123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Новости за 09.10.2018

Лоьрийн ледарлонна зуда елла Соьлжа-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Дарбан цIийнехь операци йинчул тIаьхьа 51 шо долу зуда ялар талламе даьккхина Соьлжа-ГIалахь. Талламчийн хьесапашца, Товбеца-баттахь гIалин дарбан хIусаме еанера и зуда, букъехь лазарш лаьтта шен аьлла. Лоьрийн таллам бинчул тIаьхьа къаьстина, цуьнан диабет а, лаккхара цIийн таIам хилар а. Эндокринологца дага а ца бовлуш, цIийн а, рентгенан а анализашка а ца хьовсуш, букъдаьIахк этIийна хилла лоьраша зудчун. Цул тIаьхьа вуон хилла лазархо масех сахьт даьллачул тIаьхьа елла. Бехкенаш къестош, талламчаша листа долийна гIуллакх... Читать дальше...

Нохчийчу инвестицеш хьажо реза бац Рязанан бахархой

Radiomarsho.com 

Инвестицешца Нохчийчу кхача тарло регионера бизнес аьллачу Рязанан кIоштан губернаторан Любимов Николайн дIахьедар критике даьккхина меттигерчу бахархоша. Социалан машанашкахь эргIадбахначу бахархоша комментареш йитина: "Рязанан инвестицеш? Нохчийчу?", "Рязань серлаяккха ца лаьа Любимовна? Суьранна ялх даьллачул тIахьа са а ца гуш вуьссу", бохуш. Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна хIоттийначу барамахь дIакхайкхийнера Рязанан кIоштан губернаторо Любимов Николайс, Нохчийчу инвестицеш хьажо ша кийча хиларх.



Дагестанехь дIалаьцна байинчу вежарийн ГасангусейновгIеран да

Radiomarsho.com 

"Кавказ.Реалии" портало хаамбарехь, вийначу ГасангусейновгIеран шина вешин да Гасангусейнов Муртазали дIалаьцнера ХIинжа-ГIалахь. Шахьаран коьртачу майданахь пикет дIаяхьа дагахь хиллера иза.Тахана цу акци валаран бахьана дара, республике Росгвардин куьйгалхо Золотов Виктор а, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Колокольцев Владимир а, Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр а, ФСБ-н хьалханча Бортников Александр а бахкарна. "Коьртачу майданахь латта дагахь хиллера иза, цига полисхоша ца витинера Муртазали... Читать дальше...

Шаьш бохург кхочушхиллалц латта дагахь бу гIалгIай

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу Магасехь хьал гIоьртина лаьтта. Шайн мукъа хан мел ерг митинге схьавогIу аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденто. Полисхоша дуьхьало ца йо протестхошна, царех дукхахберш дечу къамелашкахь гуламхошкахьа бу. Протете бевллачаьрца цхьана ламаз до ницкъаллийн структурийн белхахоша, цаьрца хIума а кхоллу. Отелашкахь а, кафешкахь а, пачхьалкхан хьукматашкахь а бен интернет яц. Изза хьал лаьтта Несарахь а. Евкуров Юнус-Бекна а, Кадыров Рамзанна а юкъахь хилла барт бохабаллалц... Читать дальше...

Дакъазбаьлла бен. Чепига, Мишкин, иштта дIа кхиболу а шпионаш

Radiomarsho.com 

Маршо Радио                                                                                                                      (оьрсийн сервис) Шайн коллега лаьттина Скрипаль хIаллакван Солсбери гIала баьхкина хилла Оьрсийчоьнан шпионаш "Боширов" а, "Петров" а, аьлла, Британи даржийна йоллушехь яьккхира талламийн "Беллингкэт" организацино хьалхарчун бакъ цIе – Оьрсийчоьнан тIеман министраллан урхаллерчу (ГРУ) иччархочун Чепига Анатолийн. Ткъа мила ву "Петров" хааза дуьсуш дара юкъараллехь, евзина хIинца оцу иччархочун цIе а. Читать дальше...

ФСБ: Къилбаседа Кавказехь 6 теракт юкъахдаьккхина

Radiomarsho.com 

Къилбаседа-Кавказехь карарчу шарахь 6 теракт юкъахдаьккхина аьлла, дIахьедина ХIинжа-ГIалахь йоьдучу Къоман антитерроран комитетан кхеташонехь ФСБ-н директоро Бортников Александра. "Долчу жамIашца, кечдеш хилла 6 теракт гучудаьлла. ДIалаьцна 63 зуламхо а, церан 142 декъашхо а", - дIахьедина Бортниковс. Цул совнах, билгалъяьккхинчу заманчохь вийна 50 тIемало, шайлахь Нохчийчохь а, Дагестанехь а зуламаш лелийначу гIаттамхойн тобанийн хьалханчаш а болуш.

Нохчийчоьнан омбудсмено арздина Дагестанерчу полисхошна

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу Кизляран кIоштан полисхошна арздина Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис. Мехкан куьйгалхочуьнга Васильев Владимире а, республикан прокуроре а кехат дахьийтина цо. Карладоккху, байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь бакъонашларъярхочуьнга латкъам бинера телефонехула Нохчийчуьрчу зударша. Цара бахарехь, ялх зуда тIехь а йолуш, Москохара йогIу автобус Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанехь латтийнера некъан полисхоша кхаа дийнахь, бусий "Кизляр" постехь. Шайна хоуьйтуш дацара аьлла зударша... Читать дальше...

Нурмагомедовна дисквалификаци ян тарло

Radiomarsho.com 

Ирландин латархочуьнца Макгрегор Конорца хиллачу латарехь толам баьккхинчу Нурмагомедов Хьабибан совгIат дIа ца ло Iамеркан Невада штатан атлетикан комиссино. Латархойн чемпионатан куьйгалхочо Уайт Дэйна бина и хаам, яздо TMZ хьостано. "Хьабибна ахча дIа ца кхачо гIерта уьш. Лахь а, доллу ахча лур дац цунна. Чемпионан доьхка дуьтур ду цуьнгахь, амма дисквалификаци йийр ю, схьахетарехь, 4-6 баттана. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн территори тIехь лата бакъо юьтур яц цунна, я кхечу пачхьалкхашкахь... Читать дальше...

СкрипальгIарна кIелойинчу шолгIачун цIе а Iораяьккхина

Radiomarsho.com 

"Беллингкэт" талламан организацино чIагIдо, Британин Солсбери гIалахь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIна а дIавш даларна шеконашкахь латточу шолгIачун цIе а билгалъяккха аьтто хилла шайн, бохуш. Талламчийн хаамашца, цуьнан бакъйолу цIе ю – Мишкин Александр. Беллингкэто зорбане даьккхина цуьнан паспорт тIера сурт. СкрипальгIарна "Новичок" дIавшца пайда а оьцуш, кIелойинарш, Зазадоккхучу-баттахь Британи веана хилла ГРУ-н ши белхахо "Петров Александр" а, "Боширов Руслан" а хилла бохуш, чIагIдо Британин полицино. Читать дальше...

Магасерчу гуламехь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь шолгIа кIира ду Нохчийчоьнца официалехь хIоттийначу дозанна реза боцчу наха протест айина. Магасера гуламхой реза бац Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а куьйгаш яздинчул тIаьхьа дозанах долу документ тIечIагIдинчу парламентна а, мехкан кхиболчу куьйгалхошна а. Кремле гIуллакх таллар а, листар а доьху жигархоша. Евкуровс бакъо елла барам кху беттан 15-гIа де тIекхаччалц латто.

Путин винчу денца декъалвинарш кхеле озийна Петарбухахь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир винчу дийнахь Восстанин урамехь "набахтехь йоккхийла ахь ехха хан" аьлла, баннер даржийна оппозицин жигархой лецна Петарбухарчу Дзержинскан кIоштан кхело. Граф Андрей 15 дийнахь-бусий чохь латтор ву, Иванчо Влад а, Рубцов Иван а 10 дийнахь. Лаьцначех 4-гIа Уткина Светлана юьссу Петарбухарчу полисхойн 78-чу декъехь. Прокуроран пурба доцуш административан жоьпалла цунна тIе дожадойла яц, хIунда аьлча, харжаман комиссин декъашхо иза хиларна. "Медиазона" хьостан хаамашца... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

В хоккейном ЦСКА сменился главный тренер


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
ATP

Хачанов: хочу вернуться в топ-10 ATP


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о результатах проекта «Чистая страна»





Путин в России и мире
Москва

Тема дня: Путин поручил комиссии по НТР представить перечень приоритетных направлений


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Киев признал стагнацию ВСУ по всей линии фронта


Навальный в России и мире
Москва

«С какой целью вы пришли почтить память? Он вам родственник?» В Москве осудили девушку, которая пришла возложить цветы в память о Навальном



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Тимати

Рэпер Тимати: целостность России расколоть не удастся никогда и никому



Москва

Нитка в животе. Гену из сериала «СашаТаня» экстренно прооперировали

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net