Пачхьалкхан цIе хийцина Македонин парламенто
Македонин парламенто гIортор йина цу пачхьалкхан цIе хийцарна. ХIинца иза хир ю Къилбаседа Македони. Маршо Радион Македонин сервисо бинчу хаамца, цу низаман проектана кхаж тосуш 120 депутатах дуьхьал хилла 39 парламентари. ХIинца и низаман проект тIечIагIъян дIахьажийна пачхьалкхан цIе хийцарна дуьхьал волчу цу мехкан президенте Иванов Гёрге. Югослави йоьхначул тIаьхьа Македонех йозуш йоцу пачхьалкх хилира 1991-чу шарахь. Цу хенахь дуьйна къийсам дIахьош ю иза, Македони аьлла цу пачхьалкхан цIе хиларна дуьхьал йолчу Грецица. Читать дальше...