Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Новости за 13.10.2018

Будановн хилла адвокат велла

Radiomarsho.com 

Ростов кIоштарчу Адвокатийн палатан президент Дулимов Алексей шоьтадийнахь велла аьлла хаамбо, кIоштарчу NR регион онлайн портало. Социалан машанашкахь дуьххьара яьржина и информаци, тIаьхьо регионерчу Адвокатийн палатехь а тIечIагIйинера, тIаьххьарчу заманчохь могуш вацара иза аьлла, билгалдоккхуш. Дулимов шуьйра вевзаш вара хаамийн гIирсашкахь, Нохчийчохь тIом боьдучу заманчохь 18 шо долу  Кунгаева Эльза йийначу полковникан Буданов Юрийн адвокат хIоьттина хиларца. ТIаьххьарчу пхеа шарахь Ростов... Читать дальше...

Непалерчу лаьмнашкахь дарц даьлла нах белла

Radiomarsho.com 

Непалерчу Гурья Химал лам тIехь дарц хьаьвзина велла 9 альпинист. The Kathmandu Post газетано бина и хаам. Цара яздарца, еаридийнахь 7193 метар лекхачу Гурья Химал лома тIехь хилла и бохам. Къилба Корейра пхи вахархо а, царна некъ гойтуш улло ваьлла Непалера 4 накъост а хилла уьш. Тобан хьалханча хилла 48 шо долу корейхо Хо Ким Чан. The Himalayan Times газетан билгалдаккхарца, шен дахарехь дейттозза 8 эзар сов метар лекхачу лаьмнийн баххьаш тIе вийлина ву иза кислорадан гIирсах пайда а ца оьцуш.

ПЭН-центро Гериев маьршаваккхар тIедожийна

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь набахтехь латттош волу "Кавказан узел" агенталлан корреспондент Гериев Жалавди катоьхна маьршаваккха везаш ву аьлла, дIахьедина, Оьрсийчохь дешан маршонна дозанаш деттарх язйинчу шен рапортехь "Ассоциация ПЭН-центр-Москва" организацино. Колонехь даккха 3 шо хан тоьхна 2016-чу шарахь нохчийн журналистна Гериев Жалавдина, наркотикаш лелош хиларна аьлла, яздира Маршо Радионо. Москохарчу бакъонашларъяран "Мемориал" центрехь дахначу кхааридийнахь  "2012 - 2018-чу а шерашкахь дешан маршо луьра... Читать дальше...



Iамеркан мозгIар маьршаваьккхина туркойн Iедалша

Radiomarsho.com 

Iамеркахойн мозгIар Брансон Эндрю лаьцначуьра маьршавоккхуш сацамбира Туркойчоьнан кхелахоша пIераскандийнахь. И гIуллакх бахьана долуш Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа туркойн чоьхьарчу гIуллакхийн, юридикан министраллашна дуьхьал санкцеш яьхнера. БрансонгIеран доьзалан адвокато "Рейтер" агенталле хаамбарехь, мозгIар Iамерке боьдучу новкъаваьлла хIинцале а. 1,5 шо гергга набахтехь хан текхира Брансона, цул тIаьхьа масийтта баттахь цIера дIасавала дихкина латтийра иза. 2016-чу шарахь Туркойчохь карчам бан гIоьртинчаьрца хилла ву аьлла... Читать дальше...

7 эзар сов гектар латта кхаьчна ГIалгIайчоьнна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнца хиллачу бертаца а догIуш, 7 эзар сов гектар латта кхаьчна ГIалгIайчоьнна. Шина республикана юкъара доза къастийна Фортанга хи тIехула аьлла "Эхо" хьостане гIалгIайн экологин, Iаламан тIаьхьалонийн министро Бабхоев Мохьмада. Цул совнах, федералан "Эрзи" йихкина меттиг а ГIалгIайчоьнна юьссу аьлла, тIетоьхна цо. Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана дозанаш къастош бертан куьйгашяздарна дуьхьалбевллачу гIалгIаша республикан коьртачу шахьарахь Магасехь ши кIира хан ю дуьхьалонан акцеш латто. Читать дальше...

ДаIишхойх дIакхеттачу гIалгIайн зудчунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна

Radiomarsho.com 

Шемарчу даIишхошна гIо латтийна аьлла, бехкейо ГIалгIайчуьра 35 шо долу жима зуда. Талламчийн версица, 2015-чу шеран аьхка дуьйнна Шемахь ю иза, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн декъехь. "ДаIишхойн могIаршкахь йолчу цо лоьрийн гIо латтадо гIаттамхошна, ишта кхача кечбо, бедарш юьтту, теарш до, хIусамашкахь цIано латтайо, ишта герз цIандо", - аьлла бу ГIалгIайчоьнан Талламан комитетан хаамехь. Шен лаамехь даймахка юхаярхьама оцу зудчо цхьа а гIулч ца яьккхина, чIагIдо урхалло. "Террорхойн организацин декъашхо" иза хиларца... Читать дальше...

Хасаевн хьокъехь Москох митинг хIоттош яц

Radiomarsho.com 

Екатеринбурехь Эрмалойчоьнан вахархо Арутюнян Ашот вийна аьлла, чохь латто 37 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла Хасаев Мовсар бехке цахилар дIахаийта шоьтадийнахь Москох хIоттор ю аьлла митинг, хир яц аьлла, хаамбо „URA.RU“ хьостано. 2011-чу шарахь стаг вийна цо бохуш, Екатеринбургерчу талламчашна Хасаев киллер хета. "ПIераскан сарахь Кадыровн векалш зIене бевллера тхоьца, - дийцина хьостане Мовсаран вашас Хасаев Шемала. – Тхуна цхьацца некъаш хьехна, уьш ца лардича ца довлу тхо. Оцу митингца дуьненна а дIакхайкхо лаьара тхуна... Читать дальше...

Мамаев а, Кокорин а "Ахмат" клубе эца дагахь ву Кадыров

Radiomarsho.com 

Юхахьара лелла аьлла, хьалхо лаьцна Кокорин Александр а, Мамаев Павел а Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" клубе эца кийча ву ша аьлла мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Церан бехктакхаман гIуллакх мухха дерзахь а, футболхошна ша гIо дийр дуй дIа а хоуьйтуш. "Дала ца дезарг далийтина цушиммо шаьшшингара, амма цу тIехь дуьне саца дезаш ма дац", - аьлла Кадыровс. Цул совнах, "набахтено" нисвийр вац и шиъ. Карладоккху, kp.ru сайтан хаамашца, кху беттан 8-чохь Москох шозза летта ши спортхо: цкъа 1-чу каналан белхахочунна йиттина... Читать дальше...

Кадыровс бартбина Тиматин а, Хьабибан а

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана берта вахийтина рэпер Тимати а, латархо Нурмагомедов Хьабиб а. Коьртаниг – вовшах кхеташ хилар ду аьлла Кадыровс. "Хьабиб а , Тимур а суна сайн вежарий хета. Цаьрца къамелаш дечу хенахь, цхьа доккха хазахетар хуьлу суна, тхо вовшах кхеташ хиларна", - аьлла мехкан куьйгалхочо. Мел гоьваьллачу артистан а иллеш цо концерт лучу регионан менталитете хьаьжжина хила деза аьлла Кадыровс. "Хьабибах дерг аьлча, Тимуран сий дайа ца гIиртина иза социалан машанашкахь гIараевллачу посташкахь. Читать дальше...

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net