Зуламаш дина Делимханов Адаман хадархой дIахецна Москох
Москохарчу Замоскворецкан кхелехь довхаттар долийнера Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн белхахойн Ахмаев СаIидан а, Болатбаев Лечин а, ГIалгIайчуьрчу вежарийн БулгучевгIеран Ахьмадан а, Мовладин а, Москохарчу бизнесхочун Катков Евгенийн а. Уьш бехкебо нуьцкъала даккхий ахчанаш дахарна. Талламчийн версица, бизнесхочуьнгара Жуков Константинера 100 миллион гергга ахча даьккхина хилла цара. "Новая газетано" бина и хаам. Ахмаев СаIид а, Болатбаев Лечи а депутатан Делимханов Адаман хадархой бара зуламаш дечу заманчохь. Читать дальше...