123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Новости за 05.10.2018

200 шо кхаьчна Соьлж-ГIала йиллина

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIала йиллина 200 шо кхачар даздеш ду Нохчийчохь. Цунна хьажийна цхьамогIа мероприятеш хилла Соьлж-ГIалахь а, республикерчу кхечу гIаланашкахь а, ярташкахь а. Соьлж-ГIалин де дазда республике баьхкина бу Оьрсийчуьра а, махкал арахьара а хьеший.

Цхьана хеннахь 200 керла доьзал кхоьллина Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIала йиллина 200 шо кхачар даздеш цхьана хеннахь 200 керла доьзал кхоьллина Нохчийчохь.  И доккха ловзар хилла Соьлж-ГIаларчу Зезагийн паркехь, хаам бо "Чечня сегодня" сайто. Цигахь дIахIиттийна яра даарш тIехь долу стоьлаш. Оьшуш йолу церемони дIайирзинчул тIаьхьа ловзар хилира, локхуш подар а, тухуш вата а йолуш, халхар деш хьеший а болуш.



"Школе балха вогIучунна – бераш деза деза"

Radiomarsho.com 

Школехь болх атта бацахь а, алапа лахара делахь а, кIезиг бац царлахь шаьш къастийначу некъах бакхийбийраш. Царех цхьаь билгалвелира Маршо Радиона Хьехархочун Дийнахь.

Нохчийчохь некъахьовзамехь йийна 40 шаре яьлла зуда

Radiomarsho.com 

Бохам хилла Соьлж-ГIалара Горагорске боьдучу некъа тIехь. Жимачу машенна урхалла деш хиллачу стага гIалат а далийтина некъахяьлла 5 адам чохь долу машен. Иза тIекъелялар бахьана долуш йийна 44 шо долу зуда. Кхин а цхьа зуда а, кхиъна йогIу ши йоI а, ша машенлелорхо а дIакхачийна Соьлж-ГIаларчу клинике.

Евкуровн хьехамча: Iаткъам ловш бу гIалгIайн депутаташ

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан Халкъан гуламан депутаташна беш Iаткъам бу Нохчийчоьнца административан доза хIоттош барт барца боьзна. Цунах лаьцна дIахьедар дина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан гIоьнчо Перехрист Артема, хаам бо РИА Новости агенталло. Магасера митинг вовшахтоьхначу наха доьхург ду депутаташ шайна тIе бахкар. "Депутаташна Iаткъам бора цара кхаж тасале кIира хьалха дуьйна. Оьшшучул ахча лора депутаташа шайн декхарш охьадахкахь, доьзалшкахула уьш кхеро гIертара, гергарчаьргахула. ХIинца а бу царна Iаткъам беш... Читать дальше...

МиГ-29 чудеана Коломнехь

Radiomarsho.com 

МиГ-29 тIеман кема чудеана Подмосковьерчу Коломнехь. Пилоташ чулилхина кIелхьарбевлла. Кема охьадоьжна Дмитровское эвлана гергарчу хьунхахь. Иза чударан бахьана хууш дац. Иза къасто леррина комисси кхоьллина Iедалша.



Сенцовс мацалла хьегар сацийна – ФСИН

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Федералан таIзарш кхочуш даран сервисан директоран когаметто Максименко Валерийс дIахьедар дина, Украинерчу режиссеро Сенцов Олега мацалла хьегар сацийна аьлла. Сенцов хIума ца кхоллуш сецира Стигалкъекъа-беттан 14-чу дийнахь. Цо доьхург дара Украинера политикан тутмакхаш Оьрсийчуьрчу набахташкара дIахецар. Сенцов эххаре а бертавалийра шайн лоьраша аьлла, хаам бина "Интерфаксе" Максименкос.

Москох пикет дIаяьхьна Хасаевн гергарчара

Radiomarsho.com 

Екатеринбургехь стаг вийна аьлла, бехке веш волчу Хасаев Мовсаран гергарчара пикет дIаяьхьна Москох федералан талламан комитетана хьалха. Цара чIагIдарехь, Хасаевна дуьхьал кхоьллина бехктакхаман гIуллакх бух боцуш ду. И бахьана долуш Хасаевн гIуллакх таллар Москохарчу коьртачу апппарате дIадалар доьху акцин декъашхоша. Кху шеран Дечкен-баттахь, Устрада-гIала а баьхкина, меттигерчу ОБОП-н белхахошца цхьаьна лаьцна дIавигина Хасаев Мовсар. Цуьнан гергарчара а, беза-бевзачара а чагIдо, и жима стаг цкъа а Екатеринбургехь хилла вац бохуш.

Шен хIуьнарех шеко ерш Къилбаседа Кавказе кхайкхина Росгвардин хьаькамо

Radiomarsho.com 

Росгвардин куьйгалхочо Золотов Виктора официалан дIахьедар дина Москох ЦIен майданахь эккхийтар дан дагахь хилла стаг ша дIалацар хьокъехь. Ша иза дина бохучух шеко йолу нах Къилбаседа Кавказе кхайкхийна цо. Кхаарин дийнахь Москох полицино лаьцнера 41 шо долу Приморьера вахархо Шалай Дмитрий. И таг ЦIечу майдана вала гIоьртинера шен машенахь, амма полицино ша сацийча кхерамаш теснера цо, шен машена чохь йолу газан баллон оьккхуьйтур ю ша аьлла. Зорбанан гIирсаша яздарехь, цу стага доьхург дара... Читать дальше...

Магасехь дIайоьдуш ю дуьхьалонан акци

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь дIайоьдуш ю Нохчийчоьнца латтанаш хийцарна дуьхьал хьажийна акци, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Иттаннаш бахархоша Магасехь буьйса яьккхина республикан парламентана хьалха. Меттигерчу бахархоша кхача а, йовха хIуманаш а еана цу нахана. Еарин сарахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека кхайкхам бира акцин декъашхоша, майдане баьхкина баккхийн нах а, бераш эций, дIасадовла аьлла. Хьалхо дуьхьалонан акци сацаяхьара аьлла, кхайкхам бинера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Боксёр Мейвезер веана Соьлж-ГIала

Radiomarsho.com 

Вевзаш волу Iамеркан боксёрр, 12-за дуьненан чемпион, Мейвезер Флойд веана Нохчийчу. Соьлж-ГIаларчу аэропортера вевзаш волу спортхо вахара Соьлж-ГIалин юккъе. Цунах лаьцна хаам бина республикан куьйгахочо Кадыров Рамзана. Цо дийцарехь, Мейвезер дуьххьара вогIуш вац Нохчийчу. РогIера иза Соьлж-ГIала кхачар дозна ду и гIала йиллина 20 шо кхачар даздарца.

Спорт в России и мире
Москва

Отставка Кудашова и уход Гусева и Уила: кого «Динамо» рискует потерять после вылета из Кубка Гагарина


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Россиянка покинула WTA-1000 из-за проблем со здоровьем


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Выпуск ЦФА на платформе «Атомайз» поможет снизить нагрузку на экологию





Путин в России и мире
Москва

Путин уточнил у Беглова причины снижения популярности Петербурга у туристов


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Киев признал стагнацию ВСУ по всей линии фронта


Навальный в России и мире
Москва

Силовики задержали за сутки пятерых журналистов, часть проходит по делу об «участии в работе ФБК», одного жестоко избили при задержании



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Танец

Ансамбль из Лобни победил на Всероссийском конкурсе «Танец. Мысль. Время»



Москва

На Дону и в других регионах России задержали больше 130 подпольных оружейников

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net