Украино дIавеллачу Тумгоевна йиттина Оьрсийчохь
Украинин прокуратуро Оьрсийчоьне дIавеллачу гIалгIачунна Тумгоев Тимурана йиттина талламан изоляторе дIакхачош. И бахьана долуш жима стаг цхьадолчу декъана хилларг дага ца догIучу хьоле вьккхина. Цунах лаьцна хаам бина Кавказ.Реалиино, Швецерчу "Vayfond" гIо-накъасталлин юкъараллан белхахочунна тIе а тевжаш. Цо дийцарехь, Тумгоевн гергарчу стага телефонехула къамел дина цуьнца, Патигорскерчу номер 2 йолчу талламан изоляторехь иза волуш. Цигара дIа Бури-гIала дIавигинчух тера ду Тумгоев. Гарехь... Читать дальше...