталло бо и хаам, пачхьалкхан Iедалхойн хаамашна тIе а тевжаш. Оппозицин журналист Хашогги Джамал Истанбулехь вер толлучу юкъанна яьккхина и экономикан кхиаме гIулч. Оцу юкъанна тидам хилла Паччахьаллин энергетикан министраллехь конференцин декъашхой кIезиг хилар. Хашогги верна эргIадбахначу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн, Францин, Нидерландийн финансийн министраша а... Читать дальше...



Бомбанаш ша а, шен вашас а кечйинера аьлла Царнаев ЖовхIара

Radiomarsho.com 

ФБР-н агенташа левечу хенахь ша а, шен вашас а шайн куьйгашца лоьлхуьйтурш а кечъеш, динера тIелатар аьлла, дIахьедина 2013-чу шеран бIаьста Бостонехь марафонехь эккхийтар дина аьлла, лаьцна латточу Царнаев ЖовхIара. Дуьххьара зорбане даьхначу кхелан процессан документаш тIехь Iораяьккхина и информаци. Лоцучу заманчохь лазийначу ЖовхIарна хала дара юьхьанца къамелаш дан, цундела шега талламчаша дечу хеттаршна жоьпаш шен куьйга дIа а яздеш, лора цо. ХIетахь хаамбина хилла цо, шен вешица цхьана шаьшиммо сиз-кепаш хIиттош... Читать дальше...

МухIар дохкий а, схьаелла Сталинан музей

Radiomarsho.com 

Советан пачхьалкхан баьчча Сталин, гIенах вогIий, шеца къамелашка вийла воьлча, Тбилисехь Сталинан дуьненаюкъара центр йиллина Ониани Григола. Болх болор бу цо карара шо дерзале. Делахь а, Маршо Радион корреспондентан аьтто белира цигахь хила. хилира оцу центрехь.

Паччахьийн ловзарш

Radiomarsho.com 

Кавказехь стенна ло Iедал воIе, вешига, шичига? Къилбаседа Кавказехь кхо кеп ю меттигера Iедал даржашка тардеш. Цхьаъ – хьаькамалла Кремло шеггара бахкийтинчу "хьешашка" луш. Масала, Дагестанехь Васильев Владимире санна. ШолгIаниг –дарж дегара хенан йохалла воIе кховдош. КхоалгIаниг – гIенташ долахь, шича-вашалла а лоруш, латтош. Адыгейхь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Нохчийчохь ца хеддаш лела тIаьххьара ши кеп – Москох къастийначу доьзалех бен урхалла цатешор. Стенна? Къегина масал ду дукха хан... Читать дальше...

Хьехархочо йиттинчу беран могушалла цхьатерра ю

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу берийн бешахь хьехархочо йиттинчу 6 шо долчу кIентан могушалла цхьатеррачу тIегIанехь ю аьлла, хаамбина Нохчийчуьрчу могушаллин министралло. Берийн бешан белхахо балхара дIа а яьккхина, цунна дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх талла долийна. Цкъачунна лоьрийн тергонехь латтош ву и кIант хIинца а, кху кIиранах дарбан хIусамера араваккха тарло аьлла могушаллин министраллан векало. Маршо Радионо хьалхо яздира, коьртан хье лазийна Нохчийчуьрчу дарбан цIийне 6 шо долу бер кхачорах. Болчу хаамашца... Читать дальше...

Римехь лазийна 15 Оьрсийчоьнан вахархо дарбан цIийнехь ву

Radiomarsho.com 

Римерчу "Республика" олучу социйлера эскалатор тIехь хиллачу бохамехь лазийнарг 15 Оьрсийчуьра вахархо ву, царех кхоъ халачу хьолехь ву аьлла, яздо "Керланаш" агенталло. Оьрсийчоьнан векалтан хаамашца, лазийначех шиъ этIийна. Шинарин суьйранна уггар а адамаш дIасалелачу юкъанна хилла бу и сингаттам Римерчу метро чохь. УЕФА-н Чемпионийн Лиган этапан гурашкахь дIахьочу матче хьовса боьлхуш хилла ЦСКА-н фанаташ бу доккхачу декъанна лазийнарш. Эскалатор сихаллица дIа а йолаелла, цIеххьашха сацаран бахьанашца хилла метро чохь и инцидент. Читать дальше...

Токхамаш лайначу нахана гIо деш программа юхайолош ю Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Токхамаш лаьттачу меттигашкара нах дIакхалхош программа юхайоло дагахь бу Нохчийчоьнан Iедалхой. КарадогIучу шеран юьххьера дуьйнна йолор йолуш ю федералан и программа. Оцу гIуллакхна лерина 300 миллион сом луш ду Нохчийчоьнна. Оцу программи юкъабахначу наха шайна хIусамаш еш ца хилла хIинццалц, тIейогIучу заманчохь ахча кара а ца луш, царна хьалайина хIусамаш дIасайоькъур ю аьлла, хаамбина Нохчийчуьрчу гIишлошъяран министралло. "Кавказан узел" агенталле арздинера кху гурахь бахархоша, токхамаш... Читать дальше...

Роскомнадзоре арздина гIалгIаша

Radiomarsho.com 

Магасехь митингаш дIахьочу юкъанна мобилан интернет дIалакъорна меттигерчу 30 вахархочо арздина Роскомнадзоре. Латкъамаш вовшахтухучу адвокато Даурбеков Хьусайна бина и хаам "Коммерсант" газете. Цо даредарца, карарчу беттан 3-чу дийнахь дуьйнна 17-чу дийне кхаччалц мобилан зIенан операторша цхьа а низаман бух а боцуш, интернетах дIахадийра шаьш аьлла, хIинцале а 400 арз кхаьчна цуьнга. Арз листа бутт хан ю Роскомнадзоран аьлла, билгалдаьккхина адвокато. Шайн бакъонаш хьаьшна аьлла, Роскомнадзоро тIечIагIдахь... Читать дальше...

Челябинскерчу набахтехь нохчо валарна бехкебо полисхой

Radiomarsho.com 

Набахтехь тутмакхашна еттарна а, чохь валло Нохчийчуьра вахархо валарна а бехкевинчу колонин виъ белхахочун ладегIарш хилла Челябинскерчу Металлургийн кIоштан кхелехь. 6 шарна тIера 12,5 шаре кхаччалц царна набахтехь такха хенаш тохар тIедожийна бехкебечийн агIоно. 2015-чу шеран Iай набахтехь иккхинчу инцидентехь веллера тутмакх, адвокато Мухамеджанов Булата бахарехь.Талламчийн зерашца, шайн боцчу безамна колонин белхахочо тоьхна хиллера нохчийн тутмакхна Исраилов Султанна. Пенах корта а кхеташ, гIант тIе охьавоьжна хиллера хIетахь Исраилов. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

В Москве завершился Кубок России по спортивному программированию


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Даниил Медведев

Медведев рассказал, что у него не получилось в первом сете матча с Арнальди в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Концентрация песка в городском воздухе возвращается к обычным значениям





Путин в России и мире
Москва

Петербургский автопром вышел из кризиса, заявил Беглов


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Певица

Певица Ольга Бузова прошла плановый осмотр в больнице



Москва

Православные христиане отмечают Вербное воскресенье

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net